ДIахьош ду яккхийчу гIишлойн уьйтIеш куьце ялор

ХIутосург (май) беттан 2-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу мэрехь дийцаре дира юкъара пайдаэцаран уьйтIеш а, майданаш а куьце ялоран гIуллакх. Оцу гIуллакхна лерина кхеташо дIаяьхьира.

article1076

Кхеташонехь дакъалоцуш бара «Соьлжа-ГIалахь кхузаманахьлерчу гIаланийн кхиарийн хьолах пайдаэцар» 2017-чу шарна леринчу муниципалитетан программах лаьцна соьлжагIалахошна юкъахь хаттам дIабахьаран комиссин декъашхой.

Комиссин декъашхоша билгалдаккхарехь, оцу проекта юкъа республикин пачхьенерчу яккхийчу гIишлойн уьйтIеш юкъаяхийтаран Iалашонца карарчу шарахь бан лерина хилла болх хIинцале а чекхбаьлла. Кхеташонехь оцу белхан жамIаш дира. Программа Комиссин декъашхоша а, кхеташонан дакъалацархоша а къобалъярца тIеийцира.

Проектан гурашкахь Соьлжа-ГIаларчу яккхийчу гIишлойн бахархоша шайн уьйтIеш куьце ялоран кепаш шаьш хаьржина.

«Соьлжа-ГIалин мэр веана аьлла хезна, сихонца уьйтIахь вовшахкхийтира тхо. Иза шеца дуккха а накъостий балош веанера. Тхан цIийнан уьйтIе куьце ялорехь а, тоярехь а дан догIург дийца баьхкина хиллера уьш. Тхуна масех суьрта тIехь йолу проекташ гайтира, царах цхьаъ харжар а, тхайна царах хетарг алар а дийхира. Оха боххучу кепара тхан уьйте тойийр ю шаьш элира. Коьртаниг – кхидIа оха иза лар а йичахьана, цунна дола а дичахьана. Бакъду, тхан цIа чохь бехаш бахархой дуккха а хиларе терра, проектан хьокъехь хьежамаш а тайп-тайпана нисбелира. Хучиев Муслима а, цуьнца баьхкинчу накъосташа а оха мел бохург дIаяздира, уьйтIе, юкъара цхьа сацам а бина, тойийриг хилар а хаийтира. Цхьа а везвеш вацара. Ур-атталла, аз чIагIдина вист а-м ца хилира цхьа а. ХIинца а цецъяьлла ю оцу суьртах. Хазахета-кх, вайна, вовшашца ларам а болуш, даха Iемаш хилар», – яздина цхьана яхархочо Соьлжа-ГIалин мэран М.Хучиевн инстаграмерчу агIонехь.

1210_900

«ХIокху шарахь оцу проектана юкъа тхайн цIийнан уьйтIе а яхийта аьлла, дехар дан ца кхиъна тхо. Ца кхиъна аьлча нийса а хир дац… Ца лиира. Иза бух болуш хIума дац аьлла хетта, малделла дисира. Делахь а, оцу проектан гурашкахь тойина, масех уьйтIе гина суна А.-Хь.Кадыровн цIарахчу проспектехь а, Хь.Орзамиевн цIарахчу урамехь а. ТIедогIучу шарна леринчу проекта юкъа тхайн цIа дахийта лаам бу тхан» аьлла, йитинчу комментана @grozmer (Соьлжа-ГIалин мэри – авт.) тIера «Шун цIийнерчу бахархойн барт а хилла, аш дехар чуделчахьана, шун цIа оцу проектан 2018-чу шарна леринчу плана юкъагIур ду» аьлла, жоп делира.

Ишттачу суьрто, мохк кхиъна ца Iаш, махкахой а кхуьуш хиларан дог-ойла кхуллу.

Дагадоуьйту «ГIаланашкахь Iен а, ваха а хьал кхолларан» проект Ерригроссин политикин «Единая Россия» партис дIакхайкхийна а, Iуналла деш а ю. Цуьнан гурашкахь карарчу 2017-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь яккхийчу гIишлойн 77 уьйтIе а, паркан 4 майда а тоян лерина: кхиазхошна а, спортахошна а лерина «майданаш» яр, соьналла дIаер, подъездаш тояр, уьйтIешкахь стогарш а, гIенташ а, нехаш чукхуьйсу тускарш а хIиттор.

ХIинцале дIаболийна оцу проектан 2018–2022-чуй шерашна лерина хинйолу программа хIотторан болх. Бахархошкара дехарш схьаэцаран гIуллакх а дIадолор ду масех де даьлча.

И.АДАМОВ

№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 5-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: