(Юьхь – 36-чу номерехь)
Эхь дайна, харцдерг! Гитлерхойн цхьатерра цабезам бу Советийн Союзан дерриге а халкъашка: гIебартошка а, оьрсашка а, украинхошка а, белоруссашка а… Вайн ницкъ вовшех дахалур доцуш доттагIалла хиларехь, оьрсийн доккхачу халкъо гIодарехь бу. Делахь-хIета, дерриге а цхьаъ санна, хан а, къам а ца лоьруш, вайн чIирхочунна Гитлерна дуьхьал болчу сийлахьчу тIаме хIуьттур ду вай!
И документ Къилбаседа Кавказехь массанхьа а доьшуш дара, Советийн Союзан дерриге а халкъаш олалле лоьцуш, царна Iожалла йохьуш болу немцойн фашисташ Iорабохуш.
Къилбаседа Кавказехь тIемаш дуьйладелча, къаьсттина фронт Нохч-ГIалгIайчоьнан дозанашна герга кхача йолаелча, дIаболийра республика тIамна дуьхьало ярна чIагIъяран болх. Нохч-ГIалгIайчохь дуьхьалонан чIагIонаш ян езаш яра Теркан аьтту бердайистера – Моздокан кIоштара Дагестанан АССР-н дозане кхаччалц – 100 километр еха. Цул сов, вовшахтоьхнера къаьсттина йолу дуьхьало яран кIошт, арахьара гуо 140 километр беха бара цуьнан, ткъа чоьхьарниг – 75 километр. ЧIагIонийн и зил байта вовшахтоьхнера 80 эзар стаг. Йоццачу хенахь тылан къинхьегамхоша масех эзар даккхий герзаш дIахIитто а, кхо эзар сов кегий герзаш дIахIитто а, дуьхьало ян а меттигаш кечйира, танканашна дуьхьал 87 километр саьнгарш, оьрнаш дехира. Гуш ма-хиллара, йоццачу хенахь Iаламат боккха болх бира. СССР-н НКО-н дуьхьалонан белхаш баран эскаран уьтталгIачу урхаллехула а, саперийн уьтталгIачу эскарехула а долчу 1942-чу шеран кхолламан (январь) беттан 10-чу дийнахьлерчу омранехь билгалдоккхура яккхий халонаш а Iовшуш, Iаьнан шийлачу хенахь, эрна арахь Нохч-ГIалгIайчоьнан къахьегархой сийлаллица ларийра шайна тIедехкинчу декхаршца.
Соьлжа-ГIалина гуонаха дуьхьалонан чIагIонаш ярехь (1942-чу шеран хьаьттан (август) баттера 1943-чу шеран кхолламан (январь) бутт чекхбаллалц) шаьш-шайн ца кхоош къахьегарна 163 стагана Советийн Союзан орденашций, мидалшций, 184 стагана НПАССР-н Лакхарчу Советан Сийлаллин грамоташций совгIаташ дира. Хьесапе эца шайна 1941–1942-чуй шерашкахь, ЦIен Эскар юхадолучу хенахь, пачхьалкхан совгIаташ наггахь бен луш хилла цахилар. Гарехь, Соьлжа-ГIалина гуонаха дуьхьалонан чIагIонаш ярехь НГIАССР-н бахархоша шайгара гайтинарг баккъал а къинхьегаман йоккха турпалалла хилла.
Советийн халкъо фашистийн Германина тIехь толам баккхарна кхачойинчарах цхьаъ дара экономика тIеман некъа тIе яккхар, тIеман бахам эвсаре вовшахтохар, тIеман техника, герзаш, патармаш арахецар, оцу дерригенца а фронтана кхачояр, цунна кхачанан сурсаташ латтор. И доккха, чолхе декхар тIехдика кхочушдира. Цу тIе хьесапе эца деза 1941-ра шо тIекхочуш Германин хьашташ кхочушдеш ерриге а Европин промышленность хилла хилар. Къаьсттина дукха герзаш деш яра Чехословакера тIеман заводаш.
ТIеман бахаман дика болх беш йолу система вовшахтохаран Iалашонца а, оьшуш хьал хIоттахь промышленность а, говзанчаш а кхечанхьа дIакхалхоран Iалашонца а СССР-н оборонин Пачхьалкхан комитетан сацамашца 1941-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 22-чу дийнахь фронтана гергахь йолчу областашкахь дуьхьалонан меттигера комитеташ вовшахтухура. Цуьнца нийса а догIуш, ВКП(б)-н областан бюрон а, Соьлжа-ГIалин а комитетийн 1941-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 25-чу дийнахьлерчу сацамца вовшахтуьйхира В.А.Иванов коьртехь волу (ВКП(б)-н Нохч-ГIалгIайн обкоман а, гIалин комитетан а хьалхара секретарь) Соьлжа-ГIалин дуьхьалонан гIалин комитет. Цуьнан заместитель хIоттийра НГIАССР-н СНК-н председатель С.К.Моллаев. Соьлжа-ГIалин дуьхьалонан комитетана хьалхахIоттийна коьрта декхар дара мехкадаьтта даккхар а, мехкадаьттан сурсаташ дахар а алсамдаккхар, цаьрца хаддаза фронтана кхачояр а.
Советийн Iедалан шерашкахь Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан промышленность чIогIа кхиаре кхаьчнера. Иза кхачойина яра цу заманан техникица. Цигахь болх беш бара корматалла йолу белхахой а, инженерно-технически белхахой а. Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболучу хенахь Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан комбинатехь 12 мехкадаьттан промысел яра, уьш юкъайогIура «Старогрознефть», «Октябрьнефть», «Малгабекнефть», «Дагнефть» тресташна. Цул сов, «Грознефтезаводы» трест а яра.
Республикин мехкадаьттан промышленностан промыслашкахь а, заводашкахь а къахьоьгуш вара 28,5 эзар белхало. Царна юкъахь 4 218 нохчи а, гIалгIа а вара. 1944-гIа шо тIекхочуш церан барам 1,5-зза алсамбаьллера. Республикин халкъан бахаман валови продукцех 2,3 дакъа кхочура мехкадаьттан продукцина, ткъа промышленни продукцин барам 85 процент бара.
НГIАССР-н мехкадаьттан промышленность тIеман некъа тIе йоккхучу а, мехкадаьтта даккхар а, цунах гIуллакхдар а алсамдоккхучу а хьелашкахь кхерам кхоллабелира Соьлжа-ГIала фашистийн эскарша дIаяккхарна. Советийн эскарша луьра дуьхьало ешшехь 1941-чу шеран эсаран (октябрь) беттан чаккхенехь немцойн эскарийн аьтто белира дуьхьалонан зил хадо, республикин дозанашна герга кхача. Баккъал а боккха кхерам кхоллабелира мехкадаьттан промыслаш церан караяхарна. 1941-чу шеран гурахь Гитлера шен инарлашна хьалха хIоттийра хIуъа дина а Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан промыслаш схьаяхаран декхар. Девзаш ду цо хIетахь аьлла хIара дешнаш: «Нагахь санна герггарчу хенахь Соьлжа-ГIалин мехкадаьтта сан кара ца дерзадахь, Германи тIамехь оьшур ю». Цундела, гIиртира немцой 1941–1942-чуй шерашкахь, шайна баккхий эшамаш хиларе хьаьжна ца Iаш, Соьлжа-ГIалина тIекхача. Оцу хьелашкахь СССР-н Оборонин пачхьалкхан комитето сацам бо «Грознефтекомбинатан» предприятийн мехкадаьттан оборудовани дIалеIаран а, кхечанхьа дIаяхьаран а хьокъехь. 40 дийнахь дIалийчIира шайх пайдаоьцуш йолу дийнахь-бусий 1 624 тонна мехкадаьтта доккхуш йолу 678 скважина, 427 электромотор, скважинашкара хьалаяьккхира насосни 416 200 метр биргIа, 391 504 метр шланга. Делахь а, оцу дерригене а хьаьжна ца Iаш, «Грознефтекомбинато» 1941-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь мехкадаьтта даккхаран план 102,7 процентана кхочушйира. Вуьшта, 1941-чу шарахь мехкадаьтта а, газ а яккхаран план комбинато хенал 55 де хьалха кхочушйира.
1941-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь Дона-тIера-Ростов гIала немцойн эскарех паргIатъяккхарца доьзна цхьана ханна дIабелира Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан промыслаш мостагIаша дIалацаран кхерам. Цуьнца доьзна СССР-н ГКО-с хьалха хIоттийра мехкадаьттанах гIуллакхдаран заводаш а, шайх пайдаоьцу скважинаш а сихха меттахIитторан декхар.
Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан кIоштан маьIна лакхадолура ЦIен Эскар юха мел долу а, мехкан европера дакъа мостагIийн кара мел доьду а, ЦIечу Эскаран барам алсам мел болу а. Иза алсамдаларца лакхадолура фронташ мехкадаьттане а, мехкадаьттан сурсаташка а долу хьашт-дезар. Оцу хьелашкахь СССР-н ГКО-с хьалха хIоттийра мехкадаьтта а, мехкадаьттан сурсаташ а дахар алсамдаккхаран декхар. 1942-чу шеран хIутосург (май) беттан 26-чу дийнахь «Правда» газето яздора: «Кхин а чIогIа кхион деза мехкадаьтта даккхар. ДуьххьалдIа мехкадаьтта даккхар а доцуш, лаккхара октанови мехкадаьтта даккхар оьшу ЦIечу Эскарна.
Хьалха хIоттийна декхар дуьззина кхочушдар чолхе даьккхира фронтехь долу хьал цIеххьана ледара даларо. 1942-чу шеран асаран (июнь) беттан чаккхенехь а, мангалан (июль) беттан юьххьехь а немцойн эскарша Кавказана тIелатар дIадолийра. Оцу тIелатаран коьрта Iалашо яра СССР-н къилбехь мехкадаьттан сурсаташ арахоьцуш йолу мехала Соьлжа-ГIала а, Баку а схьаяккхар. МостагIийн тIеман ницкъ ла цабаларна советийн эскарш юхадовла дезаш хуьлура. Фронт Соьлжа-ГIалина а, Малгобекана а герга кхечира. Кхолладеллачу хьолаца доьзна 1942-чу шеран хьаьттан (август) беттан юьххьехь СССР-н ГКО-н тIедилларца сацийра «Малгобекнефть» а, «Горскнефть» а трестийн болх. Шайх пайдаоьцуш хилла скважинаш а, промышленни ерриге а объекташ а оцу районера дIаехира.
1942-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 3-чу дийнахь СССР-н ГКО-с тIеийцира Малгобек – Соьлжа-ГIала мехкадаьттан биргIа вовшахъяккхаран хьокъехь болу сацам. И белхаш дIабахьа меттигерчу бахархойх эзар стаг вовшахтуьйхира. Церан ницкъашца дIалийIира мехкадаьттан 2 153 скважина (ерриге а скважинех 83 процент яра уьш), буру тухуш йолу 13 скважина (ерригенах а 88 процент яра уьш). Сацийра мехкадаьттан шина кIоштан – Малгобекан а, Горскин а болх. Дийнахь-бусий 4 400 тонна мехкадаьтта доккхуш яра уьш. «Грознефтекомбинато» доккхучух ах гергга мехкадаьтта доккхура цигахь. Цул сов, цигара дIаяьхьира 4 200 вагон оборудовани а, коьчалш а, 9 000 сов мехкадаьтта даккхар а, церан доьзалш а. Оцу дерригено а, тIедалийра Соьлжа-ГIалин промышленни районехь мехкадаьтта даккхар а, мехкадаьттанах гIуллакхдар а лахдаларна.
И лазаме а, чолхе а гIуллакхаш ца дича данне а ца довлуш дара. ХIунда аьлча Соьлжа-ГIалара а, Малгобекера а мехкадаьттан кIошташ мостагIийн карайоьлхуш хьал хиллехь, Германин мехала стратегически аьргалла хир яра Кавказехь кхидIа а тIелатарш дIадаьхьна ца Iаш, советско-германски ерриге а фронтехь кхиамца тIемаш бан, тIелатарш дан. Делахь а, советийн бIаьхойн майралла а, доьналла а бахьанехь, фашистийн ницкъ ца кхечира нохчийн цхьа метр хиллал латта дIадаккха. МостагIий Теркан бердайистехь совцийра. Цигахь даккхий зенаш а хилла, дуьхьало еш, шаьш долччохь латта дийзира церан.
Фронтехь хийцаделлачу хьоло 1942-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь Соьлжа-ГIалин къинхьегамхоша таро елира цхьадолчу декъана промыслаш а, заводаш а меттахIиттор дIадоло. Йоццачу хенахь цхьайолу скважинаш, метта а хIиттийна, болх бан юьйлаелира. 1943-чу шеран январехь шайх пайдаоьцуш яра 367 скважина. 1942-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь «Грознефтекомбинатехь» дийнахь-бусий 900 тонна мехкадаьтта доккхуш хиллехь. 1943-чу шеран январехь иза 1271 тонна доккхура.
ТIеман хьелашкахь доккхачу маьIне дара юкъахдийлар а доцуш фронтана, ягоргаца, къаьсттина авиабензинца кхачояр. СССР-н ГКО-н 1941-чу шеран мангалан (июль) беттан 15-чу дийнахьлерчу сацамца а, СССР-н мехкадаьттан промышленностан Наркоматан декхарца нийса а догIуш, «Грознефтезаводы» тресто а, ГрозНИИ-с а йоццачу хенахь талламаш бира производствон процессаш хийцарна а, бензинан а, хьакхаран материалийн а керла кепаш арахецарна кхачоярна тIехьовсийна. Оцу Iалашонца хуьйцуш-карлаехира заводашкара установкаш. Керла гIирсаш хIиттийра. Цо таро елира фронтана лаккхара октанови ягориг арахецар сихха лакхадаккха. Иштта, «Б-78» авиабензин арахецар 1941-чу шеран гуьйре тIекхочуш 3,5-зза алсамделира. Амма иза а кхачаме дацара фронтана: 1942-чу шарахь дуьйна советийн фронтехь тIеттIа алсамдовла ма дуьйладелира кеманаш а, танканаш а.
(Чаккхе – тIейогIучу номерехь)
№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2017 шо