Сийлахьчу Толамна юкъахь вайн хьуьнарийн дакъа

Советийн халкъийн дахарехь Iаламат доккха зер хилла болчу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баккхаран шатлакхаш кхийсинчул тIаьхьа 72 шо хан дIаяьлла. Шайн Даймохк ларбеш, советийн адамаша шайгара йоккха турпалалла гайтира. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман фронташкахь советийн бIаьхоша гойтуш долчу турпалаллин хьуьнаршка терра, цкъа а лийр доцу турпалалла гайтира тылан къинхьегамхоша, белхалоша, ахархоша. Цара эскаршна кхачойора герзашца, техникица, кхачанан сурсаташца.

45753_original

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь советийн халкъо а, цуьнан герзашца кечбинчу ницкъаша а гитлерхойн Германина а, цуьнан хьадалчашна а, букъсурт кагдеш, тохар дина, хьаьшна, аьтта, эшийна дIаяьккхира фашизм, вайн Даймехкан маршо а, бозуш цахилар а лардира, паргIатдехира кхидолу халкъаш, Сийлаллица кхочушдира шайн интернациональни декхар. Дуьне оцу мокхачу уьнах кIелхьарадоккхуш, Европин аренашкахь советийн масех миллион салти а, эпсар а вуьйжира. Церан майраллин ларам беш, церан сийнна хIолламаш хIиттийна дуьненан дуккха а мехкашкахь.

Халахеташ делахь а, тахана Европерчу цхьадолчу мехкийн куьйгалхой (Польша, Балтйистера мехкаш, Украина) шайн Iаьржачу Iалашонашкахь галъяккха гIерта Дуьненан шолгIачу тIеман истори, лахдан гIерта фашистийн Германи хIаллакьярехь Советийн Союзо а, Советийн эскаро а лелийна маьIна. Немцойн фашистех Польша паргIатйоккхуш воьжна 600 эзар советийн салти. Советийн разведчикаша йохорах кIелхьараяьхна полякийн гIаланаш, масала, Краков. ЦIен Эскар ду Польшин махкарчу немцойн концлагершкара нах паргIатбаьхнарг. Дукха хан йоццуш, 2015-чу шеран кхолламан (январь) баттахь, ерриге а Европо Освенцим концлагерь фашистех паргIатъяьккхина 70 шо кхачар даздечу хенахь, Польшин Iедало дерриге а дира и лагерь Советийн Эскаро паргIатъяьккхина хилар билгал ца даккха гIерташ. И санна дерг емалдан хьакъ ду. Кхеташ ду, историн бакъдерг толаза Iийр дац. Дерриге а дуьненан истори юккъера цкъа а дIадаккхалур дац немцойн фашизман букъасурт кагдинарг Советийн Союз хилар. Цо беза мах белира оцу буьрсачу тIамехь толам боккхуш. Дукха баланаш лайра, халонаш Iаьвшира. Дуьнено даима а дагахь латто деза фашизме дуьненахь олалла дарна некъ бихкинарг, коьртачу декъана, вайн мохк хилар, тIеман коьрта мохь цунна тIехь хилла хилар, Гитлеран Германи йохорехь коьрта маьIна вайн махко лелийна хилар.

Фашистийн Германина тIехь толам баккхарна юкъа хьакъ йоллу хазна йиллина Нохч-ГIалгIайн АССР-н бахархоша. Божарий фронтехь тIемаш беш бара. Ткъа къаной а, зударий а, бераш а тылехь къахьоьгуш дара, толаман дуьхьа, иза герга балош. 2013-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 7-чу дийнахь G20-н саммитан жамIаш деш дIаяьхьначу пресс-конференцехь къамел дечу хенахь Россин Федерацин Президента В.В.Путина дIахьедира: «Нохчаша а, гIалгIаша а Iаламат дукха гIуллакхаш дина Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баккхийтарехьа. Уьш тIех майра летта, шаьш турпала бIаьхой а, Даймохк ларбархой а хилар гойтуш. Иза цIена бакъдерг ду. Цунна дуккха а тоьшаллаш ду. Нохчий шайн амалца а, вадца а турпала халкъ ду. Вайн юкъарчу цIа чу бала беанчу хьелашкахь цара шаьш иштта ган а гайтира».

ТIеман юьххьехь дуьйна коьртачех хилла дIахIоьттира тIамехь йолчу техникина ягорган-хьакхаран материалашца кхачояр. Цуьнца доьзна цIеххьана лакхаделира Соьлжа-ГIалин мехкадаьттанах гIуллакхдаран предприятийн маьIна. Кхузара ягорган-хьакхаран материалаш ма яра фронте дIахьовсош ерш. И маьIна кхин а лакхаделира 1941-чу шеран чаккхенехь, тIелеташ долчу немцойн эскарша СССР-н европин декъехь хилла мехкадаьттанах гIуллакхден заводаш йохийча.

1942-чу шарахь дуьйна советийн авиацин, бронетехникин, транспортан, тIеман-хIордан кеманийн доккхах долу дакъа Соьлжа-ГIаларчу а, Бакурчу а мехкадаьттанна а, бензинна а тIехь болх беш дара. Делахь-хIета, Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттанхойн а, мехкадаьттанах гIуллакхдархойн а турпалаллин къинхьегамах бозуш бара, дукхахдолчунна, советийн-германин фронтехь вайн бIаьхойн хинболу кхиамаш.

ТIом дIа ма-болабелли, 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 23-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь йоккха митинг хилира. Цигахь республикин бахархоша чIагIо йира немцойн фашисташна тIехь толам баккхарна оьшуш дерг дерриге а дан. Республикин мехкадаьттанхоша дIахьедира мехкадаьтта даккхар а, цунах гIуллакхдар а шаьш дикка алсамдаккха сацам хилла хилар. 1941-чу шеран мангалан (июль) баттахь «Грознефтекомбинатан» белхахоша мехкадаьтта даккхаран план 103 процентана кхочушйира. Турпалаллица къахьийгира мехкадаьттанах гIуллакхдархоша а.

Ерриге а Къилбаседа Кавказан бахархойн дог-ойла гIатторехь Iаламат доккха маьIна лелийра 1942-чу шеран хьаьттан (август) баттахь Буру-ГIалахь дIаяьхьначу вуно йоккхачу антифашистски митинго. Оцу митингехь дакъалоцуш хиллачу халкъаша тIеэцначу резолюцехь бохура: «ЛадогIа тхоьга, маршо дукхаезаш долу Къилбаседа Кавказан халкъаш! Вайн сийлахь декхар ду мостагIех Кавказ ларъяр, иза церан карацаяхийтар. Вай дерриге а, цхьаъ санна, гIовтта деза ЦIечу Эскарна гIоьнна. Некъ бехка беза мостагIчунна, юхалахка а, хIаллакъян а еза мостагIийн гIеранаш. Кавказан лаьмнашкахь, Донан, ГIобанан, Теркан, Соьлжан маьршачу аренашкахь кхиъна вежарий, майра къонахий… гIовтта Iожаллин тIаме. Тоха, хIаллакве, ата вайн неIалт хилла мостагIа – немцойн талорхой, йовсарш!

…Нохчий, гIалгIай! Даймехкан дуьхьа шен са дIаделла волчу Нохчийн ЦIен Эскар вовшахтоьхна волчу Шерипов Асланбекан сирлачу васто ир-карахIиттадойла шу мостагIчуьнца дIахьош болчу Iожаллин тIамна!

Теркахой, соьлжахой! Дагалаца, мел нуьцкъала тохар дира кIайгвардейцашна, шун станицашкахь вовшахтоьхначу гIалагIазкхийн революцин дивизис. Шайн дайн а, баккхийчу вежарийн а некъаца дIагIо».

Хууш ма-хиллара, фашистийн Германина тIехь СССР-о толам баккхаран уггаре а коьртачех бахьана дара советийн халкъийн цхьаалла хилар. Шайн юкъарчу мостагIчунна дуьхьал цхьаъ хилла дIахIиттира уьш. Фашистийн пропагандисташа дукха къа а хьийгира, и цхьаалла йохо, халкъийн барт бохо гIерташ. Цунна боккха ницкъ тIе а бахийтира. Къаьсттина боккха болх дIабаьхьира оцу декъехь Къилбаседа Кавказехь. Ламанхой советийн Iедална дуьхьал баха, кхузахь боккха гIаттам бан сатуьйсура цара. Делахь а, Къилбаседа Кавказан лаьмнашца дехачу халкъаша шаьш Iеха ца дайтира. Сталинан къизачу политике хьаьжна ца Iаш, вайн юкъара даймохк – СССР – ларъян дIахIиттира уьш.

Немцойн пропагандина дуьхьал къийсам дIабахьаран дика гIирс хилла дIахIоьттира 1942-чу шарахь НГIАССР-н Iедалан гIоьнца вовшахтоьхна йолу Граждански тIеман дакъалацархойн-къанойн тобанаш. Уьш регионехула дIасалелара немцойн харцпропагандех бахархой кхетош. ХIеттахь, 1942-чу шарахь, къаноша – Нохч-ГIалгIайчоьнан а, ГIебартойн-Балкхаройчоьнан а векалша – Къилбаседа Кавказерчу ламанахошка кхайкхам бира. Цу тIехь бохура: «Фашистийн агенташа а, питанчаша а эладитанаш даржадо лаьмнашкарчу халкъашца немцойн дика юкъаметтигаш ю бохуш. Харц ду!

№36, шинара, хIутосург (май) беттан 9-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: