Чекхбаьллачу беттан тIаьххьарчу деношкахь дIадолийна вай долчохь шекаран буракаш чуерзор. Дийнна агропромышленни комплексах дерг аьлча, хьалха лаьтта ялх эзар гектарал сов йолчу майданашкахь и белхаш дIабахьар. Лакхара ду латталелорхоша шайна хьалха хIиттош долу декхарш а.
Дуьйцийла яц, берриге а ницкъаш тIебахийта дезар ду керлачу дозанашка кхачархьама. Девзаш ду цуьнан бахьанаш а: дIаяханчу аьхка а Iаламат чолхе хилира Iаламан хьелаш. Берриге а муьрехь лаьттинчу йокъано меттиг ца йитира мерзачу орамийн хьекъар мелла а лакхара хилийта йолчу дегайовхонна. Иза къаьсттина хьакхало хиш дахка таро йоцчу бахамех. Пачхьалкхан бахамашлахь коьрта дакъа царна а кхочу. Говзанчаша чIагIдарехь, и бахьанехь хаъал лахделла буракийн хьекъар, делахь-хIета хила лууш болу юкъара барам а хир бац хьалха хIоттийначу декхарна жоп луш.
Иза гойту хьалхарчу гайтамаша а. Мерзачу орамех паргIатъяьккхинчу 170 гектар гергга йолчу майданех (ткъа пачхьалкхан бахамашна кхочург 2957 гектар ю) хIора гектара тIера гулйинарг 148,3 центнер бен яц. ТIаьххьарчу хаамашца, гектарана леринчу хьесапехь республикин юьртан бахаман министерствона чубогIучу бахамашна юкъахь уггаре а алсам шекаран аьргалла чуоьцу «Ачхой-Мартановский» бахамехь – 27 гектарах хIоранна тIера 221,9 центнер. Кхин цхьаъ ду аьлла хета билгалдаккха хьакъ долуш: стохка шоззачул кIезиг яра цигахь буракашна къастийна майданаш, 140,6 центнере кхочуш бен хьекъар дацара. Тидам тIебахийта, шайгахь долчу хьолан лулахошка кIорггера хьесапаш дайта хьакъ долуш бакъдерш ду уьш.
Хьалхарчу шерашкахь а санна, шайна хьалха хIоттийначу Iалашоне кхочур бу аьлла хета Грозненски районерчу «Советская Россия» бахаман латталелорхой а. Хиш дахка мелла а алсам таронаш хиларна мел чолхечу хьелашкахь а юьртабахаман культурийн хьекъар лакхадаккха ницкъ кхочу церан, шайн лулахошца дуьстича.
Хьалхарчу хаамийн хьесапаш деш, тидамза ца дуьсу, дIадаханчу шарца дуьстича, хIокху аьхка буракаш кхиош хиллачу пачхьалкхан бахамийн барам лахбелла хилар. Мелла а тамашийна хета, шайн ведомствос дIадуьйчу хIуьнца, минеральни удобренешца юьззина кхачоеш хиллашехь, ишттаниг тардалийтар. Кху шарахь шекаран аьргалла ца кхиош Iийна ТIехьа-Мартан, Гуьмсан районашкара кхоккха бахам (стохка хиллачуьнца дуьстича), Грозненски, Хьалха-Мартан районашкахь кху шарахь буракаш кхиор шайна тIе ца лаьцна биъ-биъ бахамо. Соьлжан районехь оцу гIуллакхна юкъарабаьлла ши бахам. Гуьмсан йоцчу кхечу районашкахь, хаъал лахъелла уьш кхиорна къастийна майданаш а. Уьш цхьа эзар гектар гергга кIезиг ю, дIадаханчу шарца дуьстича.
Оццу хенахь шоззачул алсамбевлла кху шарахь буракаш кхиийна болу кхечу хорманийн бахамаш: стохка хиллачу цхьайттаннан меттана церан барам 25-га а кхочуш. Ма-дарра аьлча, оцу бахамийн гайтамийн чоьтах кхоллало республикин юкъара гайтам а – хIора гектаран цIарах 204,2 центнер. Цара дечу гIуллакхаша, церан тIаьхьенаша гойту вайн республикехь юьртан бахаман хиндерг бахамлелоран керлачу хорманашкахь хилар. Лаьтто лоьху шеца хьакъ йоллу юкъаметтигаш хилар. Цуьнга хьаьжжина схьало цо шен беркат.
Аьлларг чIагIдо дуьххьалдIа хIокху цхьана бакъдолчо а. ТIаьххьарчу шерашкахь 500 центнерал кIезиг орамаш ца гулдо гектарана леринчу хьесапехь фермерийн «Лаура» бахамехь. Стохка юкъара гайтам 525 центнерал алсам бара цигахь. Изза дозанаш дIа ца хоьцу хIокху деношкахь а – 30 гектарах хIоранна тIера чуоьцу 525 центнер шекаран аьргалла. Бухайисинчу 25 гектара тIехь долчу хьоло гойту, и терахь кхин лах ца долуьйтуш, арара белхаш чекхбаха фермеран таро хирг хилар.
Оцу терахьийн ойла еш, ша-шаха дагатосу цхьана хенахь юьртан бахамехь иштта хилам хилча деш хилларг. Шен гайтамаш хаддаза лакхара хиларца билгалбаьллачу бахаман буха тIехь хIетахь вовшахтухура хьалхелелочу зеделлачун школа. Лулахошна а, кхечу районашкара богIучарна а йовзуьйтура белхан хьалхелело кепаш, кхиаме кхачаран некъаш. ТIаьхье йоцуш ца дуьсура оцу кепара дIахIоттийна гIуллакх. Ишттачу фермеран (ткъа уьш латталелоран, даьхнилелоран, кхечу дакъошкахь а кIезиг бац юьртан бахамехь) белхан кепаш Iамор тахана а юкъадало дезара, аьлла хетало, вайн лаьтта тIехь долчу хьоле ладоьгIча. Пайда хилахь бен зиэн хир дацара цунах.
Лаьттаца йолчу юкъаметтигашкахь бахамлелоран керла хорманаш гIолехь хилар гойтуш долу масалш кхин а шортта ду республикехь. Цунна тоьшалла ду, масала, доза тоьхначу жоьпаллин «Агроресурс» юкъараллин гIуллакхаш. Цкъа делахь, дIадаханчу шарца дуьстича, кхузза гергга алсамъяьхна цигахь буракашна къастийна майданаш (200 гектаре кхаччалц). ШолгIа делахь, тахана хIора гектара тIера 264,8 центнер мерза орамаш чуоьцу. Изза ала мегар ду хIора гектарана долчу хьесапашца 243 центнер шекаран аьргалла чуоьцуш болчу бахамах а.
Шайн майданашкара гектарана леринчу хьесапехь 300 центнерал лахара йоцуш буракаш гуллург хиларх шеко йолуш вац «Жорда» юкъараллин куьйгалхо Умаров Хьасан а, фермер Гайтукаев Леча а. РегIаца Iохкуш ду цу шингахь долу лаьттан дакъош. Хиш дахка аьтто болуш дац. Цундела коьртаниг лору латталелорхоша ораматаш юьйш-лелоран технологи дIаса ца таьIIаш кхочушъяр, агротехника ларъяр, минеральни удобренешца кхачояр. Аьлча а, кхета лаьтта тIехь деш дерг даггара дан дезаш хиларх, шен зовкх цунах доьзна хиларх.
Делан къинхетамца, иштта ойла йолуш болчеран могIарш хаддаза стамлуш лаьтта республикехь. Цо дегайовхо кхуллу вайн юьртан бахаман хиндерг тIаьхье беркате йолуш хирг хиларх.
3-чу сентябрана болчу хаамашца Нохчийчоьнан агропромышленни комплексехь 455 гектара тIера чудерзийна мерза орамаш. Гулйина 9289 тонна аьргалла – хIора гектарана леринчу хьесапехь 204,2 центнер.
Л.АБУБАКАРОВ