«Кхерам боцу болам»

Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос «Кхерам боцу болам» цIе йолчу экспертийн туьшаца цхьаьна ведомствошна юкъара кхеташо дIаяьхьира министерствон конференц-залехь.

Кхерам боцуш болам

Дуьненаюкъара «Кхерам боцуш машенаш хахкаран академи» проект кхочушъяран гIуллакхаш дийцаре дира цигахь.

Проектан коьрта Iалашо ю ерриге а Россерчу бахархошна некъийн кхерамазаллин бакъенаш шуьйра йовзийтар.

Кхеташонехь дакъалецира республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Ибрагимов Iийсас, Россин ГУОБДД-н пропагандин отделенин хьаькама, полицин подполковника Белан Антона, «Кхерам боцу болам» экспертийн туьшан коьртачу директоран заместитела Ревский Александра, туьшан проектийн куьйгалхочо Куцурова Олесяс, Нохчийчоьнан Дешаран а, Iилманан а министран заместитела Усманов Ахьмада, Могашалла Iалашъяран министран заместитела Бичуев Лечас, республикин Транспортан а, зIенан а министерствон Транспортан отделан хьаькама Махмудов Вахита, иштта бакъонаш ларъяран органийн а, нуьцкъаллин структурийн а векалша.

Некъан культура йовзаро а, ларъяро а доккха маьIна леладо вайн дахарехь, хIунда аьлча машенийн барам чIогIа алсамбаьлла, цуьнца цхьаьна кхерам а. Уггаре а кхераме ву селхана-тахана машенна хьалха хиънарг (цунна бакъенаш йовзахь а, машенах «волаза» хуьлу). Цунах дика кхета «Кхерам боцу болам» цIе йолчу экспертийн туьшан куьйгалхой. Цара вовшахтоьхнарг Iаламат мехала проект ю, некъаш тIехь кхерамазалла лакхайоккхуш. Оцу проектан презентаци йира Куцурова Олесяс.

– Вайх хIораммо а некъан бакъенаш ларъяхьара, оццул дукха бохамаш хир бацара. Вай кхето беза водителаш некъан къепе ларъян езаш хиларх, цигахь-м цхьана стагана хилла ма ца Iа бохам. Цхьана стага къепе ларцаяр бахьана долуш, бехк боцуш дуккха а нах дахарх бовлу. Маларш мийлина я корта бахочу кхечу хIуманех пайдаэцначул тIаьхьа машен хахка мегарг цахиларх нах кхето а беза вай, уггаре а хьалха. Бакъду, Нохчийчохь и тайпа хиламаш (мелла а болуш машенаш хоьхкурш) кIезиг хуьлу. Делахь а, некъан бохамаш алссам хуьлу хIокху регионехь. Цундела, кхузарчу бахархошна некъан боламан бакъенаш йовзуьйтуш, тхаьш кечйина проект кхочушъян дагахь ду тхо. Оцу проектана юкъадогIу: машена чохь бер муха дIасадига мега (берийн цIийнера бер цIа дуьгуш муха лардан деза а), гIашлочун бакъенаш, машен мичахь сиха хахка мега я ца мега, социйлаш йолчохь бен машена чуьра охьавосса ца мегаш хилар, кхин дуккха а ду, уьш – элира цо.

Планаца нийса а догIуш, хIокху шарахь и гIуллакх Соьлжа-ГIалахь, Сочехь, Казанехь дIадахьа лерина бу проектан куьйгалхой.

Ревский Александра шен къамел дIадолош баркалла элира шаьш Нохчийчохь иштта дика тIеэцарна.

– Iаламат хаза ду нохчийн махкахь. Хаза меттигаш, дика некъаш ду. Оха кхуза схьакхаьчначу дийнахь экскурси а йира, тхо дика тIе а ийцира. ЧIогIа машаре а, догцIена а бу кхузара бахархой. Баркалла шуна массарна а. Муьлххачу меттехь санна Нохчийчохь а нислуш хир ю некъан къепе талхош меттигаш. Оха арабаьккхина некъ юкъараллина Iаламат оьшуш бу. Стаг, ша бахьана долуш цхьанна а зен ца хилийта, ларвала Iамаво оха. Ткъа оцу юкъа догIуш Iаламат дукха хIуманаш ду. Къона болуш дуьйна кхетамчу дилла деза, машена тIехь муха «лела» веза, тIаккха вайга хьал жимма хийцалур ду аьлла хета суна, – элира цо.

Дуккха а дийцира гулбеллачара Россерчу хьешаша еанчу проектах лаьцна. Кхеташо ерзош Нохчийчоьнан векалша проектана мел оьшучунна тIехь шаьш гIо дан кийча хилар хаийтира.

Хь.БАХТАЕВА

№38, шинара, хIутосург (май) беттан 16-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: