Дукха хан йоццуш, кегийрхойн юкъараллин-патриотически «Ахьмад» боламан председатель Азизов Шемал цхьаьнакхийтира «Даймохк» газетан корреспондентаца. ТIаьхьарчу шерашкахь боламо дина гIуллакхаш довзийтира цо.
– Шайн болам кхоллабаларан юьхь а йовзуьйтуш, «Ахьмадан» гIуллакхех лаций дийцахьа тхуна.
– Дела реза хуьлда шуна, тхо долчу дахкарна. Дуьнен тIехь цхьаъ бен доцучу, йоккха истори а йолуш долчу «Даймохк» газето тхайн терго яр доккха дозалла а, тхайн кхиам а хета тхуна.
Ахь деллачу хаттарна жоп луш, уггаре а хьалха билгалдаккха лаьа суна тхайн болам Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах хилар. Цо болийначу некъа тIехь вайн республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна Кадыров Рамзанна накъостий хилла схьадогIу тхо.
2007-чу шарахь дIаболийна хIокху боламо шен болх, оцу хенахь боламан цIе «Даймохк безаран, Рамзан цIе йолу клуб» хилла. Цул тIаьхьа дуккха а хийцамаш хуьлуш, шайн белхаш жигара дIакхоьхьуш, тайп-тайпана гIуллакхашкахь дакъа а лоцуш схьабеана болам. 2012-чу шарахь боламан дакъалацархой республикин куьйгаллех дага а бевлла, боламна «Ахьмад» цIе тиллина.
– 10 шарахь хилла болчу хийцамех а, шайна зеделлачух а дийцахьа, Шемал.
– Сайн дахарх, сайн сих хьакхалуш долучух эр дара ас уггаре а хьалха. Хилла волчу Мохьмадний (иштта йоккху цуьнан цIе бевза-безачара), хIинца волчу Мохьмадний юкъахь йоккха башхалла-м ю. Сан боламна юкъавар 2009-чу шарахь бен ца нисделла. Оцу хенахь дуьйна со дуккха а хIуманна тIехь дикачу агIор кхиъна аьлла хета суна. Чохь лело деза гIиллакхаш а тIехь Iамийна тхуна кхузахь, иштта халкъана, махкана пайде хила а Iамийна. Суна санна дуккха а кегийчу нахана а баьлла и пайда. ХIара «Ахьмад» болам бахьана долуш, дуккха а кегий нах, вуочу некъа тIера сехьа а бевлла, нийсачу, нахана пайдехьчу новкъа хIиттина, иза боккха кхиам хета суна.
Вайна ма-хаъара, боламо кхочушъеш масех проект ю кегийчу нахана лерина, царех масаллина ялайо ас: «Кегийрхойн могашалла Iалашъяр», «Къонахчун дахар», «Нохчийн къонахий», иштта кхиерш а. Оцу проекташкахь дакъалацар пайде хуьлу кегийрхошна, церан амал хуьйцу, нийса некъ бовзуьйту царна. Бакъду, оьзда, гIиллакхе ца лелаш верг сиха гучуволу вайн махкахь, иза сацо да а волу. Ишттачаьрца хаддаза кхетош-кхиоран белхаш бо оха.
– Шемал, таханлерчу дийнахь боламна юкъахь маса стаг ву? Шун боламна юкъа кхачархьама хIун дан деза? ХIун башхаллаш хила еза кегийрхошкахь?
– ХIокху 10 шарахь лаххара а 50 эзар гергга кегийрхо чекхваьлла хир ву «Ахьмад» боламехула. Таханлерчу дийнахь 1 200 декъашхо ву хIокху юкъахь. Республикерчу хIора кIоштахь а цхьацца филиал ю «Ахьмад» боламан. Цигахь хIоранхьа а 50 стаг ву. Иштта, Соьлжа-ГIалахь йолчу ВУЗ-ашкара студенташна юкъахь а бу боламан декъашхой, цул сов, Бенахь а ю кхоьллина леррина филиал.
Бакъду, боламан дакъалацархойн барам хIора денна хийцалуш бу. Цхьаберш дIабоьлху, кхиберш юкъабогIу. ХIара болам бахьана долуш дуккха а кегийрхошна белхан меттигаш нисъелла. Республикин юкъараллин декъехь къахьоьгуш болу дуккха а белхахой хIокху боламехь дакъалоцуш хилла. Халадов Хожа-Ахьмад, Нагаев Iадлан, кхин дуккха а бу пачхьалкхан лаккхарчу даржашкахь белхаш беш, боламан хьалхарчу деношкахь организаци денъеш къахьегнарш. Дуккха а тешаме накъостий кхиабо «Ахьмад» боламо. Ма-дарра аьлча, вайн паччахьна, цуьнца цхьаьна – халкъана а, махкана а накъостий кечбо-кх.
Боламна юкъа мила, муха оьцу бохучу хаттарна жоп луш, ала лаьа: вайн махках дог лозуш волу муьлхха а жигархо тIеоьцу оха. Цкъацкъа хаало юкъахь ву алийтархьама я алапин дуьхьа юкъавеанарг, ишттанаш ца оьшу, баккъал а шайн махках дог а лозуш, кхузахь хуьлучу хиламашкахь дакъа а лоцуш верг бен ца оьшу тхуна.
– Шайн боламна юкъара уггаре а жигарнаш бовзийтахьа тхуна.
– (Велавелла, жимма соцунгIа хилира иза) Мацах, хIора дена а хета шен доьзал дика, баьхначуьнгахь доллу хьал ду соьгахь а. Делахь а, доьзална юкъахь а хуьлу-кх къаьсттина дукхавезарг, цIийнан дукъ дIакхоьхьург. Иштта, шайна тIедехкина декхарш, вижар-гIаттар доцуш, кхочушдеш бу-кх дуккха а кегийрхой. Царна Дела реза хуьлда! Дала сий дойла церан! Ас хьалха билгал ма-даккхара, боламан 10 шо кхачарна лерина даздарш ду дIадахьа дезаш, цигахь билгалйохур ю баккъал а дика болх бина кIошташ а, иштта уггаре а жигарчу декъашхошна совгIаташ а дийр ду. ХIокху юкъахь мел верг тхуна везаш а, оха лоруш а ву.
– Республикин юкъараллин дахарехь хуьлучу гIуллакхашкахь аш дакъалацар го тхуна, кегийрхойн башхачу духарца бевзаш хуьлу «Ахьмадхой». Оцу гIуллакха тIехь терго латтош мила ву, кхин хIун белхаш бо аш?
– «Ахьмад» боламан коьрта Iалашо Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин весет кхочушдар ду. Цо шен политикица, Iилманца вайна схьабеллачу некъа тIехь чекхдовлар ду.
«Ахьмад» боламан декъашхоша кхочушдеш долу декхарш тайп-тайпана ду. Цхьа а мало а йоцуш, муьлхха а болх тIелоцу хIокху юкъахь болчу кегийрхоша, тхов тилла безаш хуьлда иза я ахка дезаш канал, я кечъян езаш мероприяти хуьлда иза, цхьана а хIуманна юхабевлла бац уьш. Паччахьан накъостий хилла дIахIиттина бу уьш муьлххачу а гIуллакха тIехь. Уьш иштта тешаме хиларна, царна оьшу хьелаш кхуллуш тхо а ду. ХIора стаг а шен цхьацца говзалла йолуш хуьлу, оцу говзаллица къахьега аьтто бо оха кегийрхойн. Царна белхан меттигаш а нисйо.
– ХIокху шарахь шаьш кхочушйина уггаре а мехала проекташ йовзийтахьа.
– Дуккха а ю «Ахьмада» кхочушйина проекташ, амма царна юкъахь къаьсттина мехала яра «Нохчийн меттан де тIекхача – 30–1 де» аьлла проект. Меттан дуккха а говзанчаша дакъалецира цу юкъахь. Цигахь толамхошна хьакъ доллу совгIаташ а дира. Сайна и проект мехала хетаран бахьана довзийта лаьа суна, ас тидам бо кегийрхоша вайн мотт муха буьйцу (со а ву оцу могIарехь) – нохчийн-оьрсийн бу иза.
Маршрутки чохь иштта хеза: «сто дIакховдаде, сдача «тридцать» рублей схьакховдае».
Дош ма дац иза. Вайн маттахь терахьаш ца хаьа, цул сов, оьрсийн маттах гIорторш еш ца хилча къамел ца дало. Кхиа деза вай цу тIехь, вайн мотт ваьш сийсаз ца беш.
Суна Iаламат чIогIа мехала хета нохчийн маттаца доьзна массо а хIума. Со жима волуш гIумкашна, оьрсашна, туркошна юкъахь Iийна ву, цундела хир ду суна Даймахкахь, сайн нахана юкъахь Iер доккха совгIат хетар. Вайн мотт санна хазахеташ цхьа а бац суна. Мерза а, хаза а, кIеда а, цIена а бу иза. Ненаца хабарш дийца, бер хьаста, доттагIех марзо эца, йоIе дагара дийца и цхьа мотт бен бац-кх суна. Маттаца а гуш ю вайн вовшашца йолу уьйр.
ХIора шарахь ас сатуьйсуш 4 де ду: Марха досту де, ГIурбан де, сайн нана йина де, Нохчийн меттан де. Оцу дийнахь, оханан 25-чохь, къаной а, кегийрхой а, вайнехан духарш а духий, Соьлжа-ГIалин урамашкахула буьйлало. ЧIогIа хазахета суна вайнехан духарш, воккхавево и ламаст вай хIора шарахь дIакхоьхьуш хиларх.
ЮНЕСКО-н талламашца нохчийн мотт дуьненчуьра дIабала гергабахана бохучо боккха Iаткъам бо суна. Йиш яц цуьнан дIабала, вай, Делан ницкъаца, хуьлуьйтур а дац иза. Кегийрхоша вовшашка а бийцича, хIусамехь, доьзалехь а бийцича, кIанта йоIе бийцича муха бер бу иза дIа? Йиш яц и хила…
– «Ахьмадан» юбилейн даздарш муха дIадахьа лерина ду шу, Шемал?
– Асаран (июнь) беттан 7-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу театран-концертни залехь дIадахьа лерина ду тхан даздарш. Дерриге а дIа ца дуьйцу ас, шун дахка, хьовса лаам хилийта.
Боламан йолу истори йовзуьйтур ю цигахь. Динарш, дан леринарш довзуьйтур ду. Иштта, тидамза дисинарш билгалдахар доьхур ду республикин куьйгалле. Тхуна мехала ду кхидIа а Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь кхиар.
– Дела реза хуьлда, Шемал, тхан хаттаршна жоьпаш даларна а, хьуна вайн мотт безарна а. Дала тIаьхье беркате йойла шун!
– Нохчийн мотт беза аларх ца тоьа. Иза Iалашбан а, иза шена хьакъ доллучу тIегIане хьалаайа а беза.
Хь.БАХТАЕВА
№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 5-гIа де, 2017 шо