Иэсан а, лазаман а де билгалдаьккхира Нохчийчохь

ХIутосург беттан 10-гIа де Нохчийн Республикин халкъийн Иэсан а, лазаман а де санна билгалдоккхуш ду. Оцу денна лерина мероприяти дIаяьхьира хIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Пачхьалкхан театран-концертийн залехь.

IMG_1172

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Усмаев Вахита, Нохчийчоьнан Муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, республикин министерствийн а, ведомствийн а куьйгалхой, юкъараллин гIуллакххой, Iилманчаш, журналисташ.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира таханлерчу машаречу, ирсечу дийне кхачархьама нохчийн халкъан дукха хIума дIадала дезна хилар а, дукха бохамех – тIамех, махкахдахарх вайн халкъ чекхдийлина хилар а.

– Россин империна юкъахь долуш, вайга тешам хиларе терра, вай оьрсийн паччахьаш ларбора. Амма церан сардалша нийсо цалелор бахьанехь дуьхьал гIаттамаш бора. Сийлахь эла Романов Михаил коьртехь а волуш, «Акхачу дивизина» юкъахь а долуш, вай тIемаш бира мостагIчуьнца. ТIаккха, большевикаша Iеха а дина, кIайчу инарлица Деникинца лийтира. Цул тIаьхьа, фашисташца чучча а оьхуш, Брест гIап ларъеш, тIемаш бира вай. Делахь а, оцу хьуьнаршка ца хьоьжуш, вай шен дуьхьа цIий Iенийначу халкъан мостагIий деш, вайн орденаш а, погонаш а схьаехира. Юха, 1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь, вайх дош ала цхьа а цахиларна, махках а дехира, – элира Р.Кадыровс.

Республикин Куьйгалхочо дийцира кхойтта шарахь хийрачу махкахь а Iийна, шайн Даймахка цIадирзинчу нохчийн халкъо экономикин а, социальни а дакъошкахь къахьоьгуш, пачхьалкх кхиорна юкъа доккха дакъа диллина хиларх лаьцна.

Кадыров Рамзана иштта билгалдаьккхира дукха баланаш лайначу нохчийн халкъан исторехь Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа гучувалар мехала хилам хилла хилар. Къуръанан а, суннатан а кIорггера хаарш долуш а, дахар девзина а ша хиларе терра, Ахьмад-Хьаьжа дика кхетара толам къоман барт хилча бен баккхалург цахиларх.

– Вайна дагадогIу Ахьмад-Хьаьжин дешнаш: «Вай бIешерашкахь тIемаш беш ду. Кхин мел бан беза вай тIом?! Цкъа мукъане а маьршачу дахаран ойлае вай. Адамаш санна даха маца Iемар ду вай?!» Уьш дара, ширачу заманера хIокху дийне кхаччалц нохчийн халкъана тIе мел Iиттабелла бохамаш шен кIорггерчу хьекъалх а, Делах тешаш долчу дагах а чекхбийлийтинчу адаман дешнаш. Цунна гуора вайн халкъ доза доцучу бохамашка эгаран бахьанаш. Цунна коьртачу бахьанех хетара иза декъаделла хилар а, коьртехь массара а лоруш волу баьчча цахилар а. Цо дIайолийра, нохчийн хьовха, Россин дерриге а къаьмнийн керла, кхиаме истори, – элира цо.

Р.Кадыровс чIагIдира нохчийн халкъана тIехIиттина болу бохамаш бицбан йиш цахилар а, кхин уьш ца хилийта кхидIа кхетам хила безаш хилар а, нохчийн халкъ Даймахкана гIаролехь лаьттарг хилар а, Россин халкъан кхерамазалла а, синтем а цо ларбийриг хилар а, пачхьалкхан экономика кхиош къахьоьгург хилар а.

I.МУРТАЗОВ

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: