ХIокху деношкахь Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан драматически театрехь Соьлжа-ГIалин Ленински районан куьйгалла оцу районан массо а пачхьалкхан учрежденийн а, предприятийн а векалшца цхьаьнакхийтира.
Кхеташонехь дакъалоцуш вара Соьлжа-ГIалин Ленински районан префект Очаров Шамал, Нохчийн Республикин УМВД-н №1 йолчу полицин отделан хьаькам Сайдхасанов Ислам, Соьлжа-ГIалин Ленински районан къеда Чимаев Ризван.
Ш.Очаровс шен къамелехь билгалдаьккхира районехь цIано латтор цигарчу бахархойн а, предприятешкахь, организацешкахь болх бечеран а декхар ду аьлла.
– Вайн районехь цIано латто еза вай. ТIаьхьарчу хенахь меттигера санитарни хьал дика дац. Цундела массара а белхеш дIабахьа беза. ХIораммо а шена билгалъяьккхина меттиг дIацIанъяхь, районан сурт кхин а хазлур ду, – элира Ш.Очаровс.
Шайна билгалъяьккхинчу меттехь цIано ца латтийначарна законо бохучу агIор гIуданаш тухург хилар дIахаийтира районан куьйгалхочо.
Цул тIаьхьа Ленински районан къедас шен къамелехь билгалдаьккхира цIано бусалба динехь чIогIа еза хилар.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
Авторан сурт