Сулаев Мохьмад, Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан поэт: – Даймехкан шен басахь долу хьоме аматаш и безачунна гучудовлу цуьнан даккхийчу а, кегийчу в гIиллакхашца цхьабосса. Сийна куйнаш тIеоьзна лаьтта ойлане аьрцнаш, кIайн чалбанаш хьерчийна кура башлаьмнаш, берех тера хьаьлхина догIу ламанан шовданаш, церан хи санна, догцIена адамаш!
Ткъа тидам биний аш цкъа а, хин йистехь а, ирзун бацалахь а тхи а лепаш, малхехь лестачу хелиган а! Хеттий шуна иза а хьоме?
Баккхийчарна некъ а битина, хин йисте еана, кIудал юзучу йоIа, тIехволучу стаге дIа а ца хьожуш, мала хин чами я зока кховдош, шуна а тайрий цуьнан эсалалла?
Ткъа, ша сиха хиларх, беречо, цIенош дечарна я кхин хала болх бечарна тIекхаьчча, шен гIуллакх дуьтий, царна гIо дича – гергара хийтирий иза шуна?
Мел доккхаде дог, сиха хьалакхуьу вайн республика, машаран гIарол хилла, мокхазан тарх санна, лаьттачу пачхьалкхан цхьа меже хилар дагадеъча!
Уьш дуьйцуш, царах воккхаверах юьзна ю Сулейманов Ахьмадан поэзи. Цуьнан хIора могIа а бека вайн Даймахке богучу безаман мерзах.
Арсанукаев Шайхи, Нохчийн Республикин халкъан яздархо: – И вевзаш вара. Лоруш вара. Везаш вара. И вевзаш вара, оьзда, нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ, Iадаташ девзаш, догдика адам санна. И лоруш вара, яхь йолу, гIо-накъосталла эшначунна орцахвала, муьлххачу а харцонна, муьлххачу а ницкъбарна дуьхьалвала кийча волу къонах санна. И вевзаш вара, нохчийн къоман шатайпа‚ башха поэт санна.
Дукха агIонаш яра Сулейманов Ахьмадана вайн Дала комаьрша деллачу доккхачу похIмин: Iилманча, фольклорист, суртдиллархо, гочдархо, музыкант, илланча. Оцу сийлахьчу говзаллех цхьаъ а тоьар яра цуьнан цIе вайн халкъан иэсехь йисийта. Амма Сулейманов Ахьмад поэт вара. И поэт вара шен амалца, и поэт вара шен дуьнене хьежарца. И поэт вара адамашка, Iаламе болчу безамах дуьзначу шен тем боцчу деган дагарца.
Сулейманов Ахьмадан поэзи къаьста нохчийн къоман бартакхоллараллин хьу шеца хааяларца, произведенийн чулацаман кIоргаллица‚ мотт цIена а, хьалдолуш а хиларца, исбаьхьаллин васташ къегина хиларца. Ерриге а цуьнан поэзи юьзна ю вайн чолхечу, карзахечу заманан лазамех, адаман дахаран маьIнех, адаман сийлаллех а, цуьнан жоьпаллех а лаьцна йолчу ойланех. Поэта балхабо шен тембоцу деган лаамаш, сатийсамаш. ХIун мехаллаш ю уьш? ХIун ду поэтана коьртаниг? Машарх, моральни-этически проблемех нохчийн оьздачу гIиллакхех‚ ламастех, тешамечу доттагIаллех‚ цIеначу безамах ю Сулейманов Ахьмадан стихаш, поэмаш.
Туркаев Хьасан, филологин Iилманийн доктор, Россин Iилманан хьакъволу гIуллакххо: – Сулейманов Ахьмадана шатайпа гора стеган дахаран Iалашо, Даймахко цунна хьалхахIиттош долу декхарш, стаг шен халкъана хьалха декхарехь хила везаш хилар, шен ойланашца, сица цIена хила везаш хилар. И тайпа волчу стеган васт кхуллу Сулейманов Ахьмада шен дукхах йолчу стихашкахь. Дерриге а адамийн бала кхаьчна, царна шен ирс дIадала, уьш бертахь дахийта, Даймахке болу безам кхин а кIаргбан, цуьнан дуьхьа вала кийча волу лирикин турпалхо валийра Сулейманов Ахьмада нохчийн поэзина юкъа.
Сулейманов Ахьмад санна Iаламан хазалла а, цуьнан амат а, цуьнан бес-бесара суьрташ а девзаш, цаьрга дукха тидаме хьежна поэт вацара нохчийн литературехь. Лаьмнашкахь ван а вина, Iаламна юккъехь кхиа а кхиъна, ткъа воккха хилча ша «Нохчийчоьнан топоними» тIехь болх беш, гIаш ерриге а Нохчийчоь толлуш, де-буьйса ца лоруш, волавелла а лелла, хIора ломан, Iаннийн, меттигийн, тайпанийн цIерш дIа а язйина стаг вара Сулейманов Ахьмад. Цунна санна стеган дахарехь нохчийн гIиллакх-оьздангаллин маьIна дика хууш а хир вацара мил-милла а стаг. Доцца дийцича, Сулейманов Ахьмадан кхолларалла шуьйра а, кIорга а ю. Вайн литературоведенехь, халахетарца ала деза, цуьнан кхолларалла, кхечу дукхах болчу яздархойн кхолларалла санна, кхоччуш мах хадоза ю. Сулейманов Ахьмад, похIме поэт хиларал сов, илланча а вара. Иллешна дешнаш‚ мукъамаш ша язбора цо. Воккха Iилманча а вара иза. Цо масийтта шарахь, аьлла ма-хиллара, Нохчийн Республикехь дуьххьара гулйира, зорба а туьйхира «Нохчийчоьнан топоними» Iилманан балхана. Кхечу меттигашкахь и тайна болх язбеш Iилманчийн йоккха тоба хуьлура.
Арсанукаев Iабдулла, литературовед: – Нохчашлахь стеган дош цIена хила дезаш хилла, шеца хIилла доцуш, хьарамло йоцуш, инкарло йоцуш. Стаге болу лерам а хилла цуьнан дош шалхе йоцуш хиларе, цIена хиларе хьаьжжина. Поэта а иштта лору дош:
Дош-м дац дош доцург,
ГIуллакх-м дац цIена доцург!
ЦIаро-м деши а лаладо.
Дашо-м дегнаш а лаладо.
Деши а дош дац, цIена дацахь…
Дош а деши дац, цIена дацахь…
(«ЦIен книга» я «Iеса поэма»)
Сулейманов Ахьмадан поэзин чулацамехь нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллин мехаллаш ю. Уьш кхайкхош, уьш чIагIъяре хьажийна ю цуьнан тоьлла произведенеш. Оцу къоман гIиллакх-оьздангаллин лаккхарчу тIегIане кхойкху поэт. Нохчийн халкъан педагогикехь, философехь «къонах» боху кхетам бу стаг шен халкъана, махкана хьанал хилар, пайдехь хилар, лаккхара гIиллакх-оьздангалла йолуш иза хилар билгалдоккхуш. Поэта ойла йо оцу кхетаман, цуьнан маьIна дан хьожу иза:
«Къонаха мила ву? И меллалц веха?»
– Хаьттира ахь соьга, шуьнехь Iаш вай.
– Дерриг а дуьне ду къонахчун меха!
ХIара дуьне-м къонахийн белшаш тIехь дай!
Къоман культурин, нохчийн литературин мехала цхьа дакъа ду Сулейманов Ахьмадан кхолларалла!
Бексултанов Муса, яздархо: – Сулейманов Ахьмад нохчийн къоман хьалха-хьалха дуьйна хиллачу шен дикачу къонахех къонаха ву къоман а, мехкан а, Адин Сурхо а, Зайтан Шихмирза а, Лечин Iалха а, Бахьадаран Муьстарг а, Эвтархойн Ахьмад а, Харачойн Зелимха а, Ахьматханан Ича а, Ошаев Халид а, Мамакаев Мохьмад а, Айдамиров Абузар а санна, оцу къонахийн меха хIара къам хила гIоьртичхьана – къам доцуш, къонаха а ца хуьлу, къонаха воцуш къам а ца хуьлу.
Суна бевзинчу дикачу къонахех дика къонаха Халид а вара, Ахьмад а вара, Абузар а вара.
Цу кхаа къонахчо диначул шен къомана дика гIуллакх дина цIерш кIезиг ю кху махкахь: Халида, Советийн Iедало къайлах латтийна Брест-гIопан нохчийн турпалхой белира вайна, Ахьмада, бовш лаьтта вайн мохк бовзийтира вайна, Абузара, маршонан дуьхьа, гай юха а оьзна, шайн синойх сагIа деш, Делан эхарте бирзина майра кIентий а белира вайна.
Дуьне ца лоьруш, яхь, сий, маршой лийринчу къонахийн цIераш ехийла-кх кху махкахь, гуйна тIе жIаьлеш санна, яхь, эхь дайна, рицкъанах букълучу нехан кошан кхаж а ца болуш. Ахьмад хьалхарчех вара, дикачех дика къонаха.
Ахмадов Муса, Нохчийн Республикин халкъан яздархо: – Сулейманов Ахьмадан поэзех лаьцна къамел деш уггаре а хьалха цхьа-ши хIума билгалдийр дара ас. Ахьмадан дерриге а дахар а дара поэзи. Иза йозанашкахь цхьаъ, дахарехь кхин вацара. Цуьнан вистхилар, когбаккхар, школехь болх бар, хьаша тIеэцар‚ ша хьошалгIа вахар… – дерриге а шатайпанчу синъайаман хьолехь дара. Цуьнан Iилманан белхаш а бара поэзин Iаткъам болуш. Нах вовшахкхеттачохь Ахьмада барта йийцинчу поэзин бIолгIа дакъа а дац цо шен гуларшкахь арахецнарг. Сулейманов Ахьмад тобанца, тулгIенца веана вацара вайн литературе. Иза нохчийн поэзин ши тулгIе: хьалхарниг 30-чу шерашкахь кхоллаелларг (М.Мамакаев, М.-С.Гадаев, I.Мамакаев…)‚ шолгIа 70-чу шерашкахь кхоллаелларг (Ш.Арсанукаев‚ М.Дикаев, Ш.Окуев М.Кибиев‚ С.Гацаев…) вовшашца юзуш, цу шинна юккъехь вара. А.Сулеимановн кхолларалла дийнна цхьа мур бара вайн поэзехь. Оцу шина а тулгIенан башхаллаш хаалора цуьнан стихашкахь а, поэмашкахь а: хьалхарчийн маьIнийн агIо кIорга а, халкъан поэзица зIе а хилар; шолгIачийн – синхаамийн шовкъ а, вастийн тайп-тайпаналла а. Ахьмадан стихийн масех коьрта тема билгалъяккха тарло: Даймахке безам, Iаламан исбаьхьалла, къонахчун декхарш, нохчийн оьзда гIиллакхаш, йоIе (зудчуьнга) болу безам.
Сулейманов Ахьмадан дахар шен махкана, халкъана хьанал къахьегаран масал дара. Иза вайн къоман кIант а, оьздангаллин хехо а вара. Шен, шен доьзалан гIуллакхаш тIаьхьа а теттина, цо хьалхадехира вайн мехкан, халкъан юкъара гIуллакхаш. Уьш кхочушдарехь цо даима а къонахалла а, хьекъал а гойтура. Шераш дIаэхарх заманна къера ца хуьлуш, къоначу шовкъаца дахаран керл-керлачу анайистошка кхочуш, керл-керла кхоллараллин лакхенаш йохуш схьавеара иза, Амма заманца болу къийсам стаг тулуш ца боьрзу. И ца делла вайна… Дала Шен дуьхьа лорийла Ахьмада хьегна къа.
Сумбулатов Дени, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист: – Ахьмад санна къонахий бу цо шен «Шуьнехь дош» байтехь ма-аллара‚ шайн белшаш тIехь дуьне латтораш, шен халкъан диканна а, вуонна а, даима а, сема лаьттарш а. Поэта шена хIумма а ца доьхура: я хьал, я дарж, я сий-ларам. Сий-лараме иза кхаьчнера, ткъа хьал-бахаме а, дарже а кхийдар цуьнан амалца, цIийца дацара. Амал а, юьхь а хийца еза хIума шегара ца долуьйтуш, корта айббина гездира цо дахаран некъаш, шен Даймахках, Халкъах, Тешамах, ДоттагIаллех, мохь туххуш, илли дIа а олуш:
Лойша суна, аш ирс лойша,
Дуьненнал ирс суна ло!
Сайна пайда цунах ца беш,
Шуна ас и дIалур ду!
Цуьнан дахаран къилба а, нийят а, весет а хилла дисина дуккха а иллеш тахана а дека сингаттаман, гIайгIанан марчоно юкъахьарчийна хилла Нана-Нохчийчоь, нохчийн халкъ Хазалле, Дикалле, Адамалле, Барте‚ Марзоне кхойкхуш.
Ахьмадан иллеш, эшарш, дош а халкъалахь деха дела ву иза халкъан поэт. Ишттачу адамийн даше наггахь мукъа а вай ладугIуш делахьара, мелла а кIезиг хир дара сингаттаме денош вайн дахарехь. Ахьмадах ала леринарг дерзо лаьа суна халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран дешнашца: «Сулейманов Ахьмад хьекъале‚ оьзда стаг а, воккха хьехамча а, поэт а вара. Цунна Iаламат дика девзара халкъан дахар, нохчийн халкъан гIиллакхаш, ламасташ, шира дийцарш, кицанаш. Нохчийн мотт хаза а, говза а буьйцура цо. Цунна хуург вайна хууш хиллехьара, и айса язйина книгаш бIозза дика язйина хир яр ас».
(А.Сулеймановна леринчу йозанашкара юкъарадахарш)
АгIо кечйинарг – Хь.АБОЛХАНОВ
№34, оршот, хIутосург (май) беттан 1-ра де, 2017 шо