1928-чу шеран оханан (апрель) беттан 17-чу дийнахь дIаболийна шен болх «Вайнах» радиос. 1999-чу шарахь цхьана-шина шарна юкъахбита дийзира радион болх. ТIеман хенахь дохийра Радион цIа. Карарчу хенахь «Вайнах» телевиденица цхьана гIишло чохь ю радио. Цигахь масех редакци ю: юкъараллин-политикин, исбаьхьаллин, и.дI.кх.а.

Радиона куьйгалла деш ву Джаватханов Рамзан. Шеф-редактор Бокарова Лариса ю. 20 гергга стаг ву радиохь болх беш (технически белхахой цхьаьна).
Дукха хенахь дуьйна радиохь къахьоьгуш бу: Эльмурзаева Роза, Исраилова Яха, Балаева Асет, Кусаев Iадиз. Нохчийн маттахь, нохчийн меттан мехалла, исбаьхьалла, сийлалла юьйцуш передачаш йо цара даима а. Вайн дахаран дерриге а некъаш юкъалоцуш передачаш кечйо радиос. Царна юкъахь ю: «Мотт – къоман хазна», «Районан дахар» – Исраилова Яха; «Кхерчан йовхо», «Йовр йоцу цIе» – Бакарова Луиза; «ПIераскан буьйса» – Шундулаев Iусман; «Дахаран лар» – Махмаева Малика и.дI.кх.а.
Передача кечъян а, иза радиоладогIархошна хазъялийта а дуккха а къахьега деза. Шен декхаршца дика ларош схьайогIуш ю «Вайнах» радион коллектив.
«Грозный» ННТРК болх бан йолаелла 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь, ткъа «Грозный» радио – жимма хьалха, «тестан рожехь». Радион директор ву Нухаев Идрис. Цо доцца дийцира шаьш бечу балхах лаьцна.
«2004-чу шарахь веана со радио балха, – дуьйцура И.Нухаевс. Цу хенахь бархI стагах лаьтташ яра тхан коллектив. Яздархойн Союзан гIишло чохь дIатарделлера тхо. 2007-чу шарахь Зорбанан цIийне схьадаьхкира. Цу хенахь гIирсашца а, чоьнашца а хьал ледара дара. ДоьалгIа шо ду Радион цIийне схьадаьхкина, кхузахь балхана оьшург дерриге а ду. Хаза чоьнаш а, дIаязъян гIирсаш а бу. Техникин хьашташ кхочушдаран а, хаамийн-тематикин программийн а, музыкин а редакцеш ю. Коллективехь 20 стаг ву. Оха ерриге а теманаш ойу тхайн передачашкахь. ГIиллакх, гIуллакх дуьйцуш, нохчийн мотт бийца безаш хилар дуьйцуш проекташ а йо. 2012-чу шарахь Культурин министерствехь кхоьллина комисси ю Уциев Абу, Усманов Iимран, Мусхабов ИсмаьIал, и.дI.кх. юкъахь болуш. Цара магийна йолу эшарш хуьлу оха эфире йохурш».
Дикачу белхахойн цIерш ехира И.Нухаевс. Уьш бу: шеф-редактор Загаев Руслан, аьзнийн режиссер Абдулаев Шемал, корреспондент, нохчийн маттахь керланаш дIахьош йолу Абдулмуслимова Санет, корреспондент, тайп-тайпанчу теманашна хьесапдаран, дуьххьалдIа йолу эфир дIахьош йолу Уматгириева Зарема, кхиберш.
2009-чу шарахь хьаьттан (август) беттан 23-чу дийнахь йиллина «Некъ» телерадиокомпани. Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна лерина дара иза схьаеллар. Цунна куьйгалла деш ву вевзаш волу Iеламстаг, Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Шахидов Адам-Хьаьжа.
Бусалба стеган ислам динах долу хаарш тIедузу дика гIирс бу «Некъ» радио. Баккхийчарна а, кегийчарна а, зударшна а лерина а хаамийн-хьесапдаран а тайп-тайпана передачаш кечйо кхузахь.
«Некъ» радион коьрта редактор Точиева Хеда ю. Цунна дика бевза шен болх. Х.Точиевас дийцира шайн балхах лаьцна: «ХIокху шарахь шуьйрачу диапазонийн керлачу лестам (частота) тIе довлуш хиларе терра, тхайн балхахь а мелла хийцамаш бан лерина ду тхо, – бохура цо. – Хьалха динан бен ца хиллехь, хIинца политика, экономика, истори, иштта кхийолу агIонаш юьйцу оха тхайн передачашкахь. Оцу дакъошкахь къахьоьгуш долу адамаш кхойкхуш, дуьххьалдIа эфираш йо. ХIинца 91.0 FM лестам тIе девлча, республикин дозанал арахьа а хезар ду тхо. Цу кеппара, Россехь дуьххьарлера динан радио хилла дIахIуттур ю «Некъ». Цу хьокъехь сацам хилла дукха хан йоццуш Роскомнадзоран комиссин хиллачу кхеташонехь. Кху шарахь дуьйна вайн Iеламнехан хьехамаш оьрсийн матте а бохуш, эфирехь хозуьйту оха. Радио ерригроссин тIегIане йолуш хилча, мехала гIуллакх ду иза».
«Керланаш» а, республикин лоьраш хьошалгIа а кхойкхуш, «Могашалла ларъе» перадача а дIахьош ю Магомаева Фатима. Луларчу регионашкара Iеламнах а, кхиболу хьеший а кхойкху цара эфире.
Радион редакторш бу: Исаков Рашид, Берсанова Хеда, аьзнийн режиссер Сосаев Джамбулат, эфир дIахьош ву Баймурадов Расул, редактор – Дидигов Казбек, дуьххьалдIа йолу эфир, интервьюш дIахьо Джабаров Тамерлана.
Республикин бахархоша езаш тIеэцна ю Х.Берсанован «Бусалба зуда», Р.Исаковн «Пайхамаран медицина», Дидигов Казбекан «Мехала интервью», Арипханов Адаман «Исламан баххаш» передачаш.
Беркате бу «Некъ» радиос беш болу болх. ХIора ламазна азан дарал а, иштта Къуръан доьшуш хазийтарал а доккха хIума хир дац.
Л.ДАУТОВА
№36, шинара, хIутосург (май) беттан 9-гIа де, 2017 шо