ШаIбан – Элчанан (I.с.в.с.) бутт

Шех Элчанан (I.с.в.с.) бутт олуш беза бу ШаIбан бутт. Оцу баттахь марханаш кхабар суннат, Делера йоккха ял хир йолуш Iибадат ду. Къаьсттина деза лерина ШаIбан беттан 13–15-чуй деношкахь марханаш кхабар. Оцу буьйсанашкахь Жабраил малик деана Элча (I.с.в.с.) волчу. Беттан 13-чу буьйсанна деанчу Жабраил малико аьлла: «Я РасулуллахI, хьала а гIаттий, суннат ламаз а дай, хьайн уммат доьхуш, Деле доIанаш дехьа».

Элчано (I.с.в.с.), хьала а гIаьттина, суннат ламаз а дина, Деле доIанаш дина, шен уммат доьхуш. Цу буса, юха а деана Жабраил малик Элча (I.с.в.с.) волчу. Цо цуьнга аьлла: «Дала хьан умматах кхоалгIа дакъа делла хьуна».

14-чу буьйсанна Жабраил малик юха а деана Элча (I.с.в.с.) волчу. «Далла, хьаста а лой, доIанаш дехьа, хьайн уммат доьхуш», – аьлла цо. Элчано (I.с.в.с.), Далла хьаста а луш, доIанаш дина. Цу буьйсанна сатоссуш юха а деана Жабраил малик: «ШолгIа дакъа а делла хьуна Дала», – аьлла цо.

15-чу буьйсанна а деана Жабраил малик. Элчане (I.с.в.с.) доIанаш дехьа аьлла цо. Элчано (I.с.в.с.) доIанаш дина, шен уммат Деле доьхуш. Кхул хьалха а санна сатоссуш юха деанчу Жабраил малико аьлла: «Хьан умматах кхоалгIа дакъа а делла хьуна Дала, Шеца – Делаца накъост лоцурш бац царна юкъахь».

Юха аьлла Жабраил малико: «ХIай, Мухьаммад, хьайн корта хьалаайбай, стигала хьажахьа. Хьалахьаьжча хIун го хьуна?».

Хьалахьаьжча стигалан неIарш йиллина гира цунна. Маликаш гира цунна дуьненна юххерчу стигала тIера Iарша тIекхаччалц сужуд деш, Мухьаммад Пайхамаран (I.с.в.с.) уммат Деле доьхуш.

Хьалхарчу стигалан неIарехь малик дара мохь бетташ: «ХIокху буьйсанна рукуIа деш болу нах декъал хир бу».

ШолгIачу стигалан неIарехь малик дара мохь бетташ: «Декъала хилар ду-кх хIокху буьйсанна Далла сужуд деш болчу нахана».

КхоалгIачу стигалан неIарехь мохь бетташ малик дара: «Декъала хилар ду-кх хIокху буьйсанна Дела хьехош болчу нахана».

ЙоьалгIачу стигалан неIарехь мохь бетташ малик дара: «Декъала хилар ду-кх хIокху буьйсанна Деле доIанаш деш болчу нахана».

ПхоьалгIачу стигалан неIарехь мохь беттачу малико бохура: «Декъала хилар ду-кх хIокху буьйсанна Делах кхоьруш, Деле доIанаш деш болчу нахана».

ЯлхолгIачу стигалан неIарехь долчу малико мохь беттара: «Декъала хилар ду-кх хIокху буьйсанна дика Iамалш еш болчу нахана».

ВорхIалгIачу стигалан неIарехь мохь бетташ малик дара: «Декъала хилар ду-кх хIокху буьсанна Къуръан доьшуш болчу нахана», – бохуш.

Кхин цхьа малик а хилла мохь бетташ: «ХIай, Деле доьхуш, доIанаш деш цхьа а вуй шуна юкъахь? Шун дехарна жоп лур ду. Ша динчу вуочу хIуманна дохковаьлла стаг вуй? Дохко а ваьлла, цо тоба дахь, цуьнан тоба къобалдийр ду».

Мухьаммад Пайхамара (I.с.в.с.) аьлла: «Делан къинхетаман неIарш шен умматна йиллина ю и буьйса йолаелчахьана сатассалц йолчу ханна».

Дала цу буьйсанна хьалха буьту жоьжахате баха хьакъ хилла нах. Ванин-Калба бохуш цхьа къам ду дукха жаш лелош. Церан уьстагIашна тIехь мел болчу чон цIарах цхьацца хьалха вуьту Дала цу буьйсанна (вай юьйцург шаIбанан 15-гIа буьйса ю – С.Д).

Вайн Элчано (I.с.в.с.) аьлла: «ШаIбан баттахь шена цхьа эзар салават диллинчу стеган хьашташ кхочушдийр ду Дала, бIе эзар дуьненан хьашташ а. БIе эзар диканиг яздийр ду цунна. БIе эзар вуониг дIа а доккхур ду. БIе эзар дарж а лур ду цунна. Везачу Дала ларван эзар малик дохуьйтур ду, массо вуочу хIуманах иза ларвар а доьхуш. Иза дийна мел ву цунна юххехь а, велча цуьнан коша тIехь а, Деле и воьхуш. Къематде кхаччалц лаьттар ду уьш». Иштта ду шаIбан баттахь вайн Пайхамарна салават диллар.

Вай еш йолу кхийолу Iамал маликаша, талла а толий, Далла тIехьош ю. Пайхамарна салават диллина Iамал маликаша, талла а ца толлуш, Далла тIейоьду. Ахь дуьллуш долу салават нийса дацахь а, Дала шегара нис а дой дIаоьцу, Элча (I.с.в.с.) шена дукха веза дела. Далла Элча (I.с.в.с.) мел дукха веза вайга дийцалур дац. ХIетте а Далла Элча (I.с.в.с.) везарх цхьакIеззиг дуьйцур вай.

Дала нуьре хен кхоьллина, шен диъ га а долуш. И диъ га – Абубакар, Iумар, Iусман, Iела хилла. Оцу деа гена юккъе кIайчу нуьре, ша горга а йолуш, кад санна хIума хIоттийна Дала. Цу чу, дуьнен чохь хирг ма-хиллара, вайн Пайхамар хIоттийна. Цунна гуонаха дIахIиттийна Дала мел кхоьллина синош. ТIаккха Дала оцу синошка аьлла: «ДIахьовсал!». Синош дIахьаьвсина. ДIахьаьвсича корта гинарш бу. Царах паччахьаш хилла. Юьхь гинарш бу. Царах элий хилла. Беснеш гинчарех – хьекъал долу нах, хьаж гинчарех – сий долу нах, бIаьргаш гинчарех – хьафизаш, цIоцкъамаш гинчарех – Къуръан дукха доьшу нах, мара гинчарех – лоьраш, лергаш гинчарех – хIума схьалоцуш, ладогIа лууш нах. Балдаш гинчарех – Дела дукха хьехош нах, накха гинчарех – пайхамарш, эвлаяаш, Iулмааш (Iеламнах), бага гинчарех – марха кхобуш болу нах, цергаш гинчарех – сибаташ хаза долу нах, лаг гинчарех – моллалла кхойкхуш болу нах, ворта гинчарех – йохк-эцар лелош болу нах, чIениг гинчарех – собаре нах, мотт гинчарех – маттана говза, Делан дуьхьа машар беш болу нах, маж гинчарех – Делан дуьхьа къахьоьгуш болу нах, белш гинчарех – гIазотан охIланаш, ши пхьарс гинчарех – тур-цхьамза лелош болу нах, аьтту пхьарс гинчарех – дикачу хIуманна кайолу нах, аьрру пхьарс гинчарех – гIазотана кечам беш болу нах, ши куьг гинчарех – комаьрша нах, куьйгийн тIиэш (тIехулонаш) гинчарех – бIаьрмециг нах, аьрру кераюкъ гинчарех – ялта нийса доькъу нах, аьтту куьйган кераюкъ гинчарех – шайх беркат долу нах, пIелгаш гинчарех – йоза яздеш болу нах, пIелгийн буьхьигаш гинчарех – хIума тоьгуш болу нах (тIеюха хIума йоцуш кхиерг тоьгуш – нуьйр, гIомат, и.дI.кх.), аьтту куьйган пIелгийн тIиэш гинчарех – бедарш еш болу нах, аьрру куьйган пIелгийн тIиэш гинчарех – аьчка-пхьераш, аьтту куьйган тIиэш гинчарех – мехах силам дуьллуш болу нах, аьрру куьйган тIиэш гинчарех – хьун хьокхуш болу нах, мIараш гинчарех – хаза духарш долу нах, букъ гинчарех – шариIатана муьтIахь нах, гай гинчарех – Дала шайна деллачух кхачам беш болу нах, когаш гинчарех – гIаш некъ беш болу нах, коган кIелонаш гинчарех – талла лелаш болу нах, Цуьнан IиндагIа гинчарех мехах пондарш а, эшарш а лоькхуш лелаш берш хилла. ДIахьовсал аьлча, дIахьаьвсича хIумма а цагинчарех жуьгтий, эрмалой, керстанаш хилла.

ДIахьовсал аьлча, ца хьаьвсинарш Ям, Къуддар, Намруз, ФирIун, Жалут, Сахар, Бухтанасар, АбужахIил хилла.

Мухьаммадан нур (I.с.в.с.) эццахь шайна гинехьара: Адам пайхамарна дуьхьал Иблис дер дацара; Нухь пайхамарна дуьхьал Ям вер вацара, Салахь пайхамарна дуьхьал Къуддур вер вацара, ИбрахIим пайхамарна дуьхьал Намруз вер вацара, Муса пайхамарна дуьхьал ФирIун вер вацара, Дауд пайхамарна дуьхьал Жалут вер вацара, Сулейман пайхамарна дуьхьал Сахар вер вацара, Iийса пайхамарна дуьхьал Бухтанасар вер вацара, шолгIа Дажжал хир вацара, Мухьаммад Пайхамарна (I.с.в.с.) дуьхьал АбужахIил вер вацара. Уьш дакъаза бевлла дела Мухьаммадан (I.с.в.с.) нур ца гайтина Дала царна.

Оццул вазвина кхоьллинчу Мухьаммад Пайхамаран (I.с.в.с.) бутт лоруш бу шаIбан. Цуьнан ларам бар, оцу баттахь марханаш кхабар бусалба нахана чIогIа мелехь ду. Дала уьш кхаба пурба а, ницкъ а, собар а, ийман а лойла вайна.

Иштта деза ду хIокху баттахь «Ихьлас» («КъулхIа») дешар.

Зорбане кечйинарг – С.ХАМЗАТОВ

№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 5-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: