1-ра сентябрь дешархойн дахарехь шатайпа де ду. Цхьаволу дешархо цхьа класс лакхаволу, лаккхарчу дешаран заведенешкара студенташ цхьа курс лакхабовлу, ткъа кегий бераш, хьалхара классе доьлхурш, дуьххьара доьлху школе. Царна хIинца а ца хаьа шайна тIехь долу жоьпалла а, шаьш вайн кхане хилар.
Ерриге школашкахь а санна, Грозненски районерчу Октябрьскин юккъерчу школехь а билгалдаьккхира 1-чу сентябрехь Хаарийн де.
Цхьатерра духарш дуьйхина, коьрта даккхий кIайн билзигаш дихкина, карахь зезагийн хаза йина курсаш а йолуш, сихачу боларца школе хьаьвдда догIура бераш. Цхьа шатайпа самукъадалар гуора церан яьххьаш тIехь. Тахана бен шайна и школа кхин гур йоцуш санна, массо а метте бIаьрг туоха хьоьга дара бераш. Царна иза башха де дара, цундела берриге а тидам шайна тIе а бохуьйтура цара. Ткъа со цаьрга церан бераллин ирсечу «гIайренах» хьоьгуш хьоьжура.
САГАЕВА Залина
Авторан сурт
