Тхан рузма

ХIутосург беттан 9-гIа де, 1922-гIа шо. Лаха-Неврехь вина Джамалханов Зайнди, фольклорист, нохчийн меттан говзанча.

Шен 16 шо бен доцуш, 1938-чу шарахь Зайнди, кхойкхий, балха валаво Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институте. Оцу шерашкахь Н.Ф.Яковлевца цхьаьна цо дакъалоцу нохчийн литературин меттан морфологи а, синтаксис а хIоттош. ХIетахь дуьйна нохчийн маттана хьанал вецаш схьавогIу Зайнди. Дукха болх бина З.Джамалхановс нохчийн халкъан барта кхолларалла гулъеш, юккъерчу школина, хьехархойн училищена лерина нохчийн меттан учебникаш, методикин пособеш хIиттош. Нохчийн мотт хаа луучарна чIогIа пайдехь ю цо хIоттийна (И.Алироевца цхьаьна) «Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам». Зайнди вевза говза хьехархо санна а – иттаннаш шерашкахь болх бина цо Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училищехь.

Iилманехь а, дешаран хьаьрмахь а цуьнан хьаналчу къинхьегаман лаккхара мах хадош, Джамалханов Зайндина елла «Нохчийн Республикин сийлахь гражданин», «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо» сийлаллин цIерш. Нохчийн пачхьалкхан университетан сийлахь профессор а, Россин Федерацин Яздархойн союзан декъашхо а ву иза.

Кхалхар хилла 2014-чу шарахь.

ХIутосург беттан 10-гIа де, 1938-гIа шо. Шуьйтан кIоштан Лаха-Варандахь вина Туркаев Хьасан, литературовед, филологин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент.

Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетан къоман отделенехь. 1976-чу шарахь чIагIйо филологин Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1984-чу шарахь литературоведенехула нохчашлахь дуьххьара филологин Iилманийн докторан диссертаци а.

Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтехь (1963–1988-гIий шераш), Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь кафедрин заведующи волуш (1988–1993-гIий шераш), Нохчийн пачхьалкхан университетехь кафедрин профессор, заведующи волуш (1993-чу шарахь дуьйна). Iилманан 150 сов белхан автор, шайна юкъахь 10 сов йоккха монографи а йолуш (масала, «Нохчийн литература кхиаран новкъахь» (1978 шо), «Нохчийн а, гIалгIайн а литературин историн кхолламаш» (1978 шо), «Нохчийчоьнан культура: истори а, вайзаманан проблемаш а» (проектан автор а, жоьпаллин редактор а) (М., «Iилма», 2002, 2006 шо), «Нохчий Россин исторехь, политикехь, Iилманехь, культурехь» (М., «Iилма», 2008 шо), иштта кхин а.

Россин Федерацин Iилманан хьакъволу гIуллакххо, Россин Яздархойн союзан декъашхо.

№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 5-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: