Нохчийн журналисташа а дагалецира и къаьхьа хиламаш

ХIутосург беттан 10-чу дийнахь республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь Нохчийн Республикин халкъийн Иэсан а, лазаман а денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Гулбеллачара дагалецира республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, бохамашкахь кхелхина болу махкахой.

Цхьаьнакхетарехь дакъалецира Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, «Единая Россия» политикин партин республикерчу отделенин Кхочушдаран комитетан куьйгалхочо Зайналабдиев Валида, республикин муфтин наиба Сатаев Рамзана, Нохчийн Республикин халкъан поэта Яричев Iумара, къаноша, Iеламнаха, министерствон белхахоша.

Сатаев Рамзана доIа дарца дIадолийра цхьаьнакхетар. Цул тIаьхьа дош делира Умаров Джамбулате.

Цо дийцира нохчийн халкъо шен исторехь мел лайначу баланех а, бохамех а, республикин хьалхарчу Президентах Кадыров Ахьмад-Хьаьжах а лаьцна.

– Тахана вай билгалдоккхуш ду лазаме де. ХIокху цхьана дийнахь билгалдоккху республикерчу халкъаша мел лайна долу лазаме денош, бохамаш, баланаш. Вайн иэсехь бу и бохамаш а, оцу бохамашкахь мел кхелхинарш а. Цара массара а шайн синош хIокху махкахь машар хилийтархьама дIаделла ала мегар ду. Нохчийн халкъан исторехь Iаламат дукха ду лазаман а, бохаман а денош. Цу юкъа догIу вайн халкъ махках даккхар а, тIаьххьара хилла йолу тIеман ши кампани а. Цхьаболчу бохамаша халкъе хIоттийначу хьоле хьаьжча, къизалло а, Iазапо а, харцоно а нохчий берриге а хIаллак ца беш бисина хиларо цецдоху. Амма тахана халкъ а, республика а когахIоьттина. Россин тайп-тайпанчу субъекташца а, йозуш йоцучу пачхьалкхашца а зIенаш тийсина республико. Эзарнашкахь туристаш а, хьеший а оьху кхуза. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин весет а, лаам а кхочушхиларна тоьшалла ду иза, – элира министра.

Яричев Iумара а дийцира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин майраллах а, доьналлах а, нохчийн халкъан а, республикин а дуьхьа цо дIаделлачу шен дахарх а лаьцна. Шен къамел дерзош республикин хьалхарчу Президентана язйина йолу байт йийшира цо.

Цхьаьнакхетаран официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, «Ан-Нур» тобано «Ахьмад-Хьаьжа» цIе йолу нашид элира. Иштта, нохчийн халкъ махкахдаккхарх лаьцна дуьйцу театран хIоттам а гайтира гулбеллачарна.

И.ИСЛАМОВ

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: