Спортан керланаш

Охьатохархлатар. Сербин Нови-Сад гIалахь хIутосург беттан 2–7-чуй деношкахь дIаяьхьира охьатохархлатарехула Европин чемпионат. Охьатохархлатаран кхаа а кепехула дIахьош дара къийсадаларш – паргIатчу кепара, греко-римски, зударийн. Европин 28 пачхьалкхера тоьлла спортсменаш бара цигахь дакъалоцуш.

Яьхначу мидалийн барамца Россин вовшахтоьхна команда дикка хьалха а йолуш, йирзира чемпионат. Латаран кхаа а кепехула россихоша яьккхинарг ерриге а 16 мидал ю – 5 дашо, 4 дато, 7 йоьзан. Вайна кхоэ дерг ду оцу 16 мидалх 6 нохчийн охьатохархлатархоша яьккхина хилар.

Иштта, паргIатчу кепара охьатохархлатарехь дато мидалш ехира Болтукаев Анзора (97 кг.), Чакаев Ахьмада (61 кг.). Оццу кепарчу латарехь кхоалгIа меттиг яьккхина Косумов Исраила (70 кг.). Греко-римски кепарчу латарехь а кхо мидал яьккхина нохчийн спортсменаша: Лабазанов Чингиза (75 кг.) – дато, Манцигов Абуязида (71 кг.), Акиев Iадлана (80 кг.) – йоьзан.

Дашо мидал яккхар ца нисделлехь а, Европин чемпионатехь 3 дато, 3 йоьзан мидалш яхар а вайн спортсменийн боккха кхиам бу.

Футбол. Чекхъяла герга яхана футболехула Премьер-лигин Россин чемпионат – йисинарг кхо тур ю. ТIаьхьарчу кхаа турехь толамаш баьхна «Терек» («Рубин» – «Терек» – 0:1, «Терек» – «Урал» – 5:2, «Зенит» – «Терек» – 0:1) таханлерчу денна турниран таблицехь пхоьалгIачу меттехь ю.

large

Йисинчу кхаа турехь дика ловзахь, йоьалгIачу меттиге догдохийла ю «Терекан». Бакъду, и доьзна хир ду кхуьнца 4 меттиг къуьйсуш йолчу «Краснодаран» а, «Ростован» а тIаьххьарчу турашкахь ловзарх.

Карарчу хенахь 45 очко йолу «Краснодар» 4-чу меттехь ю, 42 очко йолу «Терек» а, «Ростов» а 5–6-гIий меттигаш йоькъуш ю.

Дагадаийта лаьа, 28-чу турехь «Терек» «Томь» командица ловзур ю, 29-чу турехь «Спартакца» тасалур ю (кхидIа мухха левзича а, «Спартаках» чемпион хилла), чемпионатан тIаьххьарчу турехь «Крылья Советов» командица цхьаьнакхетар ю «Терек».

Хь.АБАЕВ

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: