Тхан рузма

ХIутосург беттан 1-ра де, 1938-гIа шо. Йоккхачу АтагIахь вина Татаев Илес, кинорежиссер, скульптор, Россин Федерацин искусствийн хьакъволу гIуллакххо, Россин Федерацин халкъан художник. 1944-чу шарахь дерриге а халкъаца цхьаьна Казахстане кхалхийна кхеран доьзал. Цигахь чекхдевлла бераллин а, кхиаран а шераш. Даймахка цIадирзинчул тIаьхьа, 1958-чу шарахь, чекхйоккху юккъера школа. Оццу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультете деша воьду.

1968-чу шарахь Москвахь тIехдика дешарца чекхйоху кинорежиссерийн Лаккхара курсаш. 30 шарахь гергга кинорежиссеран болх бо Илеса. Нохчийн киноискусство кхиорна юкъа йиллина йоккха хазна ю И.Татаевн документальни а, исбаьхьаллин а фильмаш: «Лаьмнийн новелла», «Даймохк», «Къаной», «Илли», «Лаьмнийн аз», «Хелхар – сан дахар», «Вайнах», иштта кхин а. Ерриге а 30 сов кинофильман автор ву иза. Ма-дарра аьлча, нохчашлахь дуьххьарлера корматалле кинорежиссер ву И.Татаев. ТIаьхьарчу шерашкахь гучудаьлла Илес похIме скульптор а хилар. Хьовсархоша а, говзанчаша а лаккхара мах хадийна цо йинчу скульптурийн («Новелла», «Бахан музыка», «Планетин радар», «Тасадалар», «ИссалгIа тIулгIе», «Безаман алу», «Планета Латта»).

Цуьнан скульптурийн гайтамаш хилла Россин Пачхьалкхан Думехь, Москван тоьллачу залашкахь. Тахана а оцу декъехь жигара къахьоьгуш ву Татаев Илес.

ХIутосург беттан 1-ра де, 1922-гIа шо. Хьалха-Мартан кIоштарчу Олхазар-КIотарахь вина Сулейманов Ахьмад, Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан поэт. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Дуккха а шерашкахь хьехархочун, школин куьйгалхочун белхаш бина, Яздархойн союзан исбаьхьаллин литературина пропаганда яран бюрон куьйгалхо лаьттина.

Шен кхоллараллин болх А.Сулеймановс 30-чу шерийн чаккхенехь болийра. «Безаммий, шаьлтий» цIе йолу стихийн хьалхара гулар араяьлла 1967-чу шарахь. ХIетахь дуьйна шуьйра йовза йолало поэтан цIе. Ешархоша а, критикаша а лаккхара мах хадийра поэтан цул тIаьхьа арайийлинчу «Дог дохден цIе», «Лаьмнийн шовданаш», «Лаьмнийн мукъамаш», «Даймехкан некъаш» цIерш йолчу стихийн гуларийн. «Цхьа-ши дош» книга язъярна Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан совгIатан лауреат а хилира Сулейманов Ахьмадах. Ахьмадан дуккха а байташ иллешка, эшаршка йирзина, халкъана шуьйра евзаш а, езаш а ю.

Йоккха лар йитина А.Сулеймановс Iилманехь а: цо вайнехан исторехь дуьххьара арахецна «Нохч-ГIалгIайчоьнан топоними». Иза вевза дика гочдархо санна а. А.Пушкинан, М.Лермонтовн, М.Джалилан, дуккха а кхечу поэтийн стихаш нохчийн матте гочйина цо.

Поэтан кхалхар хилла 1995-чу шарахь.

ХIутосург беттан 2-гIа де, 1941-гIа шо. Веданан кIоштан ДаьргIа юьртахь вина Умаров Мохьади, биологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик.

1965-чу шарахь чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан естественно-географически факультет. Оццу шарахь институтан ботаникин кафедрехь ассистент волуш дIаболабо Iилманан-хьехархочун болх. 1973-чу шарахь Ленинградерчу хьуьнан-технически академехь кхиамца чIагIйо биологин Iилманийн кандидатан диссертаци. 1992-чу шарахь биологин Iилманийн доктор хуьлу.

Iилманан 150 сов белхан автор ву (статьяш, методикин пособеш). Россин а, СНГ-н а гIаланашкахь дIаяьхьначу тайп-тайпанчу Iилманан конференцешкахь ша а, соавторшца цхьаьна а 90 сов доклад йина цо.

Шен Iилманан новкъахь уггаре а боккха кхиам а, дагна хьаам беш дерг а лору Умаров Мохьадис 2007-чу шарахь араяьлла «Нохчийн Республикин ЦIен книга». Оцу книгин жоьпаллин редактор а, «Ораматаш» декъан хIотторхо а ву иза.

Тайп-тайпанчу Iаламан хьелашкахь ораматаш кхиоран башхаллаш талларна леринчу М.Умаровн Iилманан белхех шуьйра пайдаоьцу хьаннаш, яккхийчу шахьаршкахь соьналла кхиорехь, Iалам лардарехь.

ХIутосург беттан 5-гIа де, 1942-гIа шо. Сиржа-Эвлахь вина Омаев Дагун, актер, Россин Федерацин хьакъволу артист. 1962-чу шарахь веара Омаев Дагун театре. Тахана хала ду нохчийн театран сурт оцу башхачу актеран цIарах къастийна хIотто. Иштта хала хир дара Дагунан шен дахар а театраца доцуш ган. Хьовсархошна дагахь дисина сцени тIехь Омаев Дагуна кхоьллина васташ: Нурадилов Ханпаша («Лийрбоцурш», I.Хамидов), Бешто («Бешто», С.Бадуев), Леонардо («ЦIий Iанийна ловзар», Г.Лорка), Хьасан-Хьаьжа («БIешерийн бодашкара», И.Базоркин, М.Солцаев), БойсагIар («Маршо я Iожалла», М.Солцаев), дуккха а кхин а. Цул сов, Омаев Дагун вевза говза киноартист санна а. «Мосфильм», «Ленфильм», «Узбекфильм», кхечу а киностудешкахь хIиттийначу фильмашкахь дакъалаьцна цо («В черных песках», «В ночь на новолуние», «Каждый третий», «Горская новелла», «Приходи свободным», «Ночевала тучка золотая»).

Нохчийн театран искусство кхиорна юкъайиллина йоккха хазна ю Д.Омаевн кхолларалла.

№34, оршот, хIутосург (май) беттан 1-ра де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: