Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Кадыров Рамзанан декъалдар

319988_104148509785269_798210962_n_1388126652.jpg.600x450_q85

Хьомсара махкахой!

Даггара декъалдо шу республикин денца, бахархойн бартхиларан а, цхьааллин а денца!

ХIара дезде 2002-чу шарахь юкъадаьккхина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Иза чIогIа тешна вара нохчийн махкахь машар хиларе а, цIиндаларе а боьду некъ юкъараллехь цхьабарт хилчий бен балург цахиларх. Цундела цо дерриге а дира динан а, социальни а, политикин а галморзаллаша, хьежамаша масийтта декъе декъна адамаш цхьаьнатохархьама, церан барт бархьама. Халкъ Ахьмад-Хьаьжина гуонаха вовшахкхийтира, цхьаъ хилла дIахIоьттира, бертахь доьзал санна.

Цул тIаьхьа дIадаханчу шераша гойту Кадыров Ахьмад-Хьаьжа мел хьикмат долуш, хиндерг мел генара гуш политик хилла. Цо бохург а дина, цо хьехначу некъаца дIадахарна вайн  ницкъ кхечира къизачу, массо а хIума хIаллакдинчу тIеман лараш дIаяха, саьлнашкахь  Iохкуш хилла нохчийн гIаланаш, ярташ меттахIитто. Вай хIаллакйина  вешан махкара дуьненаюкъара терроризм, экономика а, социальни дакъа а сихачу боларшца кхуьуш ду. И дерриге а вайн массеран а юкъарчу къинхьегаман, хьуьнаран  тIаьхье ю!

Нохчийн Республикехь тахана массеран а цхьатерра бакъонаш а, цхьабосса таронаш а ю. Къомаллин а, динан а буха тIехь галморзахаллаш яц  вайн, вовшех цакхетар а дац. Дерриге а халкъаш маьрша, бертахь деха. Муьлххачун  а аьтто бу шена луъу дин  лело. Вай, бертахь цхьа доьзал а хилла, вайн  хиндерг токхе а, ирсе а  деш ду. Вай  кхидIа а  ларйийр ю, чIагIйийр ю вайн цхьаалла.

Хьомсара доттагIий! Лаьа шун доьзалехь ийман, беркат, токхо лаьттийла, балхахь кхиамаш хуьлийла, ондда могашалла  хуьлийла.

Дала декъалдойла шу!

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: