Зазадоккхуш, бекалахь, нохчийн мотт!

Ненан мотт, цуьнан хазалла йийца атта дац. ХIора а халкъо шен-шен мотт буьйцу. Халкъашна меттанаш делларг Веза-Воккха Дела ву. Шен доьзалехь а ненан мотт буьйцуш, меттан хазна хилча дагна там хуьлу. Шатайпа, исбаьхьчу Iаламо кхелина, хаза мохк бу Нохчийчоь. Майралла, стогалла, доьналла, яхь, гIиллакх – уьш ю нохчичун башхаллаш. Уьш йовза а, йовзийта а Дала вайна делла Iаламат мехала ниIмат – мотт. Дуьненахь гIарабевллачу яздархоша а, Iилманчаша а хестийна нохчийн мотт. Иза безаш а, буьйцуш а хилла гоьваьлла Iилманча Услар Петр. Оьрсийн классика Л.Толстойс а ладегIна цуьнга.

Дюма Александра лаа аьлла дац нохчех «Кавказера французаш». Нохчийн къоман оьздангаллин, гIиллакхийн, кхийолчу а дикачу башхаллийн хадийна мах бу иза. Паччахьан хенахь вайн халкъ боданехь даллийна. Йоза-мотт хууш берш дукха а ца хилла. Нохчийн шайн йоза-дешар башха хила а ца хилла. Халкъ серлоне даккхар-м хьехош а ца хилла. Башха даладелла хьал ца хилла Советийн Iедал тIедогIуш. Мел дийцарх а Советийн Iедал тIедеанчул тIаьхьа Нохчийчохь кхиадоладелира нохчийн йоза а, мотт а, цуьнца цхьаьна литература а, зорба а. Оцу декъехь доккха дукъ, беза мохь шена тIе а эцна схьадеана нохчийн дуьххьарлера «Серло», «Ленинан некъ» (хIинца – «Даймохк») газет.

Ас журналистикин болх дIаболийна Теркан кIоштарчу «Коммунизман некъ» (хIинца «Теркйист») газетехь 1972-чу шеран кхолламан (январь) беттан 13-чу дийнахь. КIиранах кхузза арадолучу оцу газетехь 1–2 материал нохчийн маттахь зорбатухура. Газет деккъа оьрсийн маттахь бен ара ца долуш меттигаш а нислора. Иза доьзна дара КIоштан партин райкоман хьалхара секретараш даима а оьрсийн къомах хиларх. Нохчийн маттахь язъешверг, хIетахь, оцу газетехь, со бен вацара. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан къоман отделенехь ас дешна хилар дара цуьнан бахьана. «Ленинан некъ» газетаца сан доттагIалла тасаделира 1973-чу шарахь. Оцу шарахь бевзира суна нохчийн меттан доккха зеделларг, похIма долу корматаллин журналисташ: Мехтиев Зиявди, Ошаев Махьмуд, Гугаев Салавди, Магомаев Салавди, поэташ Кусаев Iадиз, Шайхиев Iалвади.

Ас редакце кхоьхьу материалаш дукхахъерш Салавдига кхочура. ЦIечу шекъанца нисйой хуьлура уьш, амма, зорбатохаза ца юьсура. ТIаьхьуо, «Орга» журнал арахеца долийра, амма, сан доттагIалла, уьйр-марзо «Ленинан некъ» газетаца яра. Нохчийн матте сан безам кхоьллинарш бу школехь суна нохчийн мотт хьехна волу Эдин Iусманан Топалу, Эдин ГIайрбекан Ахьмад, цул тIаьхьа институтехь мотт хьехна волу Эсхаджиев Якъуб, Вагапов Якъуб, Сулаев Мовлид, Алероев ИбрахIим. 2 эзар гергга книга йолуш, библиотека яра сан, амма цIаро хIусамех, бахамах ваьккхира. Ас даима а тидамехь латтайо нохчийн маттахь арахецна произведенеш. Нохчийн маттахь йолчу кхолларалло бакъболу безам кхуллу шен халкъе, Даймахке, карлайоккху дIаяхна зама. Къаьсттина дукхаеза суна Ошаев Халидан, Хамидов Iабдуллин, Окуев Шимин, Айсханов Шамсуддин, Дадашев Iабдуллин, Мамакаев Мохьмадан, Мамакаев Iаьрбин, Сулейманов Ахьмадан, шайн мехалла цкъа а йовр йоцу, произведенеш.

Тахана нохчийн матто, вайн республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тергонца шена хьакъ йоллу баьрччера меттиг дIалаьцна. Воккхавевеш ду «Даймохк» газет дезаш тIеоьцуш, нохчийн хIусамашка кхочуш хилар. Ала дашна а доцуш, бакъйолу уьйр-марзо ю сан «Даймохкаца». Цо доккха гIо до нохчийн меттан хазна кIорггера йовзийтарехь, мотт нийса бийца Iаморехь. Леррина йоьшу ас газетан зеделлачу журналисташа: Дадаев Сайд-Хьасана, Аболханов Хьаькима, Саралиева Табарка, Газиева Азас, Эльдерханова Зайнапа язъен материалаш. Суна тахана даггара декъалван лаьа нохчийн меттан говзалла лакхайоккхуш, цунна гIаролехь лаьтташ мел верг. Кхиамаш, аьтто, ондда могашалла, доьзалехь даима а ийман а, беркат а лаьттийла шун!

Х.ЖАПАРОВ,

Россин Федерацин Журналистийн союзан декъашхо

№34, оршот, хIутосург (май) беттан 1-ра де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: