Толаман денна лерина даздарш дIахьур ду тахана

Тахана, хIутосург беттан 9-чу дийнахь, вайн махкахь даздеш ду Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 72 шо кхачар. Цу денна лерина даздарш дIахьош ду Россин ерриге а регионашкахь. Царна юкъахь ю вайн республика а. Тахана Соьлжа-ГIалахь дIахьур ю Толаман денна лерина парад.

wr-720.sh-18

Оцу гIуллакхна а, парадехь дакъалоцучу белхахойн кечамна а тIехь терго латтош ву Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан. Республикин МВД-хь хаам ма-барра, Соьлжа-ГIалин коьртачу проспектехь, «Нохчийчоьнан дог» маьждигна хьалха даздаран парад дIахьур ю. Цигахь дакъалоцур ду полицин а, Россин Къоман гвардин Къилбаседа Кавказан федеральни округехула йолчу «Терек» СОБР-н а, Россин Федерацин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин а, Россин Федерацин УФСИН-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин а, Россин Миноборонин а белхахоша а, Соьлжа-ГIаларчу тIеман училищен курсанташа а, кхечара а.

Иштта, парадехь дакъалоцуш хир ю тIеман техника а. Цу юкъахь: БТР, БРДМ, БМП, леррина йолу гIагI диллина «Тигр» машенаш, «Выстрел» а, керла КамАЗаш а, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман хенахь хилла машенаш – баккъал йолу Iамаркан «Виллис» а, цунах тера йолу оьрсийн ГАЗ-67 а («Оьрсийн Виллис»), гIараяьлла йолу «Полуторка», иштта, дIадаханчу шарахь парадехь дуьххьара дакъалаьцна йолу «Победа» ГАЗ-М-20 машен а.

Даздаран парад Россин Къоман гвардин Чоьхьарчу эскарийн 46-чу бригадин тIеман оркестран музыкица дIахьур ю. Даздаран коьрта репетици, ламасте дирзина ма-хиллара, стомара (хIутосург беттан 7-чу дийнахь) Iуьйранна дIаяьхьира.

Толаман денна лерина «Лийрйоцу полк» ерригроссин акци а дIахьур ю тахана Соьлжа-ГIалахь. Нохчийчохь и гIуллакх вовшахтухуш ду Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос, Ерригроссин юкъараллин граждански-патриоталлин «Россин лийрйоцу полк» боламан Нохчийн регионан отделенис, Ерригроссин «Толаман волонтераш» боламан Нохчийн регионан отделенис, республикин вузаша. Ламасте ма-дерззара, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцначу шайн гергарчеран суьрташца Соьлжа-ГIалин коьртачу майдана арабевр бу нах. Хьалха вайн пачхьенехь Iийна, хIинца республикин дозанал арахьа Iаш болчара а дакъалоцур ду оцу гIуллакхехь. «Лийрйоцу полк» боламан дакъалацархой Толаман денна леринчу коьртачу парадана тIаьххье гIур бу.

Иштта, Толаман денна лерина 9 000 синтар дугIур долчу 15 гIалина юкъаяхна Соьлжа-ГIала. И гIуллакх хIинцале дIадаьхьна ду ораматийн «Экоплант» питомнико. Оцу гIуллакхна леринчу сайта тIехь кхаж тасарца хаьржира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранийн сийнна лерина синтарш дугIур долу гIаланаш. 100 эзарна тIера ахмиллионна тIекхаччалц бахархой болчу гIаланашна юкъахь хаьржинчу пхеа гIалина-толамхочунна юкъахь ю Соьлжа-ГIала. Царна юкъахь меттигаш хIокху кепара дIасаекъаелла: Иваново, Красногорск, Магнитогорск, Сергиев Посад, Соьлжа-ГIала. 500 эзарал алс ам бахархой болчу гIаланашна юкъахь тоьлла Москва, Санкт-Петербург, Казань, Тула, Уфа. 100 эзаре кхаччалц бахархой болчу гIаланашна юкъахь кхаж баьлла Ржевн, Мурино поселкин, Пикалевон, Лобнян, Всеволожскан.

Билгалъяьхначу гIаланашкахь Толаман денна лерина синтарш дугIур ду хIутосург беттан 3-чу дийнера 15-чу дийне кхаччалц. Къасторан муьрехь дакъалаьцнарг Россин 3 000 гIала яра.

Дагадоуьйту, 2015-чу шарахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман 70 шо кхачарна лерина даккхий даздарш ерриге а Россехь дIадаьхьна хилар. Ткъа Нохчийчоьнан, пачхьенехь Толаман денна лерина театрализованни гIуллакх вовшахтоьхнера. Берлинехь бина тIом а, Рейхстаг схьаяккхар а гайтира актераша шайн ловзарехь. 1945-чу шарахьлерчу тIеман хиламийн баккъал долу сурт хIоттош а, хьовсархой Толам баккхаран дийне «кхачош» а хIоттийна яра постановка.

А.ВАХАЕВА

№36, шинара, хIутосург (май) беттан 9-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: