Музыкин хьаьрмахь – похIме илланча

Годунов Борисах дукха яздина историкаша, Iилманчаша, яздархоша. ВорхI бIе шо хьалха, историс голатухучу муьрехь, Россин паччахь лаьттина ву иза. Росси пачхьалкх кхоллаяларан хьостанехь лаьттинчу РюриковичгIеран хIу хаьдча, ларамаза кхаьчна цуьнга и паччахьалла. РюриковичгIеран цIийх хиллачу тIаьххьарчу паччахьан Федоран стунваша хилла Годунов Борис. Федор паччахь волчу заманахь, коьртачу декъана пачхьалкхана урхалла дар а Борисан карахь хилла. Амал Iаламат хала елахь а, Россина урхалла говза деш хилла цо, халкъ а, мохк а низамехь латтош. Иштта, гайтина Годунов Борисан васт оьрсийн сийлахь-воккхачу поэта Пушкин Александра, шен изза цIе йолчу трагеди тIехь.

1021266

Цу тIехь либретто а, изза цIе йолу опера а язйина оьрсийн композитора Мусоргский Модеста 1869-чу шарахь. Деа декъах, итт суьртах вовшахтесна ю иза. Амма юьхьанца, «Борис Годунов» оперехь гучуевлла шогаллаш дIа а яьхна, оьрсийн театрашкахь хIоттон магош опера тIеэцна 1874-чу шеран кхолламан (январь) беттан 27-чу дийнахь. Дерриге а дуьненахь гIарабевлла бевза сийлахь иллиалархой хилла оьрсийн сцени тIехь Борисан васт кхуллуш: Никитин Евгений, Шаляпин Федор, Штоколов Борис, иштта дуккха кхиберш а. Шатайпа похIма оьшу оперехь и тайпа чолхе васт кхолла. Кхузахь уггаре а хьалха онда аз оьшу. Мукъамийн говзанчаша «бас» олу цунах. Аьзнаш а тайп-тайпана ма хуьлу: тенор, баритон, бас. Басаца кхочушъян езаш ю Годунов Борисан ареш. Ткъа и аз наггахь волчун бен хуьлуш дац. Аз хиларх а ца тоьа, цунна тIехь урхалла дан артистехь говзалла, Iилма дацахь. Актерийн корматалла а оьшу Годунов Борисан васт кхуллуш волчунна. Шен озанна тIехь урхалла дан корматалла йолуш хилар бахьанехь бевзина дуьненна Шаляпин Федор, Штоколов Борис, Богатиков Юрий, Сметанников Леонид, иштта дуккха кхиберш а. Иза, иштта, XIX-чу бIешеран чаккхенехь а, ХХ-чу бIешеран юьххьехь а, юккъехь а хилла.

Ткъа ХХ-гIа бIешо юкъал тIех даьлча, церан меттиг дIалаьцна вайн махкахочо, Россин Федерацин хьакъволчу артиста Минцаев Мовсара. Тахана, шен йоккхачу репертуарехь Мовсарна массарал дукхаезачех ю Годунов Борисан музыкальни парти. Дагахь а хиллий-те Москвахь Йоккха театр схьайиллинчу Урусов Петрана а, «Борис Годунов» опера язйинчу Мусоргский Модестана а къоьжачу Кавказан лаьмнашкахь, опера хIун ю ца хууш, хьалакхиъначу нохчийн кIентан, Россин пачхьалкхан коьртачу сцени тIехь дуьненна девза васташ кхолла хьуьнар, похIма хир ду бохург? Оперин театръезархойн шуьйрачу гуонашкахь вевзачу Минцаев Мовсара Россин хьовсархой цецбаьхна ца Iаш, дуьненаюкъарчу конкурсийн тергамхой инзарбаьхна шен озан доза доцчу таронашца, къеггинчу похIмица. Доккхачу дуьненахь а дукха иллиалархой бац консерваторин студенташ болчу муьрехь П.Чайковскийн «Иоланта» оперера Робертан васт а, В.Моцартан «Свадьба Фигаро» оперера Фигарон васт а кхоллар шайх тешийна. Ткъа вайн дозаллица билгалдаккха бакъо ю вайн махкахочо Минцаев Мовсара, студент волуш дуьйна, кхиамца и чолхе говзарш кхочушйина хилар. Цо цхьабосса кхиамца кхочушйора эстрадин а, классикин а говзарш.

movsar_mintsaev

1979-чу шарахь М.Глинкин цIарах йолчу дуьненаюкъарчу конкурсехь хьалхара меттиг а, 1980-чу шарахь «Сочи-80» ерригсоюзни конкурсехь толам а баьккхира цо. Дукха артисташ бац шайн къоначу шерашкахь ишттачу кхиамийн лакхенашка кхаьчна. Вай юьйцурш операш, дуьненаюкъара конкурсаш, фестивалаш хилча газетдешархошна хета тарло, ша схьаваьллачу нохчийн къоман зевне иллеш ала хаьий-те цунна? Бехке дац иштта ойла хьал ца девзачун кхоллаелча. 1983-чу шарахь Бразилин коьртачу шахьарахь Рио-Де-Жанейрохь дIаяьхьначу Халкъийн иллийн фестивалехь Минцаев Мовсара дIааьлларг ворхI илли дара. Царах цхьаъ Рашидов Шаидан дешнаш тIехь, Нохч-ГIалгIайн халкъан артиста Магомедов Султана мукъам баьккхина «Ломахь кхиъна зезаг» дара. И башха илли бахьанехь вайн махкахочо оцу фестивалехь хьалхара меттиг яьккхира. Халкъана, махкана мерза кхаъ бара иза. Цигахь иллиалархочунна елла дашо мидал шена елча санна, воккхавера хIора нохчи а. Цул хьалха цкъа а вайна гина хIума дацара иза. Москварчу консерваторин студент волуш вевзира Минцаевна нохчийн къона композитор Димаев Iела.

Оцу мурехь кечдира цара Магомадов Хьамидан «Iаьржа верта» илли. Нохчийн мукъам а, къоман оьзда дош а дезачара хазахетарца тIеоьцуш а, ладугIуш а илли ду иза. Къаьсттина гIаравала вуьйлира Минцаев Мовсар «Мехкарий» цIе йолу клип Нохч-ГIалгIайн телевиденис эфире яьккхича. Вайн лулахоша хIирийн махкарчу тележурналисташа яьккхина яра иза. Говза а, хаза а яьккхинера, кегийрхойн дог-ойла гIаттош, тIомайоккхуш, диканах тешош, дахаре безам чIагIбеш. Цо хьовсархойн сакIамдира къона иллиалархо вовза, иза мичара, мила ву хаа. ЛадогIархошна чIогIа тайнера Минцаев Мовсара дIаолу иллеш. Царна юкъахь дара Хатуев Iабдул-Хьамидан дешнаш тIехь Усманов Iимрана мукъам баьккхина «Со дIаваларх юрт ма елхаелаш», Дикаев Мохьмадан дешнаш тIехь Ганаев Олхазара мукъам баьккхина «Тхан юьртахь тийна ду», Нохч-ГIалгIайн халкъан артиста Эльмурзаев Бекас даьккхина «Нана» илли, иштта дуккха кхидерш а. Юьхьанца дуьйна гуш дара къоначу артистан аз къеггинчу шатайпаллица къаьсташ хилар а, метигерчу эстрадин сцена цунна готта хилар а. Амма дукха нах бацара вайн махкахь Минцаев Мовсаран дахарх а, башхачу кхоллараллех дерг а ма-дарра хууш. Хаа луурш кIезиг бацахь а.

IMG_9371

Минцаев Мовсар вина 1952-чу шеран оханан (апрель) беттан 8-чу дийнахь генарчу Казахстанехь. Шен верасашца Карагандахь дIатарвелла вара Мовсаран да ТIахIир. Школе воьду хан тIекхачале, Делан къинхетам хьалха а баьлла, 13 шарахь шаьш гIийла сатийсинчу, дай баьхначу лаьтта тIе цIаберза бакъо елира вайнахана. Доьзалшца шен ворхIе да ваьхначу Теркаца Iуьллучу Бена-Юьрта цIавирзира Минцаев ТIахIир. Цундела Мовсаран ирс хилира юьхьанцарчу классе деша дIаволалуш, шен дай баьхначу Бена-Юьртахь школе ваха. КIентан сема лерса а, аз а школехь доьшуш волуш дуьйна хаалуш дара. Цуьнан самукъадолура илли олуш. Амма иллиалархо хила лууш карзахъюьйлу ойла, цкъачунна, ден лерах кхетийта ца хIуттура кIант.

Пхи кIант, пхи йоI дара ТIахIиран. Амма царах цхьа а артист хир ву аьлла дага-м ца деанера цунна. Муьлххачу нохчийн доьзалехь санна, ден дош кагдойла яцара МинцаевгIеран а. Цундела кхиамца Бена-Юьртара юккъера школа чекхъяьккхина, Москварчу кхачанан говзанчаш кечбечу институте деша вахара жима стаг. Кхиамца чекхъяьккхира цо и институт. Амма ойла хаддаза сценех хьерчара. Илли олуш самукъадолура Мовсаран. Цу муьрехь бевзаш хиллачу оьрсийн иллиалархойн дукхах долу иллеш дагахь хаьара цунна, царал тоьлла аьлча-м нийса ца хила там бу, делахь а, ладугIучун лерса хьостуш, тамехь, Гуляев Юрийс, Хиль Эдуарда, Захаров Сергейс, иштта, кхиболчеран репертуарера иллеш дIаолура Мовсара. Къаьсттина дика нислора цуьнан Магомаев Муслиман репертуарера иллеш. Цхьаболчаьрга-м, Минцаев Мовсар гуш ца хилча, къаста а ца лора и илли дIаолуш верг мила ву. Гуш дара къеггина похIма а, зевне аз а, илли дIаала хьуьнар а Веза-Воккхачу Дала Мовсарна делла хилар. Шен озан шуьйрачу таронех бIобулуш волу жима стаг а цхьацца гечонаш леха волавелира сцени тIе боьдучу новкъавала.

IMG_0024

Нохч-ГIалгIайн республикин культурин министерствехь а вевзаш вара иза. ГIо-накъосталла дан луурш бевлира. Цуьнан ирсана 1974-чу шарахь Соьлжа-ГIала веара Ленинградерчу консерваторин хьехархо Серебряков Павел. Кхечу кегийрхошка санна, Минцаев Мовсаре а ладуьйгIира цо, жимачу стеган озан таронех дерг хаа лууш. Кхечу кегийрхошка Серебряковс илли чекхдаллалц дIаолуьйтуш хиллехь, вайн турпалхо иллин хьалхара куплет дIааьлла воллушехь, сацийра цо: «Баркалла! Мукъа ву хьо!». Цуьнан сихалло чIогIа догъэшийра цуьнан. Мовсарна Ленинградера веана хьаша шена реза ца хилла моьттинера. Амма цхьа сахьт далале билгалделира оцу йоккхачу тобанна юкъара цунний бен мукъамийн говзанча реза хилла цахилар.

1974-чу шеран екхна еанчу хазачу гуьйранна Ленинграде кхечира вайн къона махкахо, цигарчу консерваторехь деша Iалашо лаьцна. Шен леринчу омранца Ленинградерчу консерваторин куьйгалхочо Серебряков Павела кечамбаран классе дIаийцира Минцаев Мовсар. Амма цигахь дешарна юкъара велира кIант. Даима а тIуьна лаьтта Ленинградера хенан хIоттам Кавказерчу жимачу стеган могашаллина товш бацара. Цу бахьаница 1975-чу шарахь Москварчу консерватори дехьавелира иза. Мукъамийн профессор Тиц Гуго вара цуьнан хьехархо. Амал кIеда йолчарах вацара, Iер-вахар Москвахь делахь а, схьаваларан орамаш немцойх долу мукъамийн профессор. Шен студенташка низам чIогIа лардойтура цо. Бакъволу артист хила лууш верг, даима а къахьоьгуш хила веза, олура. Вайн махкахочун башхачу озан шуьйрачу таронех воккхавера къена хьехархо. Цунна чIогIа лаьара шен студентех хIора а дуьненна вевзаш воккха артист хуьлийла. Къаьсттина уьйр-марзо яра цуьнан Минцаев Мовсарца.

1310239558849083

Кхоа ца еш, шен мехала хан йойъура цо вайн махкахочунна мукъамийн къайленаш йовзуьйтуш, озанна тIехь урхалла дан цунна Iамош, хьакъ доллучу тIегIане аз дIахIоттош. Хьал ца хуучунна моьтту артистан дахар – иза беккъа цхьа синкъерам бу. Амма иза уггаре а хьалха, боккха къинхьегам бу, наб йоцу буьйсанаш, синтемах хаьдда Iуьйренаш, хаддаза репетицешкахь дIаоьху денош, мацалла Iийжа кийра, и бузо ца тоьа ахча, зачеташ, экзаменаш, литература, истори, дуьне долийчахьана мел хилларг хаа дезар, массо а къаьмнийн амалийн биста кхаччалц… Цундела, дерриге дуьне а цкъачунна дицдина: «Къинхьегам», кхин цкъа а къинхьегам, юха а къинхьегам», цкъа мацца а кхиамийн ирхене кхача лууш хьо велахь. Ишттачу низаман гурашкахь чекхделира Минцаев Мовсаран консерваторехь дешаран хьалхара ши шо. Дуьйцийла йоцуш, хала дара.

Делахь а, дуьненна вевзачу Чинин философа Конфуцийс цкъа мацах ма-аллара: «Шен даго къобалдина гIуллакх дIакхоьхьуш волу стаг цкъа а кIад ца ло». Минцаев Мовсар вара шен даго къастийнарг боккхачу безамца карадерзош. Цуьнан Iаламат чIогIа самукъадолура денна совдуьйлучу хаарех, кхуьучу говзаллех, бераллехь дуьйна экамечу ойланех хьирчинчу новкъа, эххар а, ша ваьлла хиларх а. Кхин цхьа бакъдерг билгалделира жимачу стагана Москварчу консерваторин беркатечу тхов кIел. Халкъалахь «Сатоьхначу салтичух эпсар хилла» олуш делахь а, сатохар а къинхьегамца эдина хила деза юьхьарлаьцначу Iалашоне дIакхача. Москварчу консерваторин кхоалгIачу курсе ваьлла студент вара Минцаев Мовсар цигахь шена белхан меттиг лаха араволуш. Iаламат тамехь баритон аз хиларо таро лора цунна эстрадехь болх бан. И болх лаккхарчу тIегIанехь бан хьуьнар, зевне аз, ондда амал яра вайн махкахочун. Керла юкъадевлла эстрадин иллеш кхиамца дIааларал сов, оьрсийн шира романсаш говза кхочушйора цо. Масех илли дIаьллачул тIаьхьа, шен озаца «Москонцертан» куьйгалхой йийсаре лецира Минцаев Мовсара.

Цунна къеггина тоьшалла дара студент, цхьана а кепара дуьхьало йоцуш, дуьненна евзачу «Москонцерте» балха дIаэцар. Нийса хир дацара консерваторехь дешар а, «Москонцертехь» болх бар а вайн махкахочунна атта дара аьлча. Наб а ца тоьара, садаIа лууш меттиг а йогIура. Делахь а, жима стаг къар ца лора. Цунна бIаьрла гуш дара къахьегар алсам мел дели а, шен корматалла кхуьуш хилар. ХХ-чу бIешеран чаккхенехь массарна безаш, бевзаш артисташ бара Магомаев Муслим, Гуляев Юрий, Хиль Эдуард, Отс Георгий, Захаров Сергей. Россин дуккха а гIаланашкахь церан могIарехь тIеоьцуш артист вара Мовсар а. Ткъа оьрсийн композиторан Мажуков Алексейн «Именем любви», «Сумерки зеленые» иллеш вайн махкахочуьнга санна, дика дIаалалуш стаг карор вацара йоккхачу Россехь. Оцу бакъдолчунна дукхазза а тоьшалла дина композитора Мажуков Алексейс.

М.Минцаевс кхиамца консерватори чекхъяьккхинчу 1982-чу шарахь дуьненна евзачу, бIешерашкахь Россин дозалла хилла лаьттачу Йоккхачу театре балха кхайкхира иза. Цул тIаьхьа а, цул хьалха а кхечу нохчичо болх бина хьаьрма яц Москвара Йоккха театр. ХХ-чу бIешеран чаккхенехь Йоккхачу театро хIиттийначу дукхах йолчу спектаклашкахь коьрта васташ кхоьллина цо. Вайна массарна евзаш ю оьрсийн яздархочо Л.Толстойс язйина «Война и мир» роман. Немцойн фашисташ ямартлонца вайн сийлахьчу Даймахкана тIелатарна дIабоьдуш буьрса тIом болуш оьрсийн композитора Прокофьев Сергейс мукъаме ерзайо и похIме говзар, хьовсархойн дегнашкахь патриотизман ойланаш айъа йолчу Iалашонца.

IMG_6307_Mincaev

Юьхьанца бIаьхойн ансамбло хIоттош хиллехь а, тIом дIабирзинчул тIаьхьа Союзан театрийн сценаш тIе а кхочу «Война и мир» опера. Режиссера Покровский Бориса «Йоккхачу театран сцени тIехь иза хIоттош, Кутузовн роль Мовсарах тешийра. Иштта, кхиамца чекхъяьллачарах ю «Иван Грозный» спектакль а. Оцу оперехь Россин паччахьан Грозный Иванан васт кхуллуш вара Мовсар. Наггахь а театр хир яц дуьненна вевзачу италхойн композитора Верди Джузеппес язйина «Трубадур» опера хIоттоза. Россин Йоккхачу театран сцени тIехь иза хIотточу хенахь, уггаре а халачарах цхьаъ долу Ферандон васт кхоллар а вайн турпалхочунна тIедиллира. Вай дагардинчу а, Минцаев Мовсара оьрсийн коьртачу сцени тIехь кхоьллинчу а васташа къеггина тоьшалла до иза могIарера артист цахиларна. Къеггина похIма долуш, муьлхха васт кхолла хьуьнар долуш, говзаллин тIегIанехь корматалла йолуш, кхоллараллин адам ду иза, кхиамца яьхначу ирхенех цкъа а тоам ца беш, цкъа мацах безаш хаьржина болх дуьненан бахамах хуьйцур боцуш.

Хьал, бахам гулдан лууш хиллехь, Мовсар эстрадехь соцур вара аьлла хета. Йоккхуш шен цIе йолуш, Iаламат йоккха репертуар йолуш, дукхах йолчу гIаланашка гастролашка воьхуш дIаволавеллера иза эстрадехь болх бан. Амма нохчаша наггахь а йоккхуш йоцу Москвара консерватори чекхъяккхар а цунна кIезиг хийтира. Россин Йоккхачу театрехь болх бан волавелла дукха хан ялале, Мовсар Ингалсан пачхьалкхан коьртачу шахьаре Лондоне стажировке вахара, шен башха корматалла кхидIа а кхио Iалашо йолуш. Керла адамаш а, доккхачу дуьненан керла маьIигаш а йовзар маьIне хийтира цунна. Муьлххачу а кхоллараллин адамана санна, цунна а Iаламат мехала дара керлачу анайисте бIаьргтохар, пайдехьдерг схьаэцар а, ледарчух хервала Iамар а. КIорггера хаарш доцчу стагана хала хир ду халкъана, махкана дукхавезаш артист хила. Цунах даима а кхеташ вара Минцаев Мовсар. Римский-Корсаковс мукъам язбинчу «Царская невеста» опери тIехь Йоккхачу театро изза цIе йолу спектакль хIоттош, Собакин Василийн васт кхоллар дара вайн махкахочунна тIедиллинарг.

Оьрсийн литература, истори евзаш воцчу стагана хуур дац Собакин мила ву, цуьнгахь хIун бала хилла. XVI-чу бIешарахь Россехь хилла сингаттамаш бу оперехь балхош берш. Иван Грозныйга маре яхийта дагахь кхиош хилла йоI Марфа, лазаро лаьцна, метта йоьжна. Цунна дан амал доцуш гIайгIанехь ву Собакин. Хьанна ца лаьа паччахь шен нуц хилийта? Бехке дац Собакин Василий а оцу лаамна йийсарехь хилар. Амма дагахь доцуш Марфа лазаро лацаро а, нехан эладитанаша а дохадо хила герга дахана захало. Дешнашца дIайийца-м, иштта,хала а яц оперин сюжет. Ткъа иллин маттаца сюжетан куьцашна, хьовсархой а, ладогIархой а тIаьхьакхио йоккха говзалла, хьуьнар оьшу. Цундела актеран аьтто белира Собакинан чолхе васт шуьйра даста, хьовсархой цуьнан гIайгIанашна декъаозо а.

Иштта, дуьненаюкъара истори йовза, хаа езаш яра Минцаев Мовсара коьртачу турпалхочун васт кхоьллина «Юлий Цезарь» опера а. Цуьнан мукъаман автор италхойн композитор Гендель Георг Фридрих ву. Дж.Буссанис, хьалхуо, язйинчу драмин буха тIехь Хайма Николас либретто язйина, Гендель Георга кхоьллина, дуьненна евзаш опера ю «Юлий Цезарь». Драмин говзаршкахь, дукха хьолахь, нислуш ма-хиллара декхарш-синхаамаш бу кхузахь галаморзахбуьйлуш. ТIом, безам. Iийса Пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) дуьнен чу вала 50 шо гергга зама хьалха, Мисарахь хилла Iотта-баккхамаш бу авторша бовзуьйтуш берш. Майраллех, доьналлех вуьззина турпала бIаьхо ву Юлий Цезарь Мовсара гайтарехь. Форсалехь Помпейца хиллачу тIеман тасадаларшкахь гуш ду цуьнан бIаьхаллин хьуьнар. Делахь а, ховха синхаамаш а хийра бац цунна. Корнелия дехарца тIеяро мелла а дог кIаддо буьрсачу бIаьхочун. Зудчун дехар жоп доцуш ца диттал къонахалла ю цуьнгахь. ПохIме иллиалархо хилла Iаш вац Минцаев Мовсар. Цуьнгахь кIорггера хаарш ду. Цунна дика евза дуьненан истори а, литература а. Цуьнгахь долчу хаарша мел чолхе а васт кхолла иллиалархочунна гIо деш санна хета. Цо говза хIоттадо дIаяьллачу ширачу хенан сурт, мел ширачу заманахь хиллехь а, турпалхочун амал схьалаца аьтто болу цуьнан. Сирла басарш ца кхоош, мел чолхе васт кхолла а актеран корматалла, цуьнан синхаамаш бовзийта зевнечу озан таронаш а ю Минцаевгахь.

25-mintsaev-movsar-copier

Ткъе итт шарахь сов боккхачу кхиамца болх бина цо Россин дозалла ларалучу Йоккхачу театрехь. Цуьнан шен хьовсархойн тоба хилла, къаьсттина Мовсаран башхачу озе ладогIа сатесна театре йогIуш. Цуьнан кхолларалла езарш кхин а алсам хилла. Оперин иллиалархо вара аьлла, иза цкъа а эстрадех дIахаьдда, оьрсийн классикин иллеш, романсаш ца олуш Iийна вац. Масех диск ду цуьнан еккъа цIена оьрсийн шира иллеш, романсаш тIехь йолуш. Уьш езаш, говзанчаша лаккхара мах хадош, тIеоьцуш ю оьрсийн мукъамаш безачара. Делахь а, М.Минцаев нохчех схьаваьлла, шен оьздачу сица, амалца, къамелаца, собарца, леларца, духарца нохчийн иллиалархо ву. Иза цхьаъ ву Кавказан къоьжачу лаьмнашкахь Теркан тулгIенашца кхолладелла нохчийн оьзда илли дуьненан массо а маьIIехула чекхдоккхуш, малхбалера малхбузе, къилбера къилбаседане кхачийнарг. Нохчийчуьрчу Теркайистехь кхиъна велахь а, иллиалархочун хьуьнар хилла дуьненна девзачу Амазонкин хийистошца нохчийн зевне илли декийта. Ткъа иза вайна массарна а юьхькIам бу.

Нохч-ГIалгIайн Республикин хьакъволу артист, Нохчийн Республикин халкъан артист, Россин Федерацин хьакъволу артист Минцаев Мовсар, дай баьхначу лаьтта тIе цIавирзина, тахана Нохчийчохь Iаш ву. Вац мукъа Iаш-м. Масех шарахь Москварчу консерваторехь хьехархочун болх беш цунна чIогIа лаьара нохчийн кегийрхоша мукъамийн къайленаш йостийла, уьш, дуьненна евзачу мукъамийн хьаьрмахь, Москварчу консерваторехь доьшуш хуьлийла.

d54509afc8581d7146407c3bdb337fda

Тахана еккъа цхьа Исаева Iайнаъ ю цигахь доьшуш. Мел воккхавеш дуьйцу Мовсара зевне аз, похIма, сирла кхетам, эхь-бехк долуш кхуьучу оцу йоIах лаьцна. Йоккха дегайовхо а кхобу иллиалархочо Исаева Iайнааца йоьзна. Цунна чIогIа лаьа къоман культура лаккхарчу тIегIанехь хуьлийла. Нохчийн бераш Iамо йолчу Iалашонца вирзина иза цIа а. Нохчийн Республикин хьехархойн университете музыкин кафедре балха хIоьттина. Дуьненна вевза иллиалархо Минцаев Мовсар хьаьгна ву шен хаарш кегийрхошна дIадала, тIекхуьучу къоначу чкъурана юкъахь музыкин алссам говзанчаш хилийта.

Де-буьйса ца лоьруш, къахьоьгу цо студентийн ойла дешарна тIеерзо лууш. Мелла а вас хуьлу уьш низамах боьхча, хааршна сутара ца хилча. ХIун дийр ду тIаккха!? Миччанхьа белахь а, студенташ студенташ бу-кх. Жималло новкъарло ечух тера ду царна, шайна хьалха верг мила ву хаа, цуьнца йолчу уьйр-марзонах пайдаэца. Цкъа мацах Шаляпин Федор массарна вевзаш, гIараваьлла иллиалархо шех хиллачул тIаьхьа, Москвара Казане вахана хиллера, музыкин тоьлла хьехархо цигахь ву аьлла хезна. Ткъа кхузахь цхьанхьа дIасаваха ца дезаш, Москвара цIавирзина музыкин воккха говзанча ву, халкъе, махке болчу безамо цIавалийна. Вай хIунда ца оьцу-те цуьнгарчу хаарех пайда?

Минцаев Мовсарна-м иза оьшуш дацара. Вайна оьшура иза! Къоман культурина оьшура, цкъа мацца а академин тIегIане дIахIотта езаш иза хиларна. Ткъа Мовсар мукъа Iаш вац. Цуьнан са хаддаза мукъамийн хьаьрмахь ду. Иза даима а къахьоьгуш ву, керлачу ирхенашка кхийдаш. Иллиалархо ца лараво дIауьду шераш дагардан. Кхоллараллин лехамехь волчу стеган дог-ойла къона латтар ду цуьнан бахьана. Шен 65 шо кхочуш а цо керла илли дIаяздина. Иза керлачу кхоллараллин ойланех вуьзна ву. Замано цхьа мисхал а ца хийцина цуьнан тайна аз. ХIоьттина даьллачу ловзаргахь ца Iен а Минцаев Мовсаре ладоьгIуш Iан мегар дара. Цуьнан сольни концерт хилча хазахетар дара махкахошна. И аьтто а Нохчийн Республикин пачхьалкхан филармонис бийриг хир бу Россин Федерацин хьакъволу артист цIавирзина хилча. Бакъйолчу мукъамийн искусствох хьаьгна болу вайн махкара бахархой сатесна-м бу Мовсаран башхачу озе ладогIа.

ГАЗИЕВА Аза

№35, пIераска, хIутосург (май) беттан 5-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: