Нохчийн Республикин Парламентан Председателан, Россин Турпалхочун Даудов Мохьмадан декъалдар

Лараме махкахой, хьомсара ветеранаш, къинхьегамхой!

Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн цIарах а, сайгара а, ас даггара декъалдо шу Сийлахьчу Толаман 72 шо кхачарца! Вайн махкахь дика ламаст а хилла дIахIоьттина ду хIокху дийнахь Даймохк фашистех ларбеш, майра тIом бинчу салтийн сийдар а, цIакхачаза бисинарш дагалацар а. Вайн дайша а, дедайша а турпалаллица дакъалаьцна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь. Оцу луьрачу къийсамехь шайн синош ца кхоадора цара, хIунда аьлча, царна хаьара шаьш Даймохк ларбеш, маршо, паргIато къовсуш дуйла.

Вайна, Нохчийн Республикин бахархошна, доккха дозалла ду вайн дуккха а махкахоша СССР-н кхидолчу халкъийн векалшца цхьаьна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман коьртачу латаршкахь дакъалацар. Нурадилов Ханпаша, Висаитов Мовлид, Идрисов Абухьаьжа, Магомед-Мирзоев Хаваж, Мидаев Салман, Бейбулатов Ирбайхан, Узуев Мохьмад – мекарчу мостагIчуьнца Даймехкан паргIато къуьйсуш летта болу, шайн майралла, турпалалла бахьанехь нохчийн къам гIарадаьккхина болу къоман турпалхой бу уьш. Вай даима а дагахь латтор ю церан сийлахь цIерш.

2004-чу шеран хIутосург беттан 9-чу дийнахь, Соьлжа-ГIалахь Толаман денна лерина дIахьочу парадехь дакъалоцуш, турпалхо санна кхелхира Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. И иэшам бахьанехь нохчийн халкъехь болчу боккхачу балане хьаьжна доцуш, вайн хьомсарчу ветеранийн а, тахана маьршачу бахархойн синтем ларбечу сийлахьчу бIаьхойн а дуьхьа Толаман де даздо вай. Кхин цкъа а декъалдо шу дерриге а Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баккхаран денца! Дика могашалла йолуш, дуккха а шерашкахь ирсе дехийла шу!

№36, шинара, хIутосург (май) беттан 9-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: