Соьлжа-ГIалахь – Толаман денна лерина парад

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь фашистийн Германина тIехь толам баьккхина 72 шо кхачарна лерина тIеман парад хилира хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь.

IMG_3727

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран хьалхара заместитель Байсултанов Одес, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, министраш, гIалийн, кIоштийн куьйгалхой, тIеман ветеранаш, кхиберш.

Парад дIайолош Кадыров Рамзана Толаман денца декъалбира гулбелларш.

– Тахана вай дагалоцу фашисташна дуьхьал тIом бина, толам баькхина турпалхой. Оцу Толаман доккха дакъа нохчийн къоман сийлахьчу кIенташна а кхаьчна. Цара шайн къонахалла гайтина Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь. Церан къонахаллин а, турпалаллин а масалшца кхиъна бу вайн заманан турпалхой. Къомана даима а дагахь лаьттар ву вайн республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, цуьнан эзарнаш бIанакъостий а. Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран гIоьнца дуьненюкъарчу терорризмах дIацIанйина вайн республика а, Россин пачхьалкхан цхьаалла а Iалашйина цара, – элира республикин Куьйгалхочо.

Иштта цо билгалдаькхира фашизмана а, дуьненаюкъарчу терроризмана а дуьхьал дIабаьхьначу къийсамехь гайтина майралла а, доьналла а бахьана долуш, Соьлжа-ГIалина Россин Федерацин Президента В.Путина шен Указаца «БIаьхаллин сийлаллин гIала» цIе елла хилар.

– Тахана Нохчийн Республика Россин Къилберчу дозанан тешаме чIагIо ю. Вайн дайн сийлахь бIаьхаллин ламасташ лардеш бу вайн салтий. Мохк ларбарехь уггаре а хала декхарш кхочушдан кийча бу уьш. Сий хуьлда Даймехкан маршо а, паргIато а ларъеш кхелхинчу Турпалхойн. Церан хьуьнар дицлур дац, – элира цо.

ТIеман хенахьлерчу музыкица гулбеллачарна хьалхахула чекхбевлира республикин Чоьхьарчу ГIуллакхийн министерствон а, Россин Къоман гвардин республикехула йолчу урхаллин а, Россин оборонин министерствон а, Соьлжа-ГIаларчу Суворовски училищен а, кегийрхойн «Юнармия» боламан а, Россин МЧС-н республикехула йолчу Коьртачу урхаллин а белхахой. 3 300 стагах лаьтташ йолу 50 тоба яра парадехь дакъалаьцнарг.

Царна тIаьххье чекхъелира тIеман леррина техника: БТР-ш, БМП-ш а, «Тигр», «Булат», «КаМаЗ», «Урал» – машенаш, «Чаборз» – багги, залпан кепара тохар даран «Град» машенаш, зенитан – «Осаш», иштта тIеман авиатехника: Су-25 истребительш а, Ми-24, Ми-8, Ми-28 – вертолеташ. Вертолеташа республикин а, Россин а, Толаман а байракхаш дIаяьхьира.

Парад чекхъяьллачул тIаьхьа, Кадыров Рамзана шен бIанакъосташца цхьаьна зезагаш дехкира Нохчийн Республикехь дуьненюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам дIахьош кхелхинчеран хIолламна хьалха.

Иштта, «Лийрйоцучу полкан» болам а хилира оцу дийнахь. Цигахь дакъалецира итт эзар сов стага. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 72 шо кхачарна лерина дара и гIуллакх. В.Путинан а, А.-Хь.Кадыровн а цIарахчу проспекташкахула «Минутка» майдане кхаччалц дIабахара гулбелларш. Церан массеран а карахь фронтовикийн суьрташ дара.

Карахь Толаман байракх а йолуш, боламан хьалхарчу могIарехь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Р.Кадыров.

Боламан дакъалацархой бара бIаьхойн (фронтовикийн) гергара нах, юкъараллин организацийн жигархой, студенташ, дешархой. «Лийрйоцучу полкан» могIарехь бара, леррина боламехь дакъалаца баьхкина вайн республикин хилла болу бахархой, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцначеран бераш, берийн бераш.

М.ЮНУСОВ

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: