Сталинград паргIатъяьккхинчех цхьаъ

Шо-шаре даларца, хан-замано генадохуш лаьтта вай уггаре а буьрсачу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман фронташкахь хиллачу хиламашна. Вай декхарийлахь ду оцу денойх, шайн дахар, могашалла ца кхоош, Даймахкана кхерам тIехIоьттича, юкъйихкина паргIатонехьа къийсам латтийначу адамех лаьцна, тIекхуьучу чкъурана дайша гайтинчу хьуьнарех лаьцна дийца.

Сан могIанийн турпалхо 1914-чу шарахь Теркйистерчу Лаха-Неврехь вина СаьIин Идун воI Мохьмад ву. Цу шарахь боьдуш Дуьненан хьалхара тIом бара. Iаламат хала хан яра иза. Башха хьал хийца а ца делира Россехь Советийн Iедал дIахIоттош болабеллачу Граждански тIамехь а. Доьзалехь, Мохьмад воккхахверг волуш, кхин кхоъ йоI а, кхоъ кIант а дара. ТIаьхьий-хьалхий да-нана кхелхинчул тIаьхьа, доьзал кхабаран дукъ Мохьмадана тIедуьйжира. Дикане дог дохуш, ИдуевгIар Соьлжа-ГIала дIакхелхира. Кхузахь чохь Iен хIусам нисъелира. Мохьмадан балха ваха аьтто хилира. Шен хаарш тIедузаран Iалашонца ФЗО-н школа чекхъяьккхира цо. Цунах тоам бина ца Iаш, рабфаке деша а вахара.

ТIехдика дешарца 1936-чу шарахь чекхъяьккхира иза а. Хаарийн дуьнена кхача болу цуьнан ондда лаам а кхочушхилира. ГIалин Старопромысловски кIоштан цхьана школе истори хьеха балха вахара иза. ТIеман хьалхара шераш дара уьш. Мохьмадан хаарийн лаккхара мах хадош, иза Лаккхарчу партийни школе деша хьажийра. Дешар чекхдаьллачул тIаьхьа, Хьаваца доьзал кхолла Iалашо йолу Мохьмад эскаран могIаршка кхойкху. Ша патриот а, коммунист а хиларе терра, 1942-чу шеран аьхка Висаитов Мовлид коьртехь волчу 255-чу дошлойн полке кхочу иза. ТIом марсабаьлла хан яра иза.

ТIеман дакъа хьем боцуш, тIеман кIуркIаманехь йолчу Сталинграде кхочу. Iаламат боккха ницкъ бара немцоша тIететтинарг. Отделенин командир хIоттийра Идуев Мохьмад. Окопаш чохь дIачIагIбеллачу вайн дошлошна тIедеттара массо а тайпа герзаш. Танканашца а тIелатарш дора, вайн бIаьхой озабаларе сатуьйсуш, амма, мостагI гIалатваьллера. БIаьхой ир-карахIиттош, церан дог-ойла, толаме болу тешам чIагIбеш вара дошлойн командир Висаитов Мовлид. Шен отделенера бIаьхой гIоле йолччу позицешка нисбора Мохьмада немцойн рогIера тIелатар юхатоха кечлуш. Фашисташа дуккха а декъий, йогуш техника а юьтура вайн позицеш схьа ца яхалуш. Кест-кеста ечу контратакашкахь вайн тIемалоша немцой хIаллакбина ца Iаш, тIеман трофейш йохьура.

ТIом боьдучу хенахь, окопаш чухула дIасалелаш, салтийн дегнаш ир-карахIиттош, толамах тешош хьийзара иза. ТIеман позицеш хуьйцуш, 1942-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь церан тIеман дакъа Мамаевн цIарах болчу барзан лакхе схьаяккха гIоьртира. Сийна цIе яьлла богуш барз болуш, догIанан хьесапехь схьаетташ даьндаргаш йолуш, мостагIчуьнца тIом дIаболийра дошлоша. МостагIаша ондда еш дуьхьало яра, амма юхадовлар дихкина дара. МостагIчун аьтто беш яра церан позицеш. Фашистийн герзаша бойуш, чевнаш еш эгийра дуккха а вайн тIемалой. Чевнаш хиллачарна юкъахь Мохьмад а вара. МостагIчун даьндаргаша настаран даьIахк этира. Гуонах ирча сурт дара хIоьттинарг. Белларш а, дийна бисинарш а вовшах къаьсташ бацара.

Чов хиллачу настарх дуккха а цIий эхар бахьана долуш, набаран тар туьйсура, амма, кхетам чуьра вала герга волу Мохьмад, тIаьххьара ницкъ гулбой, сема хила гIуртура, чевно лозуш чIогIа ницкъ бора, гIора а довш лаьттара. Нагахь набаро Iехавахь, кхин ша гIоттур цахиларх тешара иза. Чевнаш хиллачаьрца шайн отделенин лазартне дIавигира. Хилларг еза чов хиларна лазатнера госпитале кхечира. Кхузахь дарбалелор мелла а дахделира, амма когана хуьлуш гIоле яцара. Ког дIабаккха безара Iожаллин кхерамах хьалхаваккхархьама. Цхьа шо гергга хан елира цIахь бисинчу гергарчарна Мохьмадах дерг ца хууш. Цунах догдиллина, тIепаза вайна лерира.

Чов йирзинчул тIаьхьа, 1943-чу шеран хьаьттан (август) баттахь иза комиссино цIа хьажийра. ЦIерпошта тIе хиъча Мохьмадан коьрте тайп-тайпана ойланаш хьийзара: «Муха тIеоьцур-те хIинца гергарчара тIамо заьIап винарг?». Ткъа цуьнан езар Хьава… Цо ша цIа ван ларвина хир ву бохург аьттехьа ца дуьтура. ЦIерпошт Соьлжа-ГIала кхечира. Вагонна чуьра охьавоьссина Мохьмад, цхьана юкъана сацавелла, дIасахьаьжира. Гергарчарах дуьхьалвеана гуш стаг а вацара. «Со хьанна оьшу хIинца, ког боцу заьIапхо…» ойла хьаьвзира коьрте. Ларамаза вокзалехьа дIавирзинчу Мохьмадан кийра сийна цIе елира. Цунна гена йоццуш лаьтташ Хьава яра. И шиъ вовшашка хьажаделира. Мохьмадах бIаьрг кхетта Хьава сихха къайлаелира. Иза юха гург цахиларх дог диллира Мохьмада. «Со заьIапхо ву, ткъа иза куьцехь хаза йоI ю, цунна оьшур вац ахстаг», – хьийзара коьрте.

Шийла деара 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу кхаарин де. Сатоссуш церан чу лилхира НКВД-н салтий. «Сихха кечло, шу новкъадовлуш ду», – элира цаьрца волчу эпсара. Мохьмада дуьхьало йира: «ХIара мохк, сайн хIусам ларъеш, мостагIчунна дуьхьал тIом бина ву со. Со кхузара меттах вериг цахилар дIахаа ду шуна». Салташа тIе герз хьажийра селханлерчу тIемалочунна. Гергарчийн дехарца новкъавала дийзира цуьнан. ТIехIуьтту некъан халонаш массаьрца ловш ИдуевгIеран доьзал Казахстане дIакхечира. Алма-Атан областехь дIанисбелира Мохьмад а, цуьнан гергарнаш а. Казахстанехь карийра цунна Соьлжа-ГIалин вокзалехь шех «едда» Хьава. И шиъ цхьаьнакхийтира, доьзал а болабелира.

ТIом чекхбаьлла ши шо даьллачул тIаьхьа, тIаьхьалонан сержантан Идуев Мохьмадан цIарах тIеман совгIат кхечира – «За победу над Германией» мидал. Шо-шаре даларца дуккха а делира уьш майрачу тIемалочунна. Доьзал юха Даймахка бирзинчул тIаьхьа «Старогрознефть» урхаллин ОРС-хь болх бира Мохьмада. Шен хIусамненаца Хьаваца ворхI бер а кхиийра. Ша дуьнен чохь йоккхучу хенахь хьаналчу рицкъанца ваьхна иза. Иштта, бу цуьнан доьзал а. Кест-кеста дешархошца цхьаьнакхетарш нислора цуьнан. ТIеман дагалецамашкахь цо шен цIе ца йоккхуш, накъостийн доьналлех, хьуьнарех, майраллех лаьцна дуьйцура. ХIинца вайца воцуш ву Мохьмад. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь, юха ца волуш, шегара доьналла гайтарца толамна юкъа шен дакъа диллина цо.

Х.ЖАПАРОВ

№36, шинара, хIутосург (май) беттан 9-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: