ТIамах бевдда баьхкинчарна – рогIера гIо

IMG_9219

Чекхбаьллачу беттан 28-чу дийнахь Соьлжа-ГIалара кхачанан сурсатех  йоьттина  кира кхоьхьу масех машен яхара Дона-тIерачу-Ростове. И сурсаташ Украинерчу  тIамах бевддачарна лерина  дара.

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн,  зорбанан, хаамийн  министран заместитела  Ахмадов Хьасана  билгалдаьккхира.

«Вайна массарна а хууш ду Украинехь  долу хьал. Вай дика кхета цуьнан бахархойх. ТIамах бевдда Ростовн областе  баьхкинчу  бахархошна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца дIахьош ду сурсаташца  гIо дар. Цо ма-аллара, вежараллин  терго еш,  накъосталла дан дезаш ду вай».

Хало ловш болчеран гIо лоцуш даьхьнарг 12  тонна дама а, 12 тонна дуга а, иштта 1200 литр маьлхан хIуьнан даьтта а ду.

Билгалдаккха догIу, цу кепара  гIо-накъосталла  Украинера тIамах бевдда баьхкинчарна дуьххьара деш  цахилар. 20-чу июлехь Ростовн областан Новошахтинске  дахьийтира кхачанан сурсаташ, цул тIаьхьа  3-чуй, 19-чуй августехь Симферополь гIала а хьовсийра  кхачанан сурсаташ тIехь  долу  машенаш.

ТIетоха лаьа, гуманитарни гIо лацарехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун цIарах йолчу фондо доккха дакъа лаьцна хилар.

А.АБДУЛАЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: