Нохчийчоьнан маьIданийн хазнаш

Кхана ерриге а Россехь а санна, Нохчийчохь билгалдоккхур ду Мехкадаьттан, газан промышленностан белхахойн де.

Советийн хенахь вайн республикехь  дика кхиъна дара мехкадаьтта, газ яккхар а, царех гIулалкхдар а.

90-гIа шераш дуьйлалуш республикехь шарахь 3–4 миллион  тонна мехкадаьтта доккхура. Бакъду, тIемаш болчу хенахь республикин кхийолу промышленность а, экономикин кхидолу  дакъош а санна, дохийна, дIадехира мехкадаьтта, газ  яккхарех а, царех гIуллакх даран а дакъош. ТIамал хьалхарчу шерашкахь оцу аьргаллех  гIуллакх деш  йолу  масех предприяти яра. Ткъа хIинца  царех цхьа а яц. ТIамал тIаьхьарчу шерашкахь дIадаьхьира  мехкадаьтта,  газ яккхар меттахIоттор.

Нохчийчохь куьйга  мехкадаьтта даккха долийра ХIХ-чу бIешеран хьалхарчу эхехь. БIешо чекхдолуш и аьргалла промышленни кепара яккха йолийра. ХХ-гIа бIешо чекхдолуш Соьлжа-ГIала Россин мехкадаьттан промышленностан коьрта дакъа хилла дIахIоьттира, мехкадаьтта а, бензин а даккхарехь дерриге а дуьненахь цIеяхара цуьнан. Ткъа 30-чу шарешкахь Советски Союзехь мехкадаьтта даккхарехь шолгIачу  метте елира иза. Республика доккха маьIна долуш хилира пачхьалкхан экономикин а, тIеман а ницкъ чIагIбарехь, цунна индустриализаци ярехь.

Тахана республикехь дIахьош ду мехкадаьтта, газ йолу иттаннаш меттигаш  караерзор.

Нохчийчуьра мехкадаьтта Россехь  уггаре а лакхара дикалла йолуш  ду. Иза дай ду, цуьнца  алсам  ю парафин, кIезиг ду саьмгал.

Республикин мехкадаьттан дакъа меттахIотторна 2000-чу шарахь  Россин Правительствос тIеийцира  «Нохчийн Республикин мехкадаьттан, газан дакъа меттахIотторехь  хьалхарчу рогIехь  дан дезачу гIуллакхийн хьокъехь» болу сацам. Оцу сацамца  йилла  йолийра «Роснефтана» чуйогIуш йолу «Грознефтегаз» ОАО. 2006-чу шарахь оцу  компанис 2,1 миллион тонна мехкадаьтта даьккхира. Къилбаседа Кавказехь мехкадаьттан коьрта тIаьхьалонаш Нохчийн Республикехь ю.

С.ЛАЛАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: