Къилба Корейн «Северансо» дегайовхо ло

Дуьненахь а уггаре йоккха ларалучу Къилба Корейн «Северанс» клиникин куьйгалла кхаьчнера хIокху деношкахь вайн республике. Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министра Сулейманов Эльхана тIеийцира лоьрийн делегаци. «Северансан» 120 шарахь болх беш гулделла зеделларг ду. Нохчийн Республикин могашаллин хьаьрма кхиорна шайна дакъа юкъадилла лаар хаийтина корейцаша.

IMG-20170505-WA0009

 

Шайн Iалашонаш йовзуьйтуш, барт бан еанчу делегацина коьртехь «Северанс» клиникин коьрта лор Ли Бьенг Сок вара. «Делегаци вайн республике дуьххьара еана яра, цундела программи юкъа догIура хьешашца Соьлжа-ГIалахула экскурси яр. Цул тIаьхьа тхан барт хилла, корейцаша вайн лоьрийн корматалла лакхаякхарехь гIо дар тIелоцуш. Нохчийн лоьраш стажировке бохуьйтур бу Къилба Корейн пачхьалкхе», – хаам бо Э.Сулеймановс.

«Северанс» клиникин дуьненаюкъарчу отделан куьйгалхочо Су Йона дийцарехь, церан клиникехь цхьана 2016-чу шарахь 15 эзар сов чолхе операци йина. Корейн лоьраша дарбалелоран методика йовзийтина ца Iаш, медицинин керлачу гIирсашца болх бан а Iамор ду, кху заманахь дуьненаюкъарчу рынкехь юхкуш йолчу медицинин техникех тоьлларг къасто а хьоьхур ду Нохчийн Республикерчу лоьрашна.

Цамгаршна нийса диагностика ярна тIехь билгалбевлла бу корейцаш. Хууш ма-хиллара, шен хенахь ца карийначу онкологин, деган-пхенийн цамгаршна дарба дан хала хуьлу.

Боккха аьтто бу Нохчийн Республикин лоьрийн Къилба Корейхь шайн хаарш тIедуза, зеделларг алсамдаккха йиш хирг хилар.

Хьеший вайн республикин Онкологин диспансеран балхе хьаьвсира. Диспансеран коьртачу лоьро Метаев Сосланбека дийцира шаьш пайдаоьцучу методикех, гайтира тIейогIучу хенахь царна болх бан аьтто беш билгалйоккхур йолу меттиг, гIирс, хьелаш.

Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран хьаьрмахь бIеннашкахь оьшуш бу, белхан зеделларг долу,тоьлла говзанчаш. Корейцийн зеделларг а сов хир дац вайна.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Суьрта тIехь: Къилба Корейн лоьрийн делегаци

№36, шинара, хIутосург (май) беттан 9-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: