ДIадолийна «Машук–2017» форуман дакъалацархой дIаязбар а, волонтераш лахар а.
Форуман дакъалацархой дIаязбар мангалан (июль) беттан 1-ра де тIекхаччалц дIахьур ду.
Дакъалацархой дIаязбарца цхьаьна дIаболийна волонтераш лахаран болх а. Берриге а волонтераш форум дIайолаялале Iамор бу. Волонтераш хила луучара машукфорум.рф сайта тIехь хаам бан беза.
Билгалдаккха догIу хIокху шарахь оцу форумехь 2 000 сов дакъалацархочо а, 150 волонтера а дакъалоцург хилар.
Карарчу баттахь Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу ерриге а субъекташкахь дIахьур ю «предмашукаш». Церан гурашкахь Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон (Росмолодежь) а, форуман дешаран программин тренерша а гIо дийр ду кегийрхойн проектийн авторшна.
Хьаьттан (август) беттан 5–19-чуй деношкахь шина сменехь дIахьур ю «Машук–2017» форум (Ставрополан край, Пятигорск, Комсомолийн аре).
I-ра смена – «Меттиг кхиар: субъектан экологи» (хьаьттан (август) беттан 5–12-чуй деношкахь):
– Проект. Команда;
– Карьера. Кхолларалла;
– Iилма. Бизнес.
II-гIа смена – «Меттиг кхиар: юкъараллин экологи» (хьаьттан (август) беттан 12–19-чуй деношкахь):
– Лидерство. Юкъаралла;
– Хаам. Кхерамазалла;
– Спорт. Патриотизм.
ХIинццехь де машукфорум.рф сайта тIехь дехар!
№38, шинара, хIутосург (май) беттан 16-гIа де, 2017 шо