Вашингтонехь цхьаьнакхийтира США-н Президент Трамп Дональд а, Россин МИД-н куьйгалхо Лавров Сергей а. Цара дийцаре дира шина пачхьалкхан юкъаметтигаш тояран а, Шемахь, Иракъехь, Къилбаседа Корейхь долчу хьолан а, дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьаран а хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
США-н пачхьалкхан департаменто 10 миллион доллар ахча кхайкхина «Джебхат ан-Нусра» террористийн группировкин тхьамда волу меттиг йийциначунна, иза хIаллаквиначунна. ХIинццалц Iамарко а, Малхбузерчу пачхьалкхаша а гIолоцуш хилла йолу зуламхойн и гIера хIинца хIунда ца езаелла те?
***
Чинехь хIокху деношкахь мохк бегийна. Цуьнан чIагIалла (магнитуда) 5,5 балл хилла. Iаламан и бохам хилар бахьанехь 8 стаг кхелхина, ткъех стаг лазийна, 180 гергга гIишло йохийна. Iедало ахчанца а, дахарехь оьшучуьнца а гIо дийр ду бохам хиллачарна.
***
Хонкаран Президента Р.Эрдогана Iамаркан куьйгалле дехна Шемахь а, Иракъехь а болчу курдашна герзашца кхачояр дитахьара аьлла. Цунна хетарехь, уьш, кхиберш санна, террористаш бу. Цунна иштта хетахь а, террористийн боламашна дуьхьал тIом беш-м бу курдаш.
***
Францин Правительство ерриге а отставке яхана мехкан Президент Э.Макрон хаьржинчул тIаьхьа. ШолгIачу турехь дукхах болчу харжамхоша цуьнгахьа кхаж тесира. Герггарчу хенахь дIахьур ду иза шен даржехь чIагIвеш инаугураци ярна лерина даздарш. Цул тIаьхьа вовшахтухур ю керла Правительство.
***
Къилба Корейхь а хаьржина керла Президент. Иза Мун Чжэ Ин ву. Керла Президент шен белхан декхарш кхочушдан волаваларца декъалвира Россин Президента В.Путина. Шен декъалдарехь цо дIахаийтира Корейн ахгIайренехь машар а, синтем а хилийта цуьнан ницкъ кхочург хиларх ша тешна хилар.
***
Россин Президентан В.Путинан стомара телефонехула къамел хилира Израилан Премьер-министраца Б.Нетаньяхуца. Цара, коьртачу декъана, дийцаре дира Герггарчу Малхбалехь а, Шемахь а долу хьал. Дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал ерриге а пачхьалкхаша цхьаьна, бертахь, вовшех дага а довлуш, къийсам дIабахьа безаш хилар билгалдаьккхира В.Путина.
***
Россин Правительствон Председатела Д.Медведевс дийцарехь герггарчу шина-кхаа шарахь вайн махкахь уггаре а лахара белхан алапа стагана парггIат хене вала тоьар долчу бараме хьаладоккхур ду. Оцу декъехь болх беш ю Правительство.
***
Вайн мехкан дуьненаюкъара валютийн тIаьхьалонаш оханан (апрель) баттахь 0,8 процентана алсамъевлла. Вуьшта аьлча, валютийн тIаьхьало 401 миллиард долларна алсамъяьлла. Иза дика гайтам хилар билгалдоккху Россин финансийн министерствон говзанчаша.
***
Тюменан областехь хиш деста дуьйладелла. ХIинцале Ишим юьртарчу иттаннаш цIенош чу хи даьлла. Оцу юьртара бахархой ханна кхечанхьа дIакхалхош бу. Цхьадика цхьа а стаг ца кхелхина. Кхерамечу хьолехь ю областера кхийолу ярташ а.
№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2017 шо