…Пхи бер дара Хаьмби-Ирзерчу вахархочун Шаипов Эскин а, цуьнан хIусамненан Жаментан а доьзалехь: Султан, Ахьмад, Супьян, Зулай, уггаре а жиманиг – Табарк а. Ткъа шо долу кIант Султан, ЦIечу Эскаран могIаршкахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь немцойн мехкашдIалецархойх леташ вара 1941-чу шеран мангалан (июль) баттахь дуьйна. ХIетте а, оцу вуно шийлачу Iуьйренца, берриге а кхиболу нохчий санна, Эскин доьзал а, Соьлжа-ГIала а бигна, вагонаш чу бехира. Нохчашна ца хаьара, мича буьгу, шайн хIун бехк бу. Некъ беха бара. Наха цIера сихаллехь схьаэцна юург-мерг дукхахболчеран сиха чекхъелира, амма рицкъ долчара иза доькъура гIелбеллачаьрца.
Шалон сих-сиха соцура паначу станцина геннахь. Цхьацца каде а, тIахъаьлла а болу кегийнах охьабуьссура, хи дан баха а, цхьацца хIума эца а. Шалон цIеххьана дIа а йолалой, шайн вагона тIе а ца кхуьий, кхечу нахана юкъанислора цхьаберш, дех-ненах а, йиша-вешех а къаьсташ. Иштта меттигаш дукха хуьлура оцу бехачу новкъахь.
Иштта, цхьана пана станцехь цIерпошт сецча, Супьян вагона чуьра охьаиккхира, дIасахьажа а, волавала а дагахь. Амма шалон, цIеххьана дIайолаелира. Супьян шен вагонна тIехьаьдира, амма хьала вала ца кхиира. Халла тIаьххьарчу вагонан хьалаволучу ламех тасавелира иза, амма ха деш волчу салтичо, мийра тоьхна, охьакхоьссира. Гуонаха еса лайн аре яра, гIийла велха волавелира, дех-ненах хаьдда, ша цхьаъ висина Супьян. ЦIеххьана шега цхьаъ кхойкхуш санна хийтира. Цуьнга кхойкхург хиллера аьчканекъан белхало – оьрсийн зуда. Амма, цуо бохучух ца кхеташ, Iадийна лаьттара кIант. ТIаккха, ша тIе а еана, Супьянан куьг а лаьцна, иза цхьана жимачу станце дIавигира зудчо. Цуо кIанте хеттарш дора, амма, оьрсийн мотт ца хуучу Супьяна дерригенна а цхьа жоп лора, «Не знаю», олий. И ши дош бен дацара оьрсех цунна хууш.
Цкъа хьалха, налха тIехьаькхна бепиг а делла, довха чай а малийна, кIант вузийра зудчо. ТIаккха, арабаьхна нохчий тIехь болу рогIера шалон схьакхаьчча, оцу тIехь болчу нахе – Веданара хиллера уьш – хилларг дийцина, цаьрца дIахьажийра Супьян.
Вагона чуьрчу цхьана стага шега дIаийцира иза. Супьянан дог тедеш, сих-сиха олура цо: «Ма вуоха, хьан гергара нах карор бу, Дала мукъ лахь. Ца карабахь, хьо сан кIант хир ву». Церан цIерпошт цхьана станце кхаьчча, хьалха дIаихна масех шалон яра цигахь лаьтташ. Вагона чуьра охьавоьссича, Супьянна цIеххьана шен юьртахо гира. Ша тIеэцначу нехан сиха Iодика йина, шайн вагона тIехьаьдира иза.
ШаиповгIеран доьзал Казахстанехь дIатарбира жимачу кIотарахь. Казахийн цхьана доьзало царна дIаеллера цхьа чоь а, сени а йолу жима лаппагIа. Ша велла дIаваллалц Супьяна баркаллица дагалоьцура шайна оцу халачу хенахь сурсаташца а, дечигца а шега далун гIо дина къинхетаме дог долу казахийн йоккха стаг – бераша, шайн ненайиша лоруш, Аже олура цунах.
Йоккхах йолчу йоьIан Зулайн ялхитта, Ахьмадан дейтта шо бен дацара, Супьян а, Табарк а кхин жима дара, хIорш Казахстанехь беха кхо-диъ шо даьлча, да-нана а делла, байлахь дуьсуш. Доьзал кхабаран дукъ Ахьмадана тIехь дисира. Цо, ялташ чудерзийначул тIаьхьа, аренашкахь дисина кенаш гулдора. Бераша хьоьгу халонаш хууш, ялтийн складан куьйгалхо йолчу оьрсийн зудчо Клавдия Ивановнас а, шена кхераме доллушехь, шега далун гIо дора царна – наг-наггахь ведар дуззий кIа а лора цо, цхьанна а цахаийтар доьхуш. Цхьана дийнахь, и ведар кIа дохьуш вогIуш, Ахьмад лецира милицис. Цо иза лачкъийна аьлла, ворхI шо хан а тоьхна, чувоьллира.
Шийтта шо кхаьчна ваша Супьян а, ялх шо долу Табарк а хене даккхар тIедуьйжира Зулайна. Амма кестта иза а елира. Оцу боккхачу доьзалера шаьшшиъ дисира и жима ши бер, орцахвала цхьа а воцуш. Цкъацкъа де-буьйса долура цаьршимма юучух батт тохаза. Шийла дара Iа. Супьяна, араволий, ча лахьадора, цунах пеш латайора. Амма ча даьгна ма-делли, юха а сиха шеллора. Чохь мел йолу декъаза йовха хIума Табаркана тIехьарчайора вашас.
КхоалгIа де дара и шиъ меца долу. Табарк даима а йоьлхура: «Со мацъелла, суна кхаллар деза», бохуш. Кхин дан хIума а ца хилла, ша санна, жимачу йишица байлахь висинчу шен маьхчица цхьаьна, эвла йисттехь йолчу гIезаш лелочу ферме вахара Супьян. Цигахь цхьацца гIаз тIоьрмига чу йоьллина, цхьанна а гучу ца волуш, ведда цIа веара. Фермехь ха деш хиллачу шина немкас – нанас а, йоIа а – кхера а елла, дIора аьлла, орца ца даьккхира. Цул тIаьхьа кхин цкъа а вахара ши кIант оццу ферме. Цхьацца гIаз тIоьрмига чу йиллина, и шиъ цIехьа ведча, тIаьхьабевдда богIуш нах хаабелира цаьршинна. Некъана юьстахо лаьтташ лайн гу гина, цунна юкъахь дIалечкъира. Хьийзочу дарцо лараш яйъира сихха. Орца дIателлац Iийна, цIа вирзира. Кхин цул тIаьхьа ферме ваха ца ваьхьира и шиъ.
Иштта шина беро бала хьоьгуш, бIаьсте елира. Ткъа бIаьстенца циггахь вехачу цхьана дог дикачу нохчичунна карийра Супьянан а, Табаркан а гергара нах – церан ден маьхча. Цунна тIе дIадигира цо ши бер. Циггахь, Казахстанехь Супьяна, зуда ялийна, доьзал кхоьллира. 1957-чу шарахь Даймахка, шен дай баьхначу юьрта Хаьмби-Ирзе цIа а вирзира…
Къасттина ала лаьа Супьянан вешин Шаипов Султанан (сурта тIехь) кхолламах. 1941-чу шеран мангалан (июль) баттахь дуьйна ЦIечу Эскаран могIаршкахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь фашистех леташ вара иза. 1942-чу шарахь тIеман телеграфистийн курсаш чекх а яьхна, 89-чу Суворовн а, Кутузовн а орденаш лелочу Тильзитан танкови полкехь телеграфист вара ефрейтор Шаипов Султан. Цуьнан тIеман некъаш дахделира Москвара Кенингсберге кхаччалц. ТIамехь даима а доьналла, майралла гойтура цо. Султана хьуьнарш гайтина хиларан тоьшалла ду, толамца тIом чекхбаьлча, демобилизаци еш, 1945-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 30-чу дийнахь 89-чу Тильзитан танкови полкан Урхалла даран ротин командира Е.Соловейс Султанна, иза Коммунистийн партин кандидаташка дIаоьцуш, елла характеристика: «Немцойн мехкашдIалецархошца тхан подразделенина юкъахь ша бинчу тIемашкахь ша бакъволу Даймохк ларбархо хилар гайтира ефрейтора С.Э.Шаиповс. Малхбален Пруссехь хиллачу тIемашкахь зIе латторехула лакхара радиотелеграфист вара иза.
Хьалхахьа дIаоьхучу танкашна тIаьхьа а вогIуш, тIееттачу яккхийчу тоьпашка а, герзаш тIедеттачу а, атакин халачу хьелашка а ца хьоьжуш, даима а, минотана а хедаш йоцу, радиозIе латтайора цо.
Дайше бохучу хин йистехь хиллачу тIелатарехь, танкашна тIаьхьавогIуш волчу Шаиповна чов йира, амма шен бIаьхаллин меттиг (пост) ца юьтуш, шен раци тIехь болх бира цо, подразделенин командирана а, танкисташна а юкъахь, хедаш йоцу, зIе латтош.
Немцойн-фашистийн мехкашдIалецархошца бинчу тIемашкахь бIаьхаллин хьуьнарш гайтарна накъост Шаиповна елла кхоалгIачу даржан «Слава» орден а, ЦIечу Седанан ши орден а, «За отвагу», «За взятие Кенингсберга» мидалш а.
Низаме ву. Массо а агIор цIена ву. Ленинан, Сталинан партина тешаме ву. Коммунистийн партин декъашхошка кандидат хила хьакъ ву».
Даймахка цIавирзинчул тIаьхьа дуккха шерашкахь тайп-тайпана белхаш бира Шаипов Султана, Соьлжа-ГIалин Октябрьски кIоштан РОВД-хь а. Оцу шерашкахь кхин а масех юбилейни а, бIаьхаллин а совгIаташ кхийтира цуьнан долуш долчарна тIе. Царах уггаре а дезаниг дара Сийлахь Толаман шовзткъа шо кхочуш, тIеман ветеранна Шаипов Султанна елла хьалхарчу даржан «Даймехкан тIеман» орден. Ткъа маьршачу къинхьегамехь кхиамаш бахарна Шаипов Султанна деллера пачхьалкхан совгIаташ – «Сийлаллин билгало» орден а, «Юкъараллин низам лардарехь тIехдика гIуллакхаш дарна» мидал а.
Иштта, башха бара нохчийн оцу цхьана могIарерчу доьзалан кхоллам.
ШАИПОВА Зараъ,
(гочъеш, зорбатоха кечйина КУСАЕВ Iадиза)
№36, шинара, хIутосург (май) беттан 9-гIа де, 2017 шо