Нохчийн башха поэт, Iилманча, гочдархо Сулейманов Ахьмад вина 1922-чу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу дийнахь Хьалха-Мартан кIоштарчу Олхазар-КIотарахь. Вайн къоман культурехь (литературехь аьлла дитар кIезиг ду) цхьа шатайпа лекха лакхе ю Сулейманов Ахьмад.
Хала ду иза санначух дийца. Цуьнан адамаллин а, кхоллараллин а буьззина мах хадо дош ца карадо. Кхечу агIор ойла йича, Ахьмад санначух дийца хала а дац. Цхьана дашо хадабо цуьнан мах – иза къонах вара, собар долуш, хьекъал долуш, доьналла долуш. Цо ша ма яздина:
Чинех уггар лакхарчарах
Ду хьуна, кIант, – къонаха!
Оцу чине кхача хьуьнар кхаьчначарах вара иза. Кхин а яздина Ахьмада:
Вала санна, гуттар хала
Къонах хила хьаха ду.
Вала санна, гуттар хала,
Къонах хилла ваха ду.
Амма цуьнан хьуьнар кхечира къонах хилла ваха. Ткъа къонах цкъа а ца хуьлу ша гайта гIерташ, цIе лоьхуш, цIарна вецаш. Цуьнан къилба – нийса вахар:
Даймахкана, вайн халкъана
ЧIагIо хилий хIотталахь.
Вайн дахаран беш сов йоккхуш,
Цхьа-ши синтар догIалахь.
Ахьмада цхьа-ши синтар ца дуьйгIира, дийнна хьун кхиийра шен беркатечу гIуллакхийн.
Хьехархочун болх бира цо. Иза цунна сискал яккхар дацара, иза цуьнан дахар дара. ТIекхуьучу къоначу чкъурана нохчийн мотт Iамор а, дешар марздар а деза, оьшуш хIума хетар дара.
Сулейманов Ахьмада стихаш язйина («Безаммий, шаьлтий», «Дог дохден цIе», «Лаьмнийн шовданаш», «Лаьмнийн мукъамаш», «Даймехкан некъаш», «Цхьа-ши дош» стихийн, поэмийн гуларийн автор вара иза). Ца язйира поэт хила гIерташ-м, газетан я журналан агIон тIехь шен цIе гича цецвийла-м. Шел тIаьхьа богIучарна некъ гайта язйира. Цуьнан поэзи – иза нохчийн гIиллакх-оьздангаллин жайна ду.
«Нохчийчоьнан топоними» язйира Ахьмада. Iилманчин цIе езар дацара иза а. Ша дIаваьлча, вайна, шен доьзалшца, цхьаьнгга а шу ца къийсийта язйира. ХIокху мехкан да мила ву хаийта язйира.
Юьртан а, кIоштан а стаг вацара Ахьмад. Иза мехкан стаг вара, цуьнан дика а, вуо а шен дика-вуо долуш ваьхна стаг вара. Цхьамма а шеконе а ца дуьллуш, къомах къам дечу къонахех вара. Вайх хIорамма а (ша нохчи хетачо) шех, и шен волуш санна‚ дозалла дан хьакъволуш къонах вара.
№34, оршот, хIутосург (май) беттан 1-ра де, 2017 шо