Шеларчу ИсламовгIеран боккхачу доьзалехь, цхьа а хIума оьшуш доцуш, кхуьуш яра Макка. Исс берана юкъахь жимахъерг хиларна, ден-ненан уггаре а хьоме яра йоI. Школехь тIехдика доьшуш яра иза. Къаьсттина математикин урок езара цунна. Школехь хуьлучу даздаршкахь жигара дакъалоцуш, конкурсашкахь, къийсадаларшкахь тоьлла меттигаш а йохура. Кхидолчу берийн санна ловзуш, уьдуш, хаза яра бералла…
Амма дагахьдоццург хилира 1995-чу шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь. Шен тайнигаш а гулйина, уьйтIахь ловзуш яра йоьалгIачу классехь доьшуш хилла Макка. Шела бомбанаш, ракеташ туьйхира, цхьа ракета кхеран керта а кхийтира. Макка, кхераелла, егайора, шена хIун хилла хууш яцара иза. ЦIеххьана бода буьйлира. Iадийна йоI дIасахьоьжура, амма гуш хIумма а дацара. Шен бIаьрса дIадаьлла хилар нене хаийтира цо.
ТIеман гIовгIа ца сецча, больнице юьгийла дацара. Маьрша дацара некъаш. Цхьа хан яьлча дас Москва йигира Макка. Лоьраша: «ЙоIана цкъа а са гур дац, бIаьргийн пхенаш дакъаделла, шен хеннахь иза шайна тIекхачо аьтто цабаларна», – элира.
Делахь а, йоI йоха ца юьйхира. Доьналла хилира цуьнан, кхидIа яха а, къахьега а. Дала шена делларг дог резадина тIеийцира цо. Школа йита дезнехь а, хьехархоша, цIа а богIуш, Iамайора, юьстах ца юьтура йоI. Байташ язъян а йолаелира иза. Уьш цуьнан дика а нислора. Шайн ненан чорха тIехь тега а гIуртура. Хаза суьрташ а дохкура. Цхьа а хIума гуш йоцчу йоIа чохь-арахь гIуллакхаш деш гича лулахой а, гергарнаш а цецбуьйлура.
«Дала гIо до-кх цунна, шегара бала иэшон», олий хетара. Шо хьалха, ша санна бIаьрзе волчу, Iалхан=ГIаларчу стагаца керла доьзал кхоьллина цо. Соьлжа-ГIалахь, мах а луш, лаьцначу хIусамехь Iаш ду и шиъ, шаьшшиннан долахь хIусам хиларе са а туьйсуш. Пенсих иза эца, цкъачунна, аьтто бац.
Макка цкъа а хиъна Iаш яц. Мичахь, хIун Iуьллу хууш йолчу цо, муьлхха а гIуллакх до. Телевизора чохь дерг гуш цахиларна, даима а радио латийна ю Маккин. Вайнехан иллешка, эшаршка ладугIуш чIогIа самукъадолу цуьнан Уьш хезаш дагтIера гIайгIа-бала айало шен, боху цо.
УМАРОВА ЛИЗА
№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 5-гIа де, 2017 шо