Жима волуш дуьйна жижиг-галнашца гергарло дара Лоьмин. Уьш кечдайтарехь шен кеп а, барам а бара цуьнан.

– Жижиг алссам озийча бетах кхеташ, жижиг дуйла хоуьйтуш хила деза. Цундела иза доххалц кхехко мегар дац, – олуш Iедал дара цуьнан.
Иштта, цхьана суьйранна, дечиган маьнги тIе хьалаваьлла, ши ког чуччубахийтина, горга стол шена улле тIе а озийна, охьахиира Лоьма. Стоьла тIехь, хьалхахIоттийначу горгачу шуьна чохь ахьаран а, деман а галнаш яра. Цу тIехула тIедехкина даккхий, Лоьмина дезачу барамехь, жижиган дакъош, юккъе хIоттийна саьрамсекхан берам чохь болу сирдиллина кад бара. Цу кедарий, шуьнарий гIуьтту Iаьнарш вовшахъийна еттало мерза хьожа бахьана долуш, багара «теза хи» дедира цунна.
Уггаре а тоьлла жижиган дакъа схьа а эцна, шена хьалха диллина, дIасакарчийра цо, муьлхачу агIор кхаьллича бакъахьа хир дара хьожуш. Эххар а, и керчийна а ваьлла, бете даьхьна, церг таса воьлча, дагадеара, шен хьалхара цергаш масех де хьалха дIаяьхна хилар. ГIеххьа воьхна хьаьвзира иза. Кхин цкъа а цергаш йолуш санна, ницкъ ма-кхоччу доьлаш тесира, амма жижиг схьа ца долуш, бетах кхийтира, дикка хIара лаза а, вага а веш. ХIинца дагатесира, доххалц иза ша кхехкадайтина хиллехь, шена атта хирг хилар. Жимма дарвелла, хIусамнене мохь туьйхира цо: – Хезий хьуна! Хьоьга даийта дезара хьуна хIара кхехказа жижиг. Цхьажимма кхехкийта ца мегара хIара!
Цецъяьлла зуда йистхилла ялале, юха а, аз ойуш, вистхилира иза: – Схьаял сан тужуркин кисанара уьрсан мIаьчиг. Берех цхьаъ ведда вахана, тужурка схьа а лехна, цуьнан кисанара жима урс схьадеара. Катоьхна, кIентан карара иза схьаэцна, жижигах тесира Лоьмас. Амма эрна дара, урс аьрта хиларна, жижигах тасалуш дацара.
Жим-жима дарлуш лаьттара иза. Гуонаха лаьттачу доьзале гIеххьа оьгIазе дIа а хьожуш, уьрсах пIелг тесира цо.
–ХIун деш лаьтта шу, хьоьжуш? Схьая сан аьлхан юьхк! – оьгIазе вистхилира иза.
Ша-ша хьалха вала гIерташ, аралилхира бераш а, хIусамнана а. Юха ца кхочуш хьебелча, Iен а ца велла, катоьхна пIелгашца цхьа гала схьа а эцна, саьрамсекхан берамна чу а Iоьттина, бага кхоьссира цо.
Мох санна, чуиккхира берех цхьаъ. Дехьуо лаьттачу ишкапан гIутакх схьаоьзна, сихаллехь иза кега а дина, араиккхира. Цунна дуьхьал а кхеташ, чуведира шолгIаниг. ВогIуш лаьтташехь, ишкапан гIутакхах катуьйхира: схьауьйзира, кегийра, араиккхира. Иза къайлавалале гучувелира кхозлагIниг. Цо а изза дира. Царна тIаьххье чу едда йогIучу хIусамненах бIаьрг кхетча, ша Iачуьра хьала а иккхина, куьйгаш даржийна, ишкапана дуьхьал хIоьттира Лоьма: – Иза кху чохь яц-кха! – тIечевхира иза. – Яц кху чохь! Кхечанхьа лаха!
ТIаккха мерехула доккха са а даьккхина, шен метте охьахиира, шеллуш лаьттачу кхачане дIа ца хьажа гIерташ, цIе яьлча санна, уьйтIахула дIасауьдучу берашка а хьоьжуш.
Кхуьнан собар кхачон доьллачу сохьтехь, царах цхьаъ чуведира, дукха идда цIий а велла, хьацарх а вуьзна.
– Дада, кара-м ца йо. ХIара ца мега?
Лоьмин мекхаш меттахдийла дуьйладелча, кхеравелла кIант, шен карарчу дийначу аьлхане а хьаьжна, чу ма-варра, сиха аравелира. Цунна дуьхьал а кхеташ, иштта цхьацца аьлха а буйнахь, чоьхьауьдура дисина бераш а. ЦIийна тIехьа ваьллачу кIантана хезира дас хьоькху оьгIазе мохь а, кхераделла аралелха бераш а гира. Дан хIума а ца хилла, тIулга тIе охьа а йиллина, ластийна жIов тоьхна, масийтта дакъа дира цо аьлханах. ТIаккха царах цхьаъ схьа а эцна, чу вахара.
Стоьла йистехь, оьгIазе хьоьжуш Iачу дега аьлхан юьхк дIакховдийра. Шена хилла там лачкъо гIерташ, хьала а хьаьжна, Лоьмас элира: – Дикка лехча, хIуъа а кара-м йо.
М.МАГОМАЕВА
№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 5-гIа де, 2017 шо