Коррупцин гучудийларшна – дуьхьало
Новр-ГIалин администрацин куьйгалхочун хьалха хилла заместитель цигарчу №2 йолчу юккъерчу школе балха дIаэцнера. Иза гучуделира Невран кIоштан прокуратуро дешаран заведенехь коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран хьокъехь долу закон кхочушдар муха дIахIоттийна толлучу хенахь.
Талламо гайтира учрежденин куьйгалхочо иза балха дIаэцаран хьокъехь цо хьалха болх бинчу метте хаамбина цахилар. Цуьнца доьзна кIоштан прокурора Сербиев Iимрана, РФ-н КоАП-н 19.29 статьяна тIе а доьгIна, шен сацамца гIуллакх долийна административни бакъонаш талхоран хьокъехь.
Кхиэл законан бакъоне йирзина
Шена хуъушехь стаг верна, РФ-н УК-н 105-чу статьян 1-чу декъана тIедоьгIна иза бехке а лерина, Ленински кIоштан суьдо чIогIачу рожан товаран колонехь яккха 9 шо хан тухуш шена йинчу кхиэлана Алханов Сулеймана яздина хилла апелляцин арз къастийра республикин Лакхарчу суьдо.
Хьалхарчу тIегIанан суьдехь гIуллакх толлучу хенахь тидам тIебахийтира 2016-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь Алхановс вахош долу малар мелла волчу хенахь урс диттина стаг вийна хиларна. Амма иза реза вацара шена сел чIогIа таIзар дарна. Сацам хийцар доьхура цо нийсо меттахIотторан Iалашонца.
Нийсо меттахIоттийра. Суьдан кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу прокурорана хетарг хьесапе а эцна, апелляцин тIегIанан суьдо кхиэл ца хуьйцуш йитира. Ткъа апелляцин арз жоп доцуш дисира. Кхиэл законан бакъоне йирзина.
Прокуратура юкъагIортар бахьанехь…
Товарашна, белхашна, хьашташна закупкаш яран декъехь Цхьааллин хаамийн системехь таллам бечу хенахь регионан прокуратурин тидамза ца дисира цу тIехь пачхьалкхан а, муниципальни а заказчикаша законодательство талхийна меттигаш хилар.
Ткъа гIуллакх деш долчу законодательствос билгалдоккху жимачу бизнесан субъекташкара, социальни билггал Iалашо йолчу коммерчески йоцучу организацешкара йиначу закупкийн барамах лаьцна отчеташ хIиттор заказчикашна тIехь хилар а, отчетан шо чекхдаьллачул тIаьхьа богIуш болу оханан (апрель) бутт тIекхачале иштта отчет Цхьааллин хаамийн системехь гайта езаш хилар а. Иза ца дича 50 эзар соьман барамехь гIуда тохарца административни жоьпалла тIе а дужу, РФ-н КоАП-н 7.30 статьян 3-чу декъаца нийса а догIуш.
Таллам бар дIахьочу хенахь оханан (апрель) бутт кхачале и декхар кхочушдаза дийнна цхьамогIа заказчикаш гучубевлира терго латторан органна. Цуьнца доьзна хIокху шеран бекарг (март) беттан 28-чу дийнахь регионан прокуратуро заказчикийн гIуллакхехь волчу 14 белхахочуьнга дIахаийтира закупкийн хьокъехь долу законодательство талхор тардалийта мегарг цахилар.
Цул тIаьхьа дукха хан ялале Цхьааллин хаамийн системехь 2016-чу шарна йолу отчеташ зорба туьйхира.
Зуламашна некъ бихкина
Харц некъаца карадеана ахча доладерзорна, терроризмана ахча латторна дуьхьало яран хьокъехь долчу законодательствон лехамаш муха кхочушбеш бу теллира Нохчийн Республикин прокуратуро.
Тидам тIебохуьйтуш ду цуьнан жамIаш. Билгалдаьлла Россин налогийн федеральни службин вайн регионехь йолчу кIошташна юкъарчу №6 йолчу инспекцехь доза тоьхначу жоьпаллин «Индег-Групп», «Строй-Плаза», «Мега Строй», «Потокстрой», «Интерстрой–88», «Эрна», «Стройпроф», «Ротор», «Олимпстрой–76», «Ультрастрой», «Строй Маркет», «Бизнес Строй–100», «Премиум», «Умар–2016» юкъараллаш 2016-чу шарахь юридически адамаш санна хьесапе эцна хилар.
Биначу талламо гучудаьккхира оцу юкъараллаша финансийн-бахамаллин гIуллакхаш лелийна цахилар. Цул сов, билгалдаьхначу адресашца уьш кара а ца йира. Уьш ехкинарш а, церан куьйгалхой а муьлш бу хууш дацара. Церан расчетни счетех пайда а оьцуш, 1 миллиард соьмал сов долчу ахчанца шеко кхуллуш йолу операцеш йина.
Прокуратуро биначу талламан материалашкахула РФ-н УК-н 173.1 статьян 1-чу декъаца, РФ-н УК-н 173.2 статьян 1-чу декъаца билгалдина зуламаш дарна 16 уголовни гIуллакх долийна. ЦIерш яьхначу цхьана дийнан фирмех пайда а оьцуш харц гIуллакхаш лелор дехкаран Iалашонца уьш дIаяхар доьхуш регионан прокуратуро Соьлжа-ГIаларчу Ленински кIоштан суьде хьажийра административни искан 14 заявлени. Терго латторан органан лехам кхочушбина.
Наркотикех баьлла «пайда»
РФ-н УК-н 228-чу статьян 2-чу декъаца билгалдина зулам дарна (бакъо йоцуш баккхийчу барамашкахь наркотикаш эцар а, Iалашъяр а) бехкевеш волчу Неиев Романан уголовни гIуллакх къастийра Гуьмсан гIалин суьдо.
ГIуллакх толлуш гучуделира 2016-чу шеран хьаьттан (август) баттахь Неиевс Гуьмса гIали йистехь акха кхуьуш болчу кIомалан лакхара гIаш схьа а даьхна, царах 121,62 грамм наркотик каннабис «марихуана» шен цIахь Iалашъеш хилла хилар. Стохка лахьанан (ноябрь) баттахь оперативни-талларан гIуллакхаш дIахьочу хенахь полицин белхахоша Неиев лецира. Цуьнгара схьаяьккхира наркотик.
Пачхьалкхан бехкевархочунна хетарг хьесапе эцарца цхьаьна и дерриге тидаме ийцира суьдо шен сацам тIеоьцучу хенахь. Неиев бехке а лерина, цунна юкъарчу рожан колонехь яккха 3 шо хан туьйхира, паргIатонна 6 баттана доза а тухуш.
Герзо дика болх ца бо
Прокурора дакъа а лоцуш, Хьалха-Мартан гIалин суьдехь къастийна РФ-н УК-н 222-чу статьян 1-чу декъаца билгалдина зулам дарна (бакъо йоцуш герз Iалашдар) бехкевеш волчу Даудаев Шамханан уголовни гIуллакх. Полицин белхахоша цуьнгара схьаяьккхинера Калашниковн автомат а, цунна лерина патармаш а.
Цо динчунна бехке лерира суьдо Даудаев. Цунна таIзар дира колонехь-поселенехь яккха 1 шо хан тохарца.
Экстремизман материалаш яржорах жоп дехна
Экстремизман гIуллакхашна дуьхьало яран хьокъехь долчу федеральни законодательствон лехамаш муха кхочушбо толлучу хенахь Аргун гIалин прокуратурина гучуделира интернетехь социальни «ВКонтакте» сетехь йолчу шен агIон тIехь Шидиев Абузара Муцураевн «Уьш дIабахана» цIе йолу йиш зорбатоьхна хилар. Эшаран текст экстремизман амал йолуш лерина, яржор дихкина йолчу материалийн федеральни спискана юкъаяхийтина а ю.
Иза хьесапе а эцна, РФ-н КоАП-н 20.29 статьяца нийса а догIуш (экстремизман материалаш яржор), гIалин прокурора Тамаев Мохьмада Шидаевна дуьхьал гIуллакх долийна административни бакъонаш талхоран хьокъехь.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ
№34, оршот, хIутосург (май) беттан 1-ра де, 2017 шо