Хьомсара махкахой!
Иэсан а, лазаман а дийнахь вай юха а дагалоьцу нохчийн халкъо лайна бохамаш, Iазапаш, къизаллаш. Историн ерриге а йохаллехь къизачу зерех – махках дахарх, тIамех, Iазапех – чекхдийла дезна вайн. Вайн декъана кхаьчначу бохамаша ирча лар йитина: йохийна, аьтта гIишлош, хIаллакьхилла, бIеннаш эзарнаш нах, тIепаза байна эзарнаш, хьаькхна дIаяьхна гIаланаш, ярташ.
Оцу халачу хенахь хьере хилла халкъ орцадохуш дара. Амма гIо-орца кхача меттиг яцара. Халкъ цхьаьнатоха, иза шена тIаьхьахIотто хьекъал, хьуьнар, ондда лаам, генна хьалха дерг ган хууш тхьамда оьшура. Оьшура халкъан дуьхьа шен дахар дIадала кийча волу стаг. Ишттаниг хилла дIахIоьттира Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Халкъан кхоллам къаьстачу оцу чолхечу муьрехь Нохчийн Республиках а, цуьнан бахархойх а долу жоьпаллин дукъ шен белшаш тIе ийцира цо. Цуьнан ницкъ кхечира и адамаш цхьаьнатоха, маьршачу дахаран некъа тIе даха.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнан тешамечу эзарнаш бIанакъосташа а шайн дахар ца кхоийра нохчийн махкахь машар а, токхо а, синтем а хилийтаран дуьхьа. Цара ларйира Россин цхьаалла а, йозуш цахилар а. Цуьнан некъаца дIадоьлхуш долчу вай йохийна дIаяьккхира Нохчийчуьра дуьненаюкъара терроризм, меттахIоттийра республика, нохчийн халкъан юха а дика цIе яккхийтира.
Цуьнца цхьаьна вай юкъадаьккхина Иэсан а, лазаман а де. Вай и дина Нохчийн Республикин халкъашна шайн историн гIайгIане агIонаш дагахь латтийта а, уьш кхин цкъа а ца хилийта вайх дозуш дерг дерриге а дайта а. Оцу дийнахь вай сагIанаш доху кхелхинчу вайн махкахошна тIера, хиллачу весашна а, цатемашна а, вовшашна къинтIера а довлу. Вайн сийлахь декхар ду оццул беза мах а луш вай баьхначу кхиамийн хама бар, уьш кхин а алсамбахар.
Россехь а, бакъонца, уггаре а кхерамза а, бегIийла а, синтеме а йолчу цхьана регионехь Iаш ду вай. Вай доьшуш ду, кхуьуш ду, гIишлошъеш ду, спортехь гIуллакхаш деш ду, экономика, культура кхиош ду. Оцу дерригено а таро елла вайна Нохчийн Республиках махкахь уггаре а сиха кхуьуш йолчу регионех цхьаъ йина дIахIотто. Тешна ву вайн коьрта кхиамаш хьалхахьа хиларх.
Хьомсара доттагIий! Лаьа шун доьзалшкахь ийман, беркат, токхо лаьттийла, шун ондда могашалла, кхиамаш, маьрша дахар хуьлийла!
№36, шинара, хIутосург (май) беттан 9-гIа де, 2017 шо