ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу М.Миллионщиковн цIарахчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетехь дIадаьхьира математикехула а, информатикехула а, физикехула а оццу ВУЗ-ехь вовшахтоьхна хиллачу республикин олимпиадийн толамхошна совгIаташ дар.
Олимпиадашкахь тоьллачарна дипломаш даларан даздаршкахь дакъалоцуш вара Физикин кафедрин куьйгалхо Хаджиев Рамзан, лаккхара а, Пайдечу математикин кафедрин куьйгалхо Даурбеков Сайд-Эми, Пайдечу хаамийн технологийн институтан директор Алисултанова Эсмира.
Хьехархоша студенташна дийцира Пачхьалкхан коьрта экзамен математика а, физика а, информатика а харжа езар, хIунда аьлча карарчу хенахь оцу предметашкахула долу хаарш чIогIа оьшуш ду.
Пайдечу хаамийн технологийн институтан директора Алисултанова Эсмирас билгалдаьккхира, шо шаре мел долу деша хIуьттучеран хаарш хаъал лакхадовлуш хилар.
– Олимпиадийн 30 дакъалацархочо информатика дIаяларехь 60 балл яьккхина. Иза Россехь оцу предметехула йолчу Пачхьалкхан коьртачу экзаменан юккъера тIегIа ду. Пхи шо хьалха дуьххьара оха и олимпиада дIахьочу хенахь 30 балле кхаьчча а боккха кхиам хетара. Ткъа хIинца дешархойн белхийн таллам бича 100 балл яьккхинарш а карабо. Суна хетарехь, тахана вайна гуш болу кхиамаш – иза, информатика а, хаамийн-коммуникацин технологеш предметехула йолчу Пачхьалкхан коьртачу экзаменна экспресс-кечамбаран проекто дика болх бина хиларан билгало ю, – элира Э.Алисултановас.
Шайна совгIаташ диначул тIаьхьа, дешархойн таро хилира шайн белхашка хьовса а, кхиамца Пачхьалкхан коьрта экзамен дIаялархьама муьлхачу дакъошкахь шайн хаарш тIедуза деза бохург хьехархошца дийцаре дан а.
Дакъалацархошна а, хьешашна а Пайдечу хаамийн технологийн институтан студенташа шаьш кечйина концерт гайтира.
I.МУРТАЗОВ
№36, шинара, хIутосург (май) беттан 9-гIа де, 2017 шо