ХIутосург беттан 12-гIа де, 1953-гIа шо. Казахстанан Кокчетавскан областехь вина Орцуев Хьасан, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула дуьненан чемпион, СССР-н спортан хьакъволу мастер. Дешна Соьлжа-ГIаларчу №53 йолчу юккъерчу школехь, цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан хьехархойн институтан спортфакехь.
Дейтта шо долуш, хинволу чемпион веара Багаев Дэгин «Динамо» стадионехь хиллачу паргIатчу кепара охьатохархлатаран секце. Шен накъостех иза къаьстара хьалхахIоттийначу Iалашоне кхача доьналла а, къахьега мало йоцуш а хиларца.
Х.Орцуевн спортан дахарехь уггаре а дагалацаме хилла дисина 1978-гIа шо. Цкъа хьалха СССР-н халкъийн VII-чу Спартакиадехь а, СССР-н чемпионатехь а хьалхара меттигаш йоху цо, цул тIаьхьа дуьненан Кубок йоккху. Оццу шарахь США-н Сан-Диего гIалахь дIаяьхьначу дуьненан чемпионате а кхочу. Финалехь иза тасавелира Европин а, дуьненан а чемпион волчу ГДР-чу У.Нойпертаца, амма цхьаьнакхетаран хан чекхъяьлча, суьдхочо, шеко йоццуш, дуьненан керлачу чемпионан цIе яьккхира – Орцуев Хьасан. Шен спортан хьуьнаршца республикин сий айъарна цунна елла «Нохчийн Республикин сийлахь гражданин» сийлаллин цIе. Х.Орцуевн цIарах спортан школа ю Соьлжа-ГIалахь.
ХIутосург беттан 13-гIа де, 1913-гIа шо. Лаха-Неврехь вина Висаитов Мовлид, Советийн Союзан Турпалхо. Юьртара школа чекх а йоккхий, 1932-чу шарахь деша воьду Краснодарерчу дошлойн кхаашеран школе. ТIехдика дешарца и чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1935-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь Украинехь хиллачу 9-чу дошлойн дивизин 34-чу полкехь дошлойн взводан командир волуш шен бIаьхаллин некъ дIаболабо къоначу лейтенанта.
Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман хьалхарчу дийнахь дуьйна и чекхбаллалц тIамехь лаьттина М.Висаитов. Цуьнан бIаьхаллин хьуьнарш билгалдаьхна Ленинан, ЦIечу Байракхан, Суворовн, ЦIечу Седанан орденшца, дуккха а мидалшца.
1945-чу шеран хIутосург (май) беттан 2-чу дийнахь Эльба хин йисте уггаре а хьалха кхечира Советийн Эскаран подполковникан М.Висаитовн 28-гIа дошлойн гвардейски полк. Цигахь, советийн кхидолчу эскарел хьалха Висаитов Мовлидан дошлой цхьаьнакхийтира Iамаркан эскаршца. М.Висаитовн бIаьхаллин хьуьнарийн лаккхара мах хадош, цунна совгIат дира США-н уггаре а лакхара лоруш йолчу «Легион чести» орденца. Фашистийн Германица хиллачу тIамехь шегара йоккха майралла, стогалла гайтарна тIеман командованис Советийн Союзан Турпалхочун цIе яла хьалхатеттинера иза. Амма оццул шена хьакъйолу и цIе ца луш, бакъдуьнена вирзира М.Висаитов (цуьнан кхалхар хилла 1986-чу шеран хIутосург (май) беттан 23-чу дийнахь. И харцо нисъеш, 1990-чу шеран хIутосург (май) беттан 8-чу дийнахь шен Указаца Висаитов Мовлидана Советийн Союзан Турпалхочун цIе елира СССР-н Президента М.С.Горбачевс.
ХIутосург беттан 13-гIа де, 1955-гIа шо. Казахстанехь вина Минкаилов Эльбрус, Нохчийн Республикин халкъан яздархо. 1957-чу шарахь церан доьзал шайн Даймахка – Теркайистерчу Галне юьрта – цIа боьрзу.
1973-чу шарахь, тIехдика дешарца юьртара юккъера школа чекх а йоккхий, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделене деша хIутту. Къинхьегаман некъ дIаболабо 1979-чу шарахь Галнерчу юккъерчу школехь хьехархо волуш. 1980-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь дуьйна еххачу хенахь болх бо Нохчийн пачхьалкхан университетехь.
2003–2015-чуй шерашкахь «Орга» журналан коьрта редактор лаьтта. Нохчийн литература талларна леринчу Iилманан 50 гергга белхан автор. Царах цхьаберш «Нохчийн литератураххий а, фольклораххий а» цIе йолчу шен книги юкъа а бахийтина автора.
2011-чу шарахь арахецна «Терк дистина догIура» прозин книга.
№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2017 шо