Оханан (апрель) беттан 28-чу дийнахь I.Шахбулатовн цIарахчу пачхьалкхан филармонехь Нохчийн халкъан музыкальни гIирсийн оркестран 10 шо кхачарна лерина юбилейни концерт хилира.
Оццу дийнахь билгалдаьккхира оркестран исбаьхьаллин куьйгалхочун Багацаев Абун 60 шо а, Нохчийн а, ГIалгIайн а республикийн халкъан артистан Паскаев Рамзанан 70 шо а кхачар.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министран хьалхарчу заместитела Мелькиев Рустама, Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаментан директора Амаева Мадинас, I.Шахбулатовн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонин директора Денильханова Тамарас. Концерт йолалуш юбилярийн дахарех а, кхоллараллех а лаьцна видиороликаш гайтира. Концертехь дакъалоцуш яра В.Хлебниковс куьйгалла деш йолчу Нохчийн пачхьалкхан симфонийн оркестран Нохчийн Республикин берийн симфонин оркестрана юкъайогIуш йолу Р.Паскаевн цIарах йолу школа.
Массарна дезаш а, девзаш а долу шира а, керла а мукъамаш дара концертехь кхочуш динарш.
Хьовсархоша чIогIа самукъадолуш ладуьйгIира концерте.
АСЛАХАНОВА Хеда
№36, шинара, хIутосург (май) беттан 9-гIа де, 2017 шо