Шурин ферма хир ю Ойсхарахь

Гуьмсан кIоштарчу Ойсхарахь 1 200 бежанна лерина шурин ферма яран шолгIа мур кхочушбаран инвестицийн проект Россин Федерацин пачхьалкхан «Къилбаседа Кавказан федеральни округ 2025-гIа шо кхаччалц кхиор» программин регионан подпрограммина юкъаяхийтина. Федеральни бюджетера гIо-накъосталла дийр ду цунна, 2017–2018-чуй шерашкахь кхочушйийр ю иза. Цу хьокъехь хаам бира Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министерствон пресс-службехь.

img_5731m

«Нохчийн Республикин а, ерриге а Къилбаседа Кавказан а агропромышленни комплекс кхиорехь мехала проект ю иза. Россин Федерацехь шурин дакъа кхиорехь дикачу агIор хийцамаш хилла, меттигера шурин сурсаташ даран барам алсамболуш бу, амма и сурсаташ дечарна дика шура оьшу (меттигера). Тахана коьртачу Iалашонех цхьаъ ю арахьара шура чукхехьар а, Россера шурин предприятеш дозанал арахьарчу аьргаллах йоьзна хилар а лахдар. И Iалашо кхочушъярехь доккха дакъа дIалоцур ду лакхахь билгалъяьккхинчу проекто. Кхузахь иштта ферма йиллича, Нохчийчу арахьара шура чукхехьа дезар дац, тIаккха, шурин сурсаташ дечеран харжаш а лахлур ю, цара арахоьцучу сурсатийн дикалла а лакхаер ю, меттигерчу а, луларчу регионашкарчу а бахархошна цIеначу шурин сурсаташца кхачоян а таро хир ю», – дийцира Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран хьалхарчу заместитела, «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпорацин» директорийн Кхеташонан председатела Байсултанов Одеса.

Еш йолу шурин ферма (лакхахь билгал ма-даккхара) 1 200 бежанна лерина ю, планехь ду цигахь шарахь 10 эзар 700 тонн шура яккхар. Проектан мах 1,5 миллиард сом сов бу, кхочушъяран хан – 2 шо (2017–2018-гIий шераш). Проект юкъаяьккхина – «Кавказан могашалла» шурин компанис.

«Кавказан могашалла» шурин компанин коьртачу директоран заместитела Гагаева Селитас хаам ма-барра, проектан гурашкахь лерина ду ферма йина ца Iаш, кхузаманан гIирсашца иза кечъяр, цIеначу хIух долу бежанаш цига далор, 4 эзар бежана кхаббал докъар дийр долу цех яр.

«Таханлерчу дийнахь дIахьош бу фермашъяран белхаш, уьш хIокху шеран лахьанан (ноябрь) баттахь чекхбаха лерина. 2018-чу шеран хьалхарчу эхашарахь бежанаш а далийна, шурин ферма болх бан йолаялийта дагахь ду тхо. Иштта, бежанаш лелор болу белхалой а бу хIинцале къастош. Фермехь 47 белхан меттиг хир ю, цу юкъахь тIехъэвсараллин 18 меттиг а», – элира С.Гагаевас.

Дагадоуьйту, «Къилбаседа Кавказан федеральни округ 2025-гIа шо кхаччалц кхиор» пачхьалкхан программин регионан подпрограммашна юкъа инвестицийн 15 проект яхана. Уьш кхочушъяро Къилбаседа Кавказан экономикин дакъа кхиорехь доккха дакъалоцур ду. 2017-чу шарахь 2,8 миллиард соьман барамехь субсидеш билгалдохур долуш бина цхьамогIа барташ бу Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министерствон. Проекташ кхочушъеш ю агропромышленни комплексан, туризман, промышленностан дакъошкахь.

А.СУЛИМАНОВА

№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 5-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: