Музейхь – суьртийн рогIера гайтам

ХIокху деношкахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу мемориальни комплексехь дIабаьхьира «Нохчийн Республика. Адамаш. Хиламаш. Бакъдерш» цIе йолу Россин Журналистийн союзан декъашхочун Демьяновских Виталийн суьртийн гайтам. Билгалдаккха деза и экспозици Iаьржа-кIайчу суьртех лаьтташ хилар. 2012-чу шарахь даьхна долу и суьрташ Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу музейна совгIатана делла.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Россин Журналистийн союзан Ростовн областан отделенин председателан заместитель Раевский Валерий, Дона-тIерачу Ростовн пачхьалкхан экономикин университетан журналистикин кафедрин куьйгалхо Кихтан Валентина, суьрташдахархо Демьяновских Виталий, иштта кхоллараллин, интеллигенцин векалш, министерствийн, ведомствийн белхахой, журналисташ.

Гулбеллачаьрга маршалла хаьттинчул тIаьхьа Умаров Джамбулата билгалдаьккхира Нохчийчохь хьеший дика тIеоьцуш хилар а, цундела кхечу халкъийн а, динийн а, культурийн а векалш кхуза хазахетарца богIуш хилар а.

– Адамашна къизачу шина тIамах чекхъяьллачу вайн республикехь дикачу агIор хуьлуш болчу хийцамашка хьовса лаьа, – элира министра.

Дж.Умаровс В.Демьяновскихна баркалла элира и болх бан а, доккха маьIна долу тайп-тайпана суьрташ гайтаме дахка а цуьнан ницкъ кхачарна.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура а лаккхара мах хадийра В.Демьяновскихан белхийн.

Раевский Валерийс гулбеллачаьрга дIакхачийра Россин Журналистийн союзан Ростовн областан отделенин куьйгаллера маршаллин дешнаш.

– Вайнехан сийлахьчу лаьтта тIе кхача лууш дуккха а кхоллараллин нах хилла. Цуьнан истори а, культура а хестийна яздархоша а, поэташа а, композиторша а, – элира цо.

Кихтан Валентинас Нохчийчоьнна баркалла элира шаьш иштта дика тIеэцарна. Шайн университетан куьйгалхошкара маршалла делира цо республикин бахархошка.

– ХIокху суьртийн гайтаме хьажар бендацараллица хир дац цхьаьннан а. Царна тIехь гойтурш вайх хIораннан а дагах кхеташ ду, – элира В.Кихтана.

Цхьаьнакхетаран дакъалацархошка вистхуьлуш, суьрташдахархочо Демьяновских Виталийс билгалдаьккхира шена дукхаезаш йолчу Соьлжа-ГIалахь суьртийн гайтам дIабахьа шен аьтто баларх ша дозалла деш а, воккхавеш а хилар.

– Ас доза доцу баркалла боху Нохчийчоьнан хазалла, цуьнан бахархойн дикалла йовза сайна гIо диначарна. Иза Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Нохчийчоьнан Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон куьйгалла а, догдика а, хьеший тIелоцуш а болу шун республикин бахархой а бу, – элира цо.

В.Демьяновскиха дийцарехь, цо шена хьалха хIоттийнера Нохчийчоь дикачу агIор гайтаран Iалашо. Цо иштта хьахийра изза суьртийн гайтам Прагехь дIахьочу хенахь европахой цецбуьйлуш а, Нохчийн Республикехь иштта хийцамаш хилла бохучух ца тешаш а хилла хилар.

– Иза суьртийн монтаж ю олура цара. Амма ас царна Нохчийчоь йохийна йолчу хенахь даьхна суьрташ а гойтура, тIаккха уьш цецбуьйлура. Бакъдерг эр ду ас, со дозалла деш а, ирсе а вара Нохчийн Республикехь иштта хийцамаш ца хилла боху хабарш дIакъахко сайн ницкъ кхачарна, – элира цо.

Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа Умаров Джамбулата регионашна юкъара зIенаш кхиорна а, чIагIъярна а юкъа хазна йилларна а, иштта беркате цхьаьна къахьегарна а Баркаллин кехаташца совгIаташ дира Демьяновских Валерийна а, Кихтан Валентинина а.

Мероприяти вовшахтоьхнарг республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство ю.

I.МУРТАЗОВ

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: