Масех де хьалха Нохчийчоьнан Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас пресс-конференци дIаяьхьира регионан шуьйрачу хаамийн гIирсийн журналисташца. Церан хаттаршна жоьпаш а луш, цо дийцира Шема яханчуьра цIаеанчу вайн республикин делегацина хьалха лаьтташ хиллачу Iалашонийн а, цигахь Шемин Iедалан а, Исламан тоьллачу вузийн а куьйгалхошца бинчу бартийн а хьокъехь.

С.-Хь.Межиевс дийцарехь, вайн делегаци оцу пачхьалкхе яхара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочуш а деш. Цуьнан цхьаьнакхетар хилира Шемин Президентаца Асад Башарца а, ткъа иштта динан гIуллакхашкахула а, дешарехула а йолчу тайп-тайпанчу министерствийн а, ведомствийн а куьйгалхошца. Царна юкъахь вара Шемин Вакуфийн министр Мухьаммад Iабд Ас-Саттар Аль-СаIид, «Аль-Фатхь Аль-Ислами», «Абу Ан-Нур» университетийн хьехархой. «ДжамиIату Биладу аш-Шам» цIе йолчу вуно йоккхачу Левантан университетана юкъайогIуш ю и вузаш. Цигахь бусалба дин хьоьхуш бу дуьненна а бевзаш болу Iеламнах.
Шеца хиллачу цхьаьнакхетарехь Шемин паччахьа Б.Асада дийхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан А.-Хь.Кадыровн цIарахчу регионан юкъараллин фондан Президентана Кадырова Айманина а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Р.Кадыровна а, нохчийн дерриге а халкъана баркалла алар, цара уггаре а хала беанчу муьрехь Шемин халкъан гIолацарна а, цунна гIо дарна а.
Межиев Салахь-Хьаьжас иштта дийцира, Аллепо шахьарара «Масджид аль-Умайяби Хьалаб» цIе йолу шира маьждиг меттахIотторан декъехь тахана беш болчу балхах лаьцна. Асад Башаран тIедилларца вовшахтоьхна леррина комисси ю. Цо билгалбаьхна бан безаш болу белхаш, уьш дIаболорна мел оьшург долуш ду. ГIишлошъярхоша герггарчу хенахь тIулг боттар дIадолор ду.
«Амма иза дукха лерина бан безаш болх бу. ХIора а тIулг шен номер йолуш бу. Иза дIабилла безаш шен меттиг ю. Цундела болх леррина, сих ца луш бан безар бу», – бохура Нохчийчоьнан Муфтис.
Кадыров Рамзана вайн муфтига дехнера дохийна долу Халид Бен Валидан Хомсера маьждиг Iалашдаран, меттахIотторан гIуллакх Асад Башаре шен лерринчу тидаме эцар дехахьара аьлла. И дехар а паччахьна дIадовзийтина С.-Хь.Межиевс. Цо дош делла и дехар кхочушдан.
Кхин цхьа мехала хаам а бира республикин бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхочо. Цо дийцарехь, Шемин бусалба динан учрежденешкахь дешначу Россин гражданашна дипломаш лур ду, иштта Б.Асадца барт хилла «ДжамиIату Биладу аш-Шам» цIе йолчу Левантан университетан филиал вай долчохь схьаелла.
Журналистийн цхьамогIа хаттаршна жоьпаш луш, цо бовзийтира делегацис Шемахь бина берриге а болх. Цунах лаьцна мелла а шуьйра дийца дагахь ду тхо рогIерчу цхьана номерехь.
М.ЮНУСОВ
№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 5-гIа де, 2017 шо