Хьомсара махкахой!
Даггара декъалдо шу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 72 шо кхачарца!

Вайн Сийлахь-боккхачу Даймехкан дукха къаьмнех лаьттачу халкъо толам баьккхина дуьне кхоьлличхьана а уггаре а къиза хиллачу тIамехь. И толам баккхархьама турпалаллица Iожалла тIеэцна вайн миллионаш бахархоша. Фашисташна дуьхьал дIабаьхьначу тIемашкахь шайгара майраллин, доьналлин, стогаллин Iаламаташ гойтуш, вайн мохк, Европа, дерриге а дуьне лардира, кIелхьарадаьккхира цара къизачу а, ямартчу а мостагIех.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даима а боккха тидам тIебохуьйтура тIеман ветеранашна. Иза кест-кеста цаьрца цхьаьнакхетара, хьожура церан хьашташка, гIо-накъосталла дора церан доьзалшна, дIайохура церан проблемаш.
Махкана уггаре а хала мур тIехIоьттинчу хенахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, цуьнан тешаме эзарнаш бIанакъостий а керлачу кхерамах – терроризмах а, экстремизмах а – Даймохк ларбан дIахIиттира. Шайн синош дIа а луш цара ларбира шайн мохк, Росси оцу бохамах кIелхьараяьккхира. Ахьмад-Хьаьжа хIокху дахарера дIавахара хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь, дIавахара тоьлла а волуш! Иза а, нохчийн халкъан тоьлла кIентий а даиманна а вайх хIораннан а, тIаьхьа тIейогIу йолчу тIаьхьенийн а иэсехь бехар бу.
Хьомсара доттагIий! Вай даима а дозалла дийр ду вайн махкахоша тIеман хьалхарчу дийнахь дуьйна мостагIех дера леташ шайгара турпалалла гайтина хиларх, шайн дахар ца кхоош, Даймехкан маршо а, паргIато а, бозуш цахилар а лардина хиларх. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь тIеман аренашкахь а, тылехь а Нохчийн Республикин бахархоша гайтинчу турпалаллин а, къинхьегаман хьуьнаран а лаккхара мах хадийна Даймахко. Церан майралла, доьналла, стогалла билгалъяьккхина «Советийн Союзан Турпалхо» сийлаллин цIарца, эзарнаш бу орденашца а, мидалшца а совгIат динарш. МостагIчунна тIехь толам баккхарна йоккха хазна юкъайилларна Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» цIе елла.
Лараме махкахой! Хьомсара ветеранаш! Лаьа шу дуккха а дехийла, Шун ондда могашалла, дог-ойла ир-карахIоьттина, ирс, аьтто маьрша дахар хуьлийла!
№36, шинара, хIутосург (май) беттан 9-гIа де, 2017 шо