«Нохчийн махках» конкурсан толамхой билгалбехира

ХIокху деношкахь «Вайнах» концертийн залехь Нохчийн меттан денна леринчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу дийцарийн «Нохчийн махках» конкурсан толамхой билгалбехира. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаменто.

20170426161417__MG_4134_w1200_h800

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьера Ахмадов Мусас, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела Израилов Iабдул-КъахIира, лакхахь хьахийначу департаментан директора Абазов Рустама, Экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин Советан секретара Черхигов Идриса, Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима, иштта кхечу официальни наха.

Нохчийн матте ларам хила безаш хилар билгал а доккхуш, вистхилира Ахмадов Муса: – Нохчийн мотт бийцарехь, талларехь къахьоьгуш Iилманчаш бу вайн. Тахана нохчийн мотт бийца а, иза кIорггера Iамо а хьелаш а, паргIато а ю вайгахь. Халахеташ делахь а, карарчу хенахь оьрсийн матто тIеIаткъам бо къоначарна ненан мотт хаарна. Дай-наноша шайн доьзалшна жимачохь дуьйна марзбан беза нохчийн мотт.

I.Израиловс баркалла элира «Нохчийн махках» конкурс вовшахтухуш а, иза дIахьош а къахьегначарна. ХIокху заманахь кегийрхоша оьрсийн мотт буьйцуш хиларх лаьцна дийцира Абазов Рустама.

– Мехала гIуллакх ду, Нохчийн меттан де юкъадаьккхина хилар. Хийлазза, дIасавоьдуш хеза, вайн кегийрхоша вовшашка оьрсийн маттахь къамел деш. Халахета и тайпа сурт гича. Вайн дедайша, дайша бийцина нохчийн мотт вай муха буьйцур бац?!

Таханлера «Нохчийн махках» конкурс дIаяхьар дика гIуллакх ду. Со тешна ву къоначеран ненан маттаца уьйр а, марзо а хилийтарна цуо тIеIаткъам бийриг хиларх тешна ву со.

Дийцарийн «Нохчийн махках» конкурсехь хьалхара меттиг яьккхина Олхазар-КIотарарчу юккъерчу школин дешархочо М.Джукалаевас, шолгIа меттиг – Радужни юьртарчу юккъерчу школин дешархочо Р.Шавлаевас, кхоалгIа меттиг – Соьлжа-ГIалин №106 йолчу школин дешархочо А.Успановас, ткъа леррина совгIат дира Алиханова ПетIаматана. Оцу конкурсан кхин а 14 дакъалацархочунна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан цIарах ахчанца совгIаташ дира, дипломаш делира.

Конкурс вовшахтухуш а, дIахьош а къахьегначарна баркаллин кехаташ делира.

ГIуллакх дерзош, нохчийн эстрадин къоначу артисташа концертан программа гайтира.

З.ЛОРСАНОВА

№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 5-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: