«Арт-школехь» конкурс дIаяьхьира

Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетехь «Арт-школин» студентийн конкурс хилира.

GGNTU._ART_SHKOLA_w1200_h800

Конкурс вовшахтоьхнера Россин Федерацин Дешаран а, Iилманан а министерствос а, Россин Художникийн союзо а, Нохчийн Республикин Культурин министерствос а.

Конкурсан хьеший бара: Москварчу Художникийн союзан декъашхо Сопова Ксения, «Мим-оркестр» пластикин театран актриса Балаговец Татьяна, суьрташдахархо Шарапов Роман.

Конкурс дIаяхьаран Iалашо яра студентийн похIма гучудаккхар а, цаьргахь патриотизм кхиор а.

«Арт-школин» студенташа шайн хьуьнарш гайтира иллеш аларехь а, хелхарш дарехь а.

Мероприяти дIайолийра Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан проректора Салгириев Рустама маршалла хаттарца: – ХIокху тайпана конкурс дIаяхьар мехала гIуллакх ду. Таханлера де вайн хьешашна а, конкурсан дакъалацархошна самукъане а, мехала а хир ду аьлла хета суна. Кхузахь «Арт-школин» дакъалацархоша тайп-тайпана къийсадаларш дIахьур ду, мастер-классаш луш, лекцеш йоьшуш, интеллектуальни ловзарш деш, Дала массеран аьтто бойла! – элира цо.

Жюрин декъашхочо «Мим-оркестр» театран белхахочо Балаговец Татьянас конкурсах лаьцна иштта элира: – Уггаре а хьалха ас шу дерриге а декъала до «Арт-школин» конкурс дIайолаяларца. Суна лаьа кхидIа а шаьш долийначу гIуллакха тIехь кхиамаш а, аьтто а хуьлуш шу чекхдовлийла. Дала тIаьхье беркате йойла!

Университетерчу студентийн Клубан декъашхоша а, Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан артисташа а хIоттийначу концертни программица дIайолийра конкурс.

Цул тIаьхьа конкурсан дакъалацархой а, хьеший а дешаран №2 йолчу корпусе бахара. Цигахь гIишлошъяран факультетан Архитектурин кафедро исбаьхьаллин гайтам вовшахтоьхнера. Оцу гайтамехь хилира лакхахь хьахийначу университетан гIишлошъяран факультетан декан Абуханов Iабдулрахьман а, Архитектурин кафедрин куьйгалхо Насуханов Шадид а.

Хелхаран а, суртдилларан а, сурт даккхаран а исбаьхьаллин майданашкара бевлча, конкурсан дакъалацархой тобанашка бекъабелира. Цигахь хьешаша а, эксперташа а лекцеш йоьшуш мастер-классаш елира. Иштта, дешаран №3 йолчу корпусехь дIаяьхьира мастер-классаш а, уьш елира Татьяна Балаговеца.

ГIишлошъяран факультетехь Москварчу Художникийн Союзан декъашхочуьнгара Сопова Ксениягара берашна суртдилларан исбаьхьаллех лаьцна дуккха а пайдехь хIуманаш девзира. Шарапов Романа суртдаккхаран говзаллехула йолу лекцеш а йийшира, мастер-классаш а елира.

Конкурс чекхъялча эксперташа жамIаш дира. Цара билгалдаьккхира студентийн берриге а белхаш бIаьрг тIехIуттуш а, дика а хилар. Цундела жюрис сацам бира цхьанна а совгIат ца деш, конкурсан дакъалацархошна сертификаташ дала.

Суна массарна а баркалла ала лаьа, къаьсттина «Арт-школин» дешархошна. «Шу похIма долуш ду, кхидIа иза кхион аьтто хуьлда шун! Иштта, баркалла ала лаьа суна хIара конкурс вовшахтоьхначу Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан техникин университетана», – элира Сопова Ксенияс.

Конкурс ерзийра «Арт-школин» дешархоша иллеш а олуш.

АСЛАХАНОВА Хеда

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: