Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалин «Фила» спорткомплексехь дIаяьхьира 2002–2004-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь Нохчийн Республикехь хьалхеяккхаран турнир. Турнирехь дакъалоцуш бара вайн республикерчу ДЮСШ, РДЮСШ, ШВСМ-кара спортсменаш.
Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира Хакуев ИбрахIим (32 кг.) – ДЮСШ, Новр-ГIала, Эскерханов Iусман (35 кг.) – ДЮСШ №3, Яндаров Илес (38 кг.) – ДЮСШ №3, Ибрагимов Iабдурахьман (42 кг.) – ДЮСШ №3, Дадаев Iийса (47 кг.) – ДЮСШ, Новр-ГIала, Хаджиев Казбек (53 кг.) – ДЮСШ №3, Бертаев Расул (59 кг.) – РДЮСШ, Умаров Ислам (66 кг.) – ДЮСШ, Новр-ГIала, Гайтиев Муслим (73 кг.) – ДЮСШ, Новр-ГIала, Исламов Хьусайн (85 кг.) – ДЮСШ №12.
Оцу кхиамашка спортсменаш кхачийнарш бу уьш Iамийна церан тренерш: П.Умаров, Т.Эскерханов, А.Ибрагимов, А.Алиев, Т.Мучураев, М.Батаев, А.Гайтиев.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
Турнирехь толамаш баьхначу спортсменаша дакъалоцур ду кестта Владимир гIалахь хинйолчу Ерригроссин турнирехь.
З.ШИШХАНОВА
№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 5-гIа де, 2017 шо