Иштта яздо вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIонехь.
«Наркомани, маларш мийлар, хьехархой дешархойн сий дайа гIертар санна долчу лазамечу хIуманашна сагатдан деза хиджабашца тIом беш болчара», – тIечIагIдо цо.
Россин дешаран а, Iилманан а министра Васильева Ольгас дIахьедина: «Конституцин суьдо сацам бина, къоман билгало гойтуш хиларе терра, школехь хиджабана меттиг яц!».
Кадыров Рамзана яздо: «Россин Конституцин суьдехь хиджабах лаьцна гIуллакх дийцаре дина дац, цу хьокъехь сацам а бац бина! Бина боцучу сацамна тIе а тийжаш маьIна даккхар гIалат лара а деза, Россин бахархой Iехор санна лара а деза».
Рамзанан и дIахьедар а, Россин дешаран а, Iилманан а министра Васильева Ольгас аьлларг а муха хета хьажархьама Нохчийчохь ширачех цхьаъ йолчу а, дешна нах, къурайшийн цIийнах болу нах баьхначу а Грозненски кIоштарчу Йоккхачу АтагIа дахара тхо. Тхуна хиира АтагIахь кхо къано хилар: 95 шаре ваьлла Балаев Ваха-Хьаьжа, 93 шо долу юьртан къанойн Кхеташонан председатель Солсаев Абуезид, 88 шо долу Кашаев Ваха.
Балаев Ваха-Хьаьжига оха хаьттира.
– Ваха-Хьаьжа! Хьуна дийца хала дуйла а, хьо могаш воцийла а хаьа, делахь а, лаьар-кха хьуна хетарг вайн газетдешархошна а довзийта, ахь хIун эр дара тахана бусалба зудчо лелочу хиджабах лаьцна дечу къамелах лаьцна?
– Вайна къиза ши тIом гина. Тахана паччахь волу Кадыров Рамзан бер дара Нохчийчохь хьалхара тIом болалучу хенахь, цуьнан да Ахьмад-Хьаьжа муфти а волуш. Цхьамма а тахана дийца оьшуш дац цу заманчохь хилларг: гина къизалла, хIаллакбина мохк, вайн кIентий, мехкарий, заьIапхой, тIепаза байнарш, идош хилла адамаш… ирча, вуно ирча зама…
Дала кхин юха ма йоийтийла иза. Оцу кIентан дас дукха къахьегна Россин а, Нохчийчоьнан а барт бан гIерташ, тIом беш долу вайн бераш кхидIа ца дайъийта гIерташ, дерриге а машарца дерзо гIерташ. И дицдан бакъо яц цхьаьннан а.
Хиджабах дерг аьлча, хиджаб бусалба зудчун духар ду. Шена и лело луучо леладо, ца луучо лела а ца до, нуьцкъашха и леладе бохуш вайн паччахь а вац. Бакъду, ша бусалба хиларе терра, Рамзана хоуьйту и лело шена лаар, вай дерриге а бусалба хуьлийла, исламан сирлачу, Ялсамане вуьгучу некъаца дIадаха лаар.
Дала аьтто бойла-кх Рамзанан, ша бусалба дин нисдан, цIандан гIерташ, вайн мохк къонбан, хазбан гIерташ хьоьгучу къа тIехь! Дала могашалла лойла цунна а, цунна тешамечу, уллерчу накъосташна а!
Цул тIаьхьа тхо Къанойн кхеташонан председателан Солсаев Абуезидан хIусаме кхечира. Оха цуьнга делла хаттар иштта дара:
– Россин дешаран а, Iилманан а министра Васильева Ольгас бусалба зударша лелочу хиджабана дуьхьал хиларан къамел дина, цунна жоп луш вистхилла вайн мехкан да Кадыров Рамзан. Рамзанан школехь доьшучу кхаа йоIа хиджаб а лелайо, дика а доьшу, Васильева Ольгас цаьрга йовлакхаш дIадаха боху. ЙоIарша цкъа а дийр дац иза. Хьуна муха хета иза?
– Вайн Куьйгалхочо боху: «Нохчий бусалба бу. Ткъа йовлакх бусалба зудчун духаран цхьа дакъа ду. Шен йоIарий хиджаб лелош а, лелор йолуш а бу. Кхин а боху вайн паччахьо: «Россин Конституцис бакъо ло шена луъу дин харжа, дин лело, динан Iилма Iамо, динах теша, динах тешар даржо».
Тахана Кадыров Рамзана цхьаьнгга а ца боху лаахь а, ца лаахь а хиджаб дIатилла. Шена тилла ца луучо йовлакх тахана а лелош ма дац, хиджаб-м ас хьеха а ца йо.
Цундела, шен бусалба дин цIена лело луучо, Ислам дин кIорггера хуучо хиджаб а лелайо, оьзда, хьанал а еха. Иштта йоI, зуда доьзалехь хилар беркат а ду.
ТIаьххьара тхо кхаьчна хIусам Кашаев Вахиниг яра (Ваха бIаьрса дайна ву).
Ша меттахь велахь а, Вахас даггара тIеийцира тхо, къамеле а велира.
– Марша догIийла шу! Тахана сан хIусаме дуьххьара баьхкина газетера хьеший. Схьадийцал хIинца, хIун хаттар ду аш деанарг? Со бIаьрзе велахь а, къамел дан могаш а, дог догIуш а ву, – аьлла, доггах велавелира воккха стаг.
Тхан хаттарна жоп луш цо элира: – Тахана вайна коьртехь лаьтташ долу Iедал бусалба динца вайна даха бакъо луш, Дела вийца йиш йолуш, Пайхамаран (I.с.в.с.) некъаца Iамал ян йиш йолуш ду. Со реза ву Iедална а, цо дIахьочу некъана а, Дала мукъ лахь. Амма ас дерриге а дийр дара сайга далуш дерг вайн мехкаршка, зударшка хиджаб лелаяйтархьама. Хиджаб тиллина йогIучу йоIе, зудчуьнга, несе, йише ян ца йогIу забар йийр яц цхьамма а. Иза лорур а ю, цуьнан сий дийр а ду. Хиджаб бусалбанаш керстанех а, кхин дин лелочарех а къастош долу духар ду. Тхан нанас Iабас гуттар а чухта а, кортали а леладора. Суна цкъа а ца гина нана коьртахь чухта йоцуш. Дела реза хуьлда вайн паччахьна шен доьзал а, нохчийн къам а бусалба духарца бен лелар бац аларна. Со чIогIа реза ву оцу гIуллакхна. Оьзда, исламан духар ду-кх хиджаб. Массара а лелор ду аьлла хета тIаьхь-тIаьхьа, зама мел ели а, – чекхдаьккхира В.Кашаевс шен къамел.
Вайн мохк денбеш, хазбеш, тобеш, кегийчарна деша меттигаш, берашна берийн бошмаш, цомгашчарна больницаш, вайн дахар кхидIа а тодан, хаздан дагахь къахьоьгуш волчу вешан мехкан ден Кадыров Рамзанан накъостий хилар дIагойтуш ду Йоккхачу АтагIарчу, сий-ларам болчу къаношца дIадаьхьна долу хIара къамел.
А.АРСАМИРЗАЕВА
№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2017 шо