ХIора шарахь а даздаран хьолехь дIахьо вайн республикехь Хаарийн де.
Иштта, кху шарахь а Нохчийн Республикин кхийолчу районашкахь санна, Шелан районехь а лаккхарчу тIегIанехь билгалдаьккхира и де.
Цу дийнахь тхо хилира Шелара № 9 йолчу юккъерчу школин филиалехь. Хаарийн де даздарехь дакъалоцуш вара, шела-гIалин мэр Домбаев Iумар.
ЧIогIа хаза, дикачу кечамца вовшахтоьхна яра цара кху Хаарийн денна лерина линейка. Массо а бер хаза духарш дуьйхина, елаеллачу яххьашца, самукъане гуш дара. Хьалхара дош олуш, вистхилира Шела-гIалин мэр Домбаев Iумар: «Ас шу дерриге а декъалдо кху Хаарийн денца! Луур ду, шайн хьехархошка ла а дугIуш, аш дика доьшийла. Вай кху дийне кхачо гIерташ, вайна хIара маьрша хан хилийта, шен са ца кхоийна вайн республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гечдойла цунна). Иштта, шун дуьхьа, шун кхане сирла хилийтархьама къахьоьгуш схьавогIу республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, районан куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела а. Дала ирсе дойла шун дахар!».
Цул тIаьхьа дешан рагI кхачийра директоре Нучаев Руслане: «Тхан хьоме дешархой! Шун дешаран шо доладели тахана. Вайн къоман кхане шух йоьзна ю. Тхуна массарна а лууш дерг, аш дика дешар ду». – элира цо.
Бераша стихаш ешначул тIаьхьа, дуьххьарлера горгали бийкира. Иза тоха бакъо елира дешархочунна Басханова Сийлахьана.
Билгалдаккха деза, кху шарахь кху школерчу 1-чу классе 180 бер дисна хилар. Ерриге а хьалхара ялх класс ю кхузахь.
МАТАГОВ Исхан
Авторан сурт
