Нохчийн къоман литературина юкъа йоккха хазна йиллина волчу поэтан Шайхиев Iалвадин 70 шо кхачаран юбилей билгалъяьккхира оханан (апрель) беттан 27-чу дийнахь А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекехь.
Цхьаьнакхетар дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза.
Юбиляран суьйренехь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, Парламентан депутат Демильханов ИсмаьIал, Iилманийн академин вице-президент, академик Дадашев Райком, Россин Федерацин дешаран сийлахь белхахо Вагапова Асет, яздархой: Айдамирова Машар, Бурчаев Хьаьлим, Минкаилов Эльбрус, Исмаилов Абу, Нохчийн Республикин хьакъболу журналисташ: Дадаев Сайд-Хьасан, Аболханов Хьаьким, Дагестан Республикехь арадолучу «Нийсо» газетан коьрта редактор Якиев Iумар, иштта кхоллараллин а, дешаран а, Iилманан а интеллигенцин векалш, Iалвадин юьртахой, гергара нах.
Дадашев Райкома элира юбиляран цIарах хьалхара дош. Цо билгалдаьккхира Шайхиев Iалвади советийн заманахь дуьйна литературин хьаьрмахь хьанал къахьоьгуш, хабарна тIера воцуш, амма коьрта-коьрта гIуллакх хьалха доккхуш, шена гуонаха нисбеллачу накъостийн сий-ларам беш, нохчийн къоман литература кхиорехь диканиг бен ца деш чекхволуш хилар.
«Нажи-Юьртан кIоштарчу газетехь Гадаев Мохьмад-Селахьан байт дуьххьара зорбане яьккхинарг Iалвади вара. Суна а, сан могIарерчу нахана а дика дагайогIу и зама, кхераме дара ишттачу нахе озабезам-ларам шен буй хаийтар а», – билгалдаьккхира цо.
Литературин критика Бурчаев Хьаьлима лакхара мах хадийра I.Шайхиевн кхоллараллин.
Цуьнан поэзехь уггаре а йоккха меттиг дIалоцуш ю Ненах, Даймахках йолу лирика. КIезиг дац Iалвадин байташ тIехь даьхна, халкъо дезаш тIеэцна, иллеш.
Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Дадаев Сайд-Хьасана дийцира Iалвадин поэзехь шена чIогIа тайнарг, иза цо ненах доьзна мел дерг уггаре а хазачу дешнашца, дог дуьззина йолчу ойланашца алар.
«Вай цкъа а хьаста и кара ца эцна, ткъа тахана-м хьош ю белшаш тIе лаьцна», I.Шайхиевн байта юккъера и дешнаш а далош, цо дийцира вайн нохчийн наноша дахарехь лелочу маьIнех, цуьнан сийлаллех лаьцна Iалвадис шен байташкахь говза яздина хиларх.
Айдамирова Машара дагалецира Iалвадис шен дена Нохчийн Республикин халкъан яздархочунна Айдамиров Абузарана хала беанчу муьрехь доккха накъосталла дина хиларх лаьцна.
«Бакъйолчу кхоллараллина, похIмина гIовгIа ца эшна, тийналла бен. Оьзда, хьекъале, тешаме ву Iалвади. Iалвади, хьо тхан дозалла ду», – элира Машара.
Нохчийн Республикин Парламентан депутата Демильханов ИсмаьIала Парламентан Председателан цIарах мидал елира юбилярана.
Суьйренехь массарна а хаза кхаъ хилира Яздархойн союзо зорбане яьккхина Iалвадин поэзин а, прозин а книга шайна кхачарх.
Иштта, юбилярана лерина довха дешнаш элира Дагестанерчу «Нийсо» газетан редактора Якиев Iумара а, Iалвадин гергарчу наха а.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 5-гIа де, 2017 шо