Сулейманов Ахьмадан юбилей билгалъяьккхира

Нохчийн къоман литературин дозалла, юьхькIам хилла ваьхначу халкъан поэтан Сулейманов Ахьмадан хьомечу юьртахь – Олхазар-КIотарахь дукха адам гулделлера оханан беттан 30-чу дийнахь. Поэтан 95 шо кхочур дара хIутосург беттан 1-чу дийнахь.

IMG-20170510-WA0029

Хьалха-Мартан кIоштара нах хьалха а болуш, Нохчийн Республикин дуккха а кIошташкара хьеший, культурин, дешаран, Iилманан, интеллигенцин векалш, ткъа иштта Ахьмадан гергара нах, поэт, цуьнан кхолларалла эзарш цхьаьнакхеттера А.Сулеймановн цIарахчу литературин музейна хьалхарчу этнографин бешахь.

Юбилейна кечам бинера поэтан цIарахчу музейн директора Сулейманова Совдата, культурин министертвон а, А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекин а, республикин Къоман музейн а белхахойн гIоьнца.

Даздаршкахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ Ахмадов Сайд-Iабдулла а, Дадаев Лоьма а, Iилманийн академин Iилманан-талламан институтан директор Магомадов Супьян, Яздархойн союзан председателан заместитель Мамакаев Эду-Хьаьжа, республикин Къоман музейн директор Асталов Ваха, республикин Къоман библиотекин директор Исраилова Сацита, халкъан яздархо Ахмадов Муса, Iилманчаш: Джамбеков ШаIрани, Хизриев Хаважи, Мунаев ИсмаьIил.

Хьешашка маршалла хаьттира Хьалха-Мартан кIоштан администрацин куьйгалхочо Абдурешидов Валида. Даздарш дIахьош Олхазар-КIотарарчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Магомедова Банати а, поэт Бетигов Хьумид а вара.

Депутаташа С.-I.Ахмадовс а, Л.Дадаевс а билгалдира Сулейманов Ахьмадан кхолларалла нохчийн къоман оьздангалла, гIиллакх, мохк безар, тIекхуьучу кегийрхошна къаьсттина шех боккха пайда хир болуш нуьцкъала, хаза, исбаьхьа хилар. Сулейманов Ахьмад говза хилла дечиг-пондар лакхарехь а, суьрташдахкарехь а. Цо цхьа а байт ца язйича а тоьаш дара, цо Нохчийн Республикин а, ГIалгIайчоьнан а паспорт-топоними вовшахтухуш бина болх а.

Нохчийн халкъах схьаваьллачу къонахчуьнгахь товш болччу барамехь хаза, оьзда дош аьлла А.Сулеймановс безамах, Даймахках, гIиллакхах. Иза иштта хилар Iилманчаша а, яздархоша а тIе а чIагIдира шайн къамелашкахь. Россин Федерацин хьакъволчу артистан Дагаев Валидан репертуарехь дукха дара Сулеймановн байташ тIехь даьхна иллеш.

Поэтан цIарах довха дешнаш олура хIорамма а. Нохчийн Республикин халкъан артисташа: Усманов Iимрана, Дудаев Зеламхас, Исмаилов Шарпуддис поэтан дешнаш тIехь даьхна девзаш долу иллеш олуш хаздира даздарш. А.Айдамировн цIарахчу республикин къоман библиотекин белхахоша А.Сулеймановн книгех вовшахтоьхначу гайтаме а хьаьвсира хьеший. Цул тIаьхьа, музейн бешахь дIахIиттийначу, Ахьмадан тIера сагIа даккхаран нийятца къоман даарех хIоттийначу шуьне кхайкхира кхузахь вовшахкхетта адамаш.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Суьрта тIехь: А.Сулеймановн юбилей билгалъяккхар

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: