Дукха хан йоццуш М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драматически театран труппа Кинишма гIалахь хилира. Цигахь дIаяьхьначу классикин «Довха дог» фестивалехь «Хьоме нус» спектакль гайтира цара (оцу фестивалехь дакъалоцуш а боцуш, цуьнан хьеший бара уьш).

Цу хьокъехь тхоьца къамел хилира театран актеран, режиссеран, Нохчийн Республикин хьакъволчу артистан Темишев Султанан. Цигахь шаьш спектакль хIотторах а, шаьш тIелацарх а лаьцна дийцира цо.
– Кинишма гIалахь дIахьош хиллачу «Довха дог» фестивале хьеший санна дакъалаца кхайкхина дара тхо. Цига даха кечлучу хенахь, са ца гатдора аьлча нийса хир дац. Россин тайп-тайпанчу регионашкарчу театрийн актераш а, кинон а, театран а говзанчаш а хинболчу фестивалехь спектакль юьхькIоме гайта лаьара. Декорацеш а йоцуш, тхаьш цига доьлхий хиъча, сагатдар алсамдаьллера сан а, актерийн а. Цигахь вовшахтоха езара декорацеш.
Кинишма дIадахале цхьа де хьалха Культурин министр Дааев Хожа-Баудди веара оха Кинишмахь гайта леринчу спектакле хьажа. Цо шена хетарг а элира, хийца безаш болчу цхьаболчу мукъамех лаьцна а элира. Тхуна мехала дара цуьнан дош а, цуьнан хьехар а. ШолгIачу дийнахь новкъа девлира тхо. Цига дIакхаьчча, уггаре а сагатдийриг декорацеш кечъяр дара. Дагахь доцучу кепара вовшахтуьйхира оха декорацеш. Шайн сагатдар лачкъа а деш, спектаклана кечбелира актераш.
Спектакль йолаялала масех минот йисинчу хенахь зала чу хьаьжира со, гулделларг дукха адам дуй хьажа. Схьагинчу суьрто со гIеххьа цец а ваьккхира. Зала чуьра ерриге а меттигаш дIалаьцна ца Iаш, кхитIе а гIенташ дара дIахIиттийна. Актераш сагатдеш бара, хийрачу гIалахь оццул дукха нахана хьалха шаьш хьакъ ма-дду гайта лаьара царна. «Хьоме нус» спектакль а, вайн актерийн ловзар а шайна хазахетта хилар хаийтира хьовсархоша. Спектакль чекхъяьллачул тIаьхьа, нийсса 15 минотехь куьйгаш диттира хьовсархоша. Уггаре а хьалха вайн республикина боккха юьхькIам бара иза. Тхаьш ледара гайтарна а кхоьруш, сагатдаро цхьайолчу меттигашкахь тхаьш дохарна а кхоьруш, бинчу белхан оццул лаккхара мах хадор хаза кхаъ бара.

Оццу суьйранна РСФСР-н халкъан артистаца, актераца, режиссераца Кулагин Леонидаца а, Москван а, Москван областан а театран гIуллакххошца бечу белхан отделан куьйгалхочуьнца Никитина Татьяница а цхьаьнакхетар хилира тхан. «Хьоме нус» спектаклах а, вайн актерийн говзаллех а лаьцна шайн кхоллаелла ойланаш йовзийтира цара. Кулагин Леонида билгалдаьккхира нохчий оьзда а, лела хууш а, хьуьнаре а адамаш хилар. Цул сов, нохчийн къоман культура лаккхарчу тIегIанехь хиларх лаьцна а дийцира цо. Иштта, Татьянас а лаккхара мах хадийра актерийн ловзарийн. Россерчу бевзаш болчу говзанчаша иштта мах хадор мехала дара суна а, вайн актерашна а. Театран директорна Дааев Вахахьаьжина баркалла элира цара. Цара хаийтира, шаьш Нохчийчу а догIург хилар, – дийцира режиссера Темишев Султана.
«Хьоме нус» спектаклехь ролаш ловзийнарш бара: Нохчийн Республикин хьакъйолу артист Нальгиева Зульфия (марнана), Нохчийн Республикин хьакъволу артист Махаури Iальви (Iаббаз), Нохчийн Республикин хьакъволу артист Хамзатов Ахьмад а, Зайтаев Рашид а – лоьраш, артисташ: Ибрагимова Румиса (Санет), Авзаева Хеда (Разет), Исламгириев Апти (Мохьмад), Исламов Висхан (художник), Цацаева Роза (Сапият). Иштта, цIерш яха лаьа, сцени тIехь гуш а боцуш, къахьоьгуш болчу белхахойн – чиркхийн серлонийн оператор Сатуев Iийса а, звукооператор Загиев Амир а.
– Кинишма гена ю. Суна баркалла ала луур дара театран директорна Дааев Вахахьаьжина цига даха хьелаш тхуна хилийтарна, – бохура С.Темишевс.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрташ тIехь: режиссер Темишев Султан а, «Хьоме нус» спектаклан кийсак а
№36, шинара, хIутосург (май) беттан 9-гIа де, 2017 шо