Вайн къоман дозалла

(Россин Федерацин хьакъволчу артистан Омаев Дагунан 75 шо кхачарна лерина)

Къаьхьачу чомах ийна бералла

Бералла къаьхьа, ирча хилла цуьнан. 1942-чу шеран хIутосург (май) беттан 5-чу дийнахь Шелан кIоштарчу Сиржа-Эвлахь дуьнен чу ваьлла Омаев ИбрахIиман кIант Дагун, когавахана, амма мотт Iамаза вара Сталинан хьадалчаша вайн халкъ махках доккхуш. Иза ши шо кхаьчна вацара нанас марахь Казахстане йоьдучу цIерпоштан вагонна тIе воккхуш. ДIакхаьчна дукха хан ялале, дех а велира иза. Тамашийна, ларамаза нисбелла бохам бара иза.

latc227

Дукхах болу сиржаэвлахой малхбалерчу Казахстанехь совцийнера. Цигарчу Усть-Каменогорск гIалин йистошца Iуьллучу кIотарахь дIатарбинера Омаев ИбрахIиман боккха доьзал. Цуьнан виъ кIант, кхо йоI дара, Дагун жимахверг волуш. Боккхачу безамца, дас цIахь лелош хиларна, йоккхах йолчу йоIа Яхитас кетаран пхьуьйшахь дIалачкъийна хиллера ИбрахIиман шаьлта шаьш новкъадохуш. ХIорш Усть-Каменогорске дIакхаьчна кхо де далале, цигарчу Iедале цхьамма хаийтина хиллера ОмаевгIаьргахь герз ду, аьлла. ТIаккха, комендант хьалха волуш, милцой баьхкира и герз схьадаккха. «Омаев, сдать оружие!» – мохь тоьхна коменданта.

Амма оьрсийн маттах цхьа а дош хууш воцчу ИбрахIимана цо хIун боху хууш а ца хилла я шен шаьлта Казахстане кхаьчнийла хууш а ца хилла. Ткъа йоI ша динарг хаийта яьхьаш ца хилла. ТIечевхаш, кхин а шозза-кхузза мохь тоьхна коменданта. Амма цо дуьйцучух кхеташ воцу ИбрахIим вист ца хуьлуш, Iадийча санна, лаьтташ хилла.

Эххар а, доьзална тIера ваьккхина Омаев ИбрахIим дIавуьгуш, Iедалан белхахой дIабахана. Цу дийнахь догIуш ло а хилла, уьш гена дIабаха безаш а хилла. Цул тIаьхьа царах дерг хууш стаг ца карийра ИбрахIиман верасашна. Иштта, дех ваьлла Дагун. Делахь а, Делан къинхетам хьалхабаьлла, кхеран нана, дукхах болу нохчийн зударий санна, хьуьнар долуш хиларна, ца леш, хене бевлира. Кхечу нохчийн санна, кхеран а дийзира харцо Iийша, гIело лан, мацаллина садетта, дай баьхначу лаьтте 13 шарахь гIийла сатийса. Хала дара. Дела воцург накъост вацара. Делахь а, нанас къар ца луш, яхь дIа ца луш, безамца хьоьстуш, Делан диканах дог ца дуьллуьйтуш, хене баьккхира шен доьзал. Школе бахийтира, йолчу таронца цхьацца говзаллаш караерзаяйтира. Жимах волу Дагун школа чекхъяьккхина валале вайнахана Кавказе богIучу некъана маршо яларх пайдаэцна, ОмаевгIар ворхIе да ваьхначу Сиржа-Эвла цIабирзира.

Казахстанера цIавирзинчу муьрехь иза пхийттара ваьлла жима стаг вара. Кхиамца ворхI класс чекхъяьккхина Энахишкарчу юьртабахаман техникуме деша вахара Дагун, юьртара хилча лаьттаца къахьегар а, хьаналчу къинхьегамца напха даккхар а шен дахаран коьрта некъ бу моьттуш. Иштта хила там а бара иза, мекарчу кхолламо ларамаза кхин некъалар ца гайтинехь…

Театр йовзар

Энахишкарчу юьртабахаман техникумехь Дагун доьшуш волу шолгIа шо дара, цкъа бIаьстенан юьххьехь, мукъачу деношна иза хьажахIотта цIа веача. Тамашийна сиха хьийзаш бара юьртара кхуьнан накъостий. ТIаьхьуо кхийтира Дагун цара лелочух. Соьлжа-ГIаларчу къоман театрехь деша дIакъастош похIме кегийрхой хиллера. Хийрачу махкахь даьккхинчу 13 шарахь вайн актерийн могIарш хаъал нилхадевллера. Ленинградерчу театран, музыкин, кинематографин институте деша хьажийна кегийрхойн тоба яра актеран корматалла караерзаяйта. Делахь а, къоман театран, уьш цIаберззалц, пхеа шарахь болх ца беш Iойла дацара. Цундела похIме кегийрхой тIелаха сацам бинера Нохч-ГIалгIайн культурин министерствехь. Соьлжа-ГIаларчу Революцин проспектехь №9 йолчу гIишло чохь яра вайнехан театр оцу муьрехь.

84396

ХIинца проспектана кхин цIе тиллина, театр цу чохь елахь а. Д.Омаев цкъа а хилла меттиг яцара иза. Цу дийнахь а накъосташна гIолаца, церан дог-ойла ир-карахIотто веана вара. Делахь а, Дагунан накъостех цхьа а чекх ца валийтира. ТIаккха, дог даьттIа, хьалаиккхина Дагун сцени тIе хьаьдира. Мохь туххуш, М.Лермонтовн «Мцыри» поэми тIера цхьа кийсак дIайишира цо. ХIора дош къаьсташ, шовкъаца жимачу стага ешначу байтах цецваьллачу, тергамхойн стоьлана уллехь Iаш волчу Хамидов Iабдуллас кхин цхьа байт еша элира цуьнга. ТIаккха басня ешийтира. Тергамхойн шеко яцара: ларамаза царна хьалха нисвелла жима стаг сценина кхоьллина вара.

Иштта дIаийцира Омаев Дагун театран студи деша. Цуьнан хьехархой бара Минаев Минай, Горькая Лидия, Батукаев ХIарон, кхиберш. Къаьсттина гергарло тасаделира Дагунан нохчийн яздархо, поэт, драматург волчу Хамидов Iабдуллица. Жимачу стеган хьуьнар, актеран таронаш, сирла синкхетам, хьекъал гуш Iабдуллин самукъадолура цунах. Театран белхан алссам зеделларг долуш волчу Хамидовна гора кIентан нуьцкъала амал, похIма. Бакъду, Д.Омаевн цIеранаш-м хIара Энахишкарчу юьртабахаман техникумехь доьшуш ву бохуш Iаш бара. Цу хенахь вайнаха дог резадина тIелоцуш дацара театрехь болх бар. КIант цкъачунна кийча вацара ненаца, вежаршца цу хьокъехь къамел дан. Къамел дIадоло цхьа бахьана оьшура. Театре цуьнан болу безам сих а, цIийх а дIахьаьрчина баьллера. Дийнахь театран студехь, кхечу студенташа санна доьшура цо, ткъа суьйранна сцени тIехь хуьлура. Кхуллуш васт дацахь а, олуш дош дацахь а, вист ца хуьлуш, тобанна юкъахь латтахь а ирсе вара Дагун.

Маьлхан зIаьнарех лепа исбаьхьалла йовзуьйтуш, керлачу дуьнене некъ баьстинера цунна театро. Генна, сийначу анайисте дIакхойкхура, сирлачу кханенах тешавора, дахаре безам чIагIбора, шех бIобулуьйтура. ХIора буса сцени тIехь цунна гора Зубайраев ЯрагIи, Бадуев Мовжди, Чимаев Хьамид, Мусаев Хьалим, Исаева Асет, Хакишева Хьава, Алиева Тамара, Ташухаджиева Асет, Мустапаева Хьулимат, иштта кхиболу похIме актераш. Царна зеделачух пайдаоьцура къоначу актера, воккхавера церан кхиамех. Царах тера хила лаьара. Дагун дика кхетара церан могIаре хIотта ша дуккха а къахьега дезаш хиларх. Цундела цо къахьоьгура. ХIора буса театрехь вара. Ткъа мукъа еанчу минотехь книгаш йоьшура. Театран студехь доьшуш волуш ешна велира Д.Омаев оьрсийн дукхах болчу яздархойн а, Малхбузерчу Европин яздархойн а говзарш.

Къаьсттина самукъадолура цуьнан нохчийн яздархойн говзарш йоьшуш. Хазахетара цIеначу нохчийн маттахь уьш язйина хилча. Цара довзуьйтура цунна къоман дахар, цул сов, мотт шарбора, дуьне довзар шордора. Цуьнан сирлачу ойланашца йоьттина сатийсаме гIала, дагахь доцуш, харца тарлуш яра Хамидов Iабдулла орцах ца ваьллехь. Театран студин шолгIачу курсехь хIара доьшуш волуш, эскаре кхойкхуш кехат деара. Амма театран куьйгаллина ца лиира студи чекхъяьккхина валлалц кIант дешарна юкъара валийта. Цундела театран директора Хамидов Iабдуллас, бехке доцу цхьа хIилла хьовзийна, Дагунан паспорта тIера хан юхаяккхийтира. Цуьнан лараш хIинца а хаало вайна наггахь интернета чохь. Дерг ма-дарра ца хуучу авторша актерах лаьцна яздо иза 1943-чу шеран хIутосург (май) беттан 5-чу дийнахь вина бохуш. Иза бакъ дац. Хамидов Iабдуллас хьовзийна хIилла ду иза жимачу стеган студи чекхъяккха аьтто беш. Бакъду, театран студи чекхъяьккхина, эскарехь гIуллакх дан а ларийра иза.

Дуьххьарлера кхиамаш

Нохчийн дуьххьарлерчу режиссера Батукаев ХIарона къоман театран сцени тIехь хIоттийначу «Ткъесан новкъа» спектаклехь яра Омаев Дагунах, уггаре а хьалха, тешийна дешнаш долу роль. Йоккха-м яцара яза, делахь а, къоначу актеран аьтто белира шех тешийначу Макон васт кхолла. СССР-хь тоьллачу театральни институтера дешна бевлла цIабирзина къона актераш бара спектаклехь дакъалоцуш. Ленинградехь дешна вацара аьлла цхьа мисхал а царал эшна воцуш, ловзаран кепаца, хьовсархой йийсаре лоцуш, цхьана тIегIанехь вогIура вайн турпалхо СССР-н культурин коьрта шахьарара дипломашца цIабирзинчу къоначу артисташца.

JF4J5028

Оцу муьрехь шуьйрачу хаамийн гIирсаша Омаев Дагуна дуьххьара кхоьллинчу вастан лаккхара мах хадийра. Къоначу актера дакъалецира «Молла Несарт» спектаклехь а. Режиссер Харлип Павел вара иза хIоттийнарг. ВорхI бIе шо сов зама ю Молла Несартан забарш халкъалахь еха. Дуьнен чохь долчу бусалба халкъаша чIагIонаш йо Молла Несарт шайн халкъан турпалхо ву бохуш. Хийра вац иза нохчашна а. Делахь а, цунах долу забаре дийцарш схьагулдина, царах лирикех юьззина комеди язйинарш оьрсийн яздархой А.Соловьев, В.Виткович бу. Нохчийн матте комеди яьккхинарг поэт, яздархо, журналист Саидов Билал ву. Юсупан васт кхуллуш вара Дагун «Молла Несарт» спектаклехь. Актера гайтарехь, Юсуп хьанал къинхьегамхо ву, хьоладайн сутаралло бIаьрг белла ца вуьтуш. Амма цо цкъа а Делан диканах дог ца дуьллу. Хьарамчу рицкъана пе тоха а, ирачу забарх самукъадала а ницкъ кхочу цуьнан. Хьовсархойн тидам шена тIеийзош сирла васт дара цо «Молла Несарт» спектаклехь кхоьллинарг. Делахь а, вайнехан театръезархойн ойла Дагунна тIеяхийтинарш, лаккхарчу корматаллица цо кхоьллина долу кхин васташ дара.

Д.Омаев эскарера цIаверзале нохчийн сийлахь воккхачу драматурга Хамидов Iабдуллас леррина цунна язйина керла пьеса яра. Иза вайн махкахочух, СССР-н Турпалхочух Нурадилов Ханпашах лаьцна турпалаллин драма яра. Фашизмана дуьхьал латтийна тIом Советийн Союзан толамца дIабирзина 20 шо кхочуш хIотто лерина яра иза. Цундела Нохч-ГIалгIайн культурин министерство а, къоман театро а, массо а метте дехаршца кехаташ яздина, хенал хьалха эскарера цIавалийра Дагун. Иза воггIушехь театре веара, салтичун барзакъ ца хуьйцуш. Къона режиссер Хакишев Руслан вара «Лийрбоцурш» спектакль хIоттош. Коьртачу турпалхочун васт Омаев Дагуна кхоьллира. Цул хьалха, наггахь хьахор бен вайна кхин вевзаш ца хиллачу Нурадилов Ханпашина чу «са кхоьллира» похIмечу актера. Цунах дозалла дан Iамийра, Ханпашас тIеман арахь гайтина доьналла, майралла, яхь карлаяьккхира.

Иштта, актеран кхиам хиллачех ю Нохч-ГIалгIайн драмин театро оьрсийн гIараваьллачу драматурган А.Островскийн «Бехк боцуш бехкениш» пьеси тIехь хIоттийна, изза цIе йолу спектакль. Хациев Лом-Iелас хIоттийначу оцу спектаклехь Незнамов Григорийн васт кхуллуш вара Дагун. Актер сцени тIехь «вогура» шен турпалхочун лазамна дуьнене орцадохуш. Цкъа мацах, дех-ненах ваьллачу кIентан хаддаза дог Iийжара шен цхьалло буо хилар къинхетамза карладохуш. Цунах беккъа цIена дегабаамех кхехка хIорд хиллера. Доккхачу дуьненахь цхьалха ву Незнамов, даима а доьлхучу дагна гIортор йоцуш. Иштта гойту Дагуна Незнамов Григорий. Хала дара актера кхоьллинчу васте хьажа, ладегIа. Цуьнан хIора дош хьовсархоша дегалазамца, бIаьрхишца тIеоьцура. ПохIма долу актераш бара спектаклехь дакъалоцуш: Идаев Юсуп, Дениев Iаьлви, Хаджиева Неля, Минкаилова Зоя, иштта дуккха а кхиберш а. Цара кхоьллина васташ еххачу ханна хьовсархойн иэсехь даха дисира. Актеран кхиам лара хьакъ долуш ду цо кхоьллина нохчийн къоман турпалхочун Шерипов Асланбекан васт а. Солцаев Мималта, ша, изза цIе йолуш язйинчу пьеси тIехь хIоттийна яра и спектакль. Коьртачу турпалхочун васт кхуллуш вара Дагун. Пьесин автор а, спектаклан режиссер а волчу Солцаев Мималтан лаамца цкъа кIайчаьргахьа, тIаккха цIечаьрагахьа вуьйлуш, бIаьрзе хьийза цуьнан турпалхо.

Делахь а, хьовсархошна-м гуш ду муьлххачу агIор ваьллехь а, турпалхо шен декъазчу халкъаца хилар. Къоман гIайгIанаш ю Шериповн къона дог синтемах даьккхинарш а, дуьненахь цкъа а хилла елахь, бакъо лаха араваьккхинарш а. Говза кхуллу актера Шериповн васт, хьовсархой тешабо шен турпалхочо арабаьккхинчу некъах. Лакхарчу трагедига хьаладуьгу Шериповн валаран сурт. Нохчийн къомана баккъал а боккха бохам хилла массо а хенахь Шерипов Асланбек санна волу къонах дIавалар. Актеран говзалла, похIма тоьа иза бакъволу къонах санна гайта. Нийса хир дацара, вайн турпалхочун дуьххьарлера кхиамаш буьйцучохь, «Бешто» спектакль ца хьахийча. Иза а яра нохчийн литературин бухбиллархочун Бадуев СаьIидан изза цIе йолчу повеста тIехь Солцаев Мималта инсценировка йина.

Юьхьанца чIогIа тамашийна хетара малхбузерчу драматургина йийсарехь волу режиссер Солцаев Мималт «Бешто» повеста тIехь болх беш ву аьлча. Амма коьртачу ролехь Д.Омаев волуш спектакль дIайолаелча, ерриге а шеконаш тIепаза яйра. Кавказан цIеначу, сирлачу, къоьжачу лаьмнех схьаIийдало шовда санна хьаьъначу безаман гимн хилла дIахIоьттира «Бешто» спектакль. Актеран говзалла, похIма дара хьовсархойн дегнашкахь спектакль васхалъяьккхинарг. Юьртахь дика цIе йоккхуш, къонах хиларна везавеллера Бусанина Бешто, хьолана вукъвелла вацахь а. Амма йоьIан дас Хизара цунна ирс лоьхуш ца хиллера. Соьмах хьеннан са дохка а кийча хиллера иза. Ца хуьлчу даьлча, шен ирсана тIаьхьахьаьдда Бусана, везачунна йиллинчу метте кхачале, къинхетамза Iожаллин кара йоьду. Дас аьллачунна тIехь болчу вежарша дIаластийначу шаьлтано къоначу дахарх хадайо ховхачу синхаамаша безамца кийра ботту йоI. Цхьана Бусанина кхетта юьсуш яц и шаьлта. Иза безамах догучу Бештон дагах «кхета», дуьненан марзонах жима стаг хадош, адамашна пе тухуьйтуш, шен цхьаллица иза беркъа вуьтуш. «Бешто» спектаклехь коьртачу турпалхочун васт кхолларо баккъал а халкъана, махкана дукхавезаш актер вира Омаев Дагунах.

Омаев Дагун – кинематографехь

Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 60-чу шерийн чаккхенехь дуьйна СССР-н киностудешкахь яьхначу исбаьхьаллин фильмашкахь дакъалоцуш ву Омаев Дагун. Цо дакъалаьцнарг ерриге а 50 гергга исбахьаллин фильм ю. КIезиг яц царна юкъахь иза коьртачу ролашкахь волушъерш а. Ишттачарах ю «Костры на башнях» фильм. Режиссераша Меркун Роберта, Чеботарев Владимира, Чулюкин Юрийс вайн луларчу ХIирийн махкарчу киностудехь яьккхина яра иза. 1917-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь хиллачу революцина хастам беш яра. Делахь а, вайна иза хьоме ю дукхавезачу актера Омаев Дагуна вайнехан турпалхочун васт кхолларна.

wnjk750

Режиссераша Чулюкин Юрийс а, Дзбоев Батарбека а яьккхина ю Омаев Дагуна, иштта, коьрта роль ловзийна «Жизнь, ставшая легендой» исбаьхьаллин фильм а. Дзарахохов Хаджи-Муратан васт дара актера оцу фильмехь кхоьллинарг. Хаджи-Мурат хIири ву. Хьаналчу къинхьегамца напха лаха араволий, доккхачу дуьненан массо а маьIIе кхочу иза. Амма хьоладайшна юкъахь нийсо, къинхетам, адамалла, комаьршалла йолчу меттиге ца кхочуш, эххар а, цунах жигара революционер хуьлу. «Мосфильм», «Ленфильм», «Узбекфильм», иштта дуккха а кхийолчу киностудешкахь яьхначу фильмашкахь дакъалаьцна Омаев Дагуна. Делахь а, вайна массарал хьоме ю цо нохчех лаьцна дуьйцуш йолу фильмаш. Боккха кхаъ хилира вайна «Горская новелла» фильм юкъаяьлча.

ХIинца а цуьнга хьежа кIорда ца до, фильм уьттаза гинехь а, дукхах йолу репликаш вайна дагахь хаахь а. Башхачу актерийн тамехь ловзар ду фильм вайна хазйинарг. Массо а воккхаве цуьнан кхиамех. ГIараваьллачу гIалгIайн поэта Чахкиев СаьIида язйинчу сценари тIехь режиссераша Бурнацев Измаила, Татаев Илеса хIоттийна яра «Горская новелла». Вайна массарна Iаламат дукхабеза актераш бара фильмехь дакъалоцуш: Дениев Iаьлви, Алиева Тамара, Давлетмирзаев МутIелип, Яндиева Тамара, иштта дуккха а кхиберш а. Лакхахь цIе яьккхина актераш Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театрехь болх беш хиллехь а, кхечу республикашкара кхайкхина балийна актераш а бара шайн корматаллица фильм хазъеш. Уьш бара: Балаев Расим, Икаева Берта, Сланов Коста, Тулаев Муслим, кхиберш.

Делахь а, вайна массарал гергара хетара Дагуна васт кхоьллина турпалхо. Бакъволчу нохчийн къонахчун васт дара актера кхоьллинарг. Цо Iамавора къоман гIиллакх-оьздангалла лардан, тешаме, къинхетаме, догцIена хила. Нийса хир дацара кинематографехь цо баьхна кхиамаш буьйцучохь «Когда отзовется эхо» фильм ца хьахийча. Режиссераша Хамраев Искандера, Татаев Илеса сценари язйина яьккхина яра иза. Фильман коьртачу турпалхочун Бадалов Iумаран роль Омаев Дагунах тешийнера. Дерриге а нохчийн халкъана лазаме хилла, хIинца а хорамаш беш, къаьхьа шад легашкахь латтош йолу киртигаш ю фильмехь карлаяьхнарш а, йийцаре йинарш а. ЦIечу Эскаро фашизмана дуьхьал латтийначу луьрачу къийсамехь жигара дакъалаьцна бIаьхо-толамхо ву, тIом чекхбаьлла, цIавогIуш. ТIом дика барна елла орденаш, мидалш ю бIаьхочун, некхау серладохуш, маьлхан зIаьнарех лепаш.

Гуш ду бIаьхо гIелвелла хилар а, винчу юьрта кхача иза сиха хилар а. БIаьхо-толамхо хьоьжу къоьжачу Кавказан лаьмнийн когашкахь, къора тоьхча санна, еса Iохкучу ярташка. Иза хьалхахьа дIагIерта сихха винчу юьрта дIакхача лууш. Эххар а, дIакхочу. ХIара ваьхначу кертахь цхьа а вац. Мацалла делла Iуьллуш жIаьла ду, цхьамма аракхоьссина, уьйтIахь деса лаьтташ ага ду. БIаьхо соцунгIа хуьлу, дуьне орцахдаллал гIайгIа гулло цуьнан юьхьа тIехь, бIаьргаш тIунло. Хьал девзачу хьовсархошна лан Iаламат хала сурт ду схьагушдерг. Фильман композитора Кальварский Анатолийс балийначу мукъамо искусствон тIеIаткъаман ницкъ кхин а чIагIбеш даздо гушдерг. Хьовсархошна-м хаьа Бадалов Iумар а, и санна яхь йолу кхин къонахий а, тIеман арахь лаьтташехь декъаза нохчийн халкъ Сталинан хьадалчаша махках даьккхиний. Д.Омаевс говза гойту и лазам. Цуьнан турпалхочунна, доьналла карадо тIехIоьттинарг лан. Нуьцкъала амал, синъондалла ю актера говза васт кхоьллинчу турпалхочуьнгахь.

Иштта Iамайо цо шен цхьаъ бен йоцу йоI Лайлаъ. Хьовсархошка дикане, къинхетаме, адамалле кхойкху актеро «Когда отзовется эхо» фильмехь а, кхийолчу шен фильмашкахь а. Цуьнан дерриге а дахар ду сцени тIехь, экрана тIехь вайн догъэца лууш, нохчийн къоман кхане сирла, екхна хила лууш дIадоьдуш. Дагунан турпалхоша Iамадо вай Даймохк беза, да-нана лара, къоман гIиллакх, хIайкал санна лардан, безамна тешаме хила. Цунах шеко хир яц режисера Хакишев Руслана, испанхойн поэтан Гарсия Лоркин драми тIехь хIоттийначу «ЦIий Iанийна ловзар» спектаклехь Омаев Дагун гиначун. Леонардо ву иза оцу спектаклехь. Цкъа мацах, цхьа йоI езаелла, делахь а, цуьнца кхоллам бозар ца нисделла, Леонардо кхин нускал далийна ву. Доьзалехь кIант ву. Амма нускална хаьа хIусамден синтем байна хилар а, буьйсанна наб йоцуш цо доху даккхий синош а ша бахьанехь цахилар а. Леонардон уггаре а ховха ойланаш хIинца а, цкъа мацах, езначух хьерчаш, цуьнга кхойкхуш ю. Эххар а, хабар кхочу иза маре йоьдуш хилар хоуьйтуш. Ткъес санна, хьалалета Леонардон бIаьргаш. Актера дош алале вай кхета цуьнан турпалхочун кийрахь безаман цIе летта хиларх. Леонардон хIусамнана кхерало хила тарлучух. Сцени тIехь йохучу дуьххьарлерчу гIулчашца гойту Д.Омаевс шен турпалхо къонах хилар.

Ткъа къонахаша, дуьненан муьлххачу маьIIехь белахь а, шайн безам тесна ца буьту. Ловзаргара ядайо Леонардос шена езаш йолу йоI. Цуьнца ваха ирс ца хилахь а, цо дIахоуьйту безаме кхочуш цхьа а синхаам цахилар. Цунах хьоьгуш хене вуьйлучул а, бакъволу къонах Iожалла тIеэца кийча хилар а. Даима санна, къонахчун амал яра Дагуна оцу спектаклехь гайтинарг. Леонардос динарг нийса делахь а, дацахь а, Нохчийн актера ша васт кхолларехь бакъвора турпалхо. Цуьнан хIора спектаклехь а аьтто болура хьовсархойн ойла йийсаре лаца, уьш шен турпалхойх тешо. Иштта актер ву Омаев Дагун. 2017-чу шеран хIутосург беттан 5-чу дийнахь 75 шо кхаьчнехь а, къоначу дагца, сирлачу ойланашца керлачу анайисте кховда даима а кийча а ву иза.

Актеран тахане

Замано шераш идадахь а, Омаев Дагун тахана а СССР-н Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу театрехь болх беш ву. БIе сов роль ловзийна цо театран сцени тIехь. Вай хьахийнарш царах уьтталгIа дакъа а дац. Цхьана газетан майда тоьар яц уьш ерриге а ягаръян. Нохчийн къоман театр цуьнан шолгIа цIа хилла дIахIоьттина. Иза вайн дуьхьа вехаш, къахьоьгуш ву. Д.Омаевн кхолларалла евзачарна цкъа а йицлойла дац цо говза васташ кхоьллина «ПетIамат», «Яхь йолу кIентий», «Драматическая песня», «Юность отцов», «Оптимистическая трагедия», «Энергичные люди», «Дуьне духучу хенахь», «Дела воцург накъост воцуш», «БIешерийн боданера», «Дай баьхна латта», иштта дуккха а кхийолу спектаклаш. Нохчийн къоман театран искусствехь мах боцу беркат хилла дIахIоьттина цуьнан кхолларалла. Вайн Республикин бахархоша цIеначу даггара дозалла дечех цхьаъ ву Россин Федерацин хьакъволу артист, Веза-Воккхачу Дала къеггина похIма делла хьуьнаре актер Омаев Дагун. ХIинца а къоман сцена дIатаса дагахь иза цахилар, вайна массарна боккха кхаъ а бу аьлла хета суна. Шен сирлачу кхоллараллица вайн дегнаш хьоьстуш бIе кхузткъе кхойтта шарахь вехийла вайна массарна а дукхавеза театран а, кинон а актер Омаев Дагун!

ГАЗИЕВА Аза

№37, пIераска, хIутосург (май) беттан 12-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: